доллар    57.47 $
евро 67.53 €
17 октября, 19:50
Погода в Грозном +12 в Грозном

САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАД (1900 – 1958)

1 апреля в 18:09 (2014 г.)
На фото Мохьмад Сальмурзаев На фото Мохьмад Сальмурзаев

Арсанукаев Iабдулла

Сальмурзаев Мохьмад нохчийн дуьххьарлерчу прозаикех ву. Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Цуьнан «Кхетаме Хьамид» цIе йолу дийцар вайнехан литературехь хьалхарчу дийцарех ду.

Нохчийн прозаик Сальмурзаев Мохьмад вина 1900 шарахь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Йоккхачу-АтагIахь ахархочун Сальмарзин доьзалехь. Шен хенахь кхиберш а санна, хьуьжаре деша вахна Мохьмад, амма иза чекх ца яьккхина.

Сальмурзаев Мохьмада андаваьлча оьрсийн мотт а, йоза а Iамийна. Цул тIаьхьа хьехархойн курсаш чекх а яьхна, цхьана муьрехь ярташкахь а, тIаккха Cоьлжа-ГIалахь а хьехархочун болх бина. Хьехархочун балхаца цхьаьна «Серло» издательствехь гочдархо а хилла иза. Школан дахар а, хьехархочун болх а бевзаш волу Сальмурзаев Мохьмад Нохчийн областан халкъан дешаран отделан инспекторан балха хIоттийна. Нохчийн йоза хийцало мур хилла иза. Сальмурзаев Мохьмада дакъалаьцна керла алфавит хIоттош. Iаьр-бин йозанан буха тIехь йолчу меттана латинийн элпийн буха тIехь йолу алфавит хIоттий-на нохчийн йозанна. Оцу хьокъехь Саламов Iабдул-Хьамида шен цхьана статья тIехь яздо: «Партин Оргбюрон сацамца кечдира латинийн элпийн буха тIехь нохчийн керла йоза. И кечам беш коьрта дакъалаьцнарг Мохьмад Сальмурзаев вара. 1925-чу шеран гурахь дуьйна «Серлонан» агIонаш тIехь гучудаьккхира керла йоза. Сов мехала бара и йоза халкъана довзуйтуш, хаздеш газето бина болх. Керла йоза сов безамца тIеийцира кегийрхоша».

1928-1930 шерашкахь «Серло» издательствон отделан куьйгалхочун болх бина Сальмурзаев Мохьмада.

Халкъан барта кхолларалла гулъеш, дIаязъеш, барта произведенеш зорбане кечъеш гIуллакх а дина Сальмурзаев Мохьмада. Цо кеч а йина, арахецна халкъан барта произве-денинй книгаш: «Берийн туьранаш» – 1928 шарахь, «Нохчийн ира дийцарш» –1930 ша-рахь, «Берийн туьйранаш, хабарш» – 1930 шарахь. Шен исбаьхьаллин произведенешкахь а говза пайдаэцна яздархочо халкъан барта кхоллараллех. Иза билгалдолу цуьнан произве-денийн маттаца а, персонажийн амалш гайтаран башхаллашкахь а.

Шена тIе тидам бохуьйтуш ю “Нохчийн ира дийцарш” цIе йол книга. Цу тIехь ша-тайпа забаре а, сатирически а дийцарш ду. Адамашна юкъахь барта лелаш хилла бегаше, забаре хабарш ду оцу дийцарийн бухе дехкинарш, амма яздархочо церан юкъараллин маьIна шордеш болх бина царна тIехь. «Пайдехьа дерг кхетамана схьалаца дика ду, пайдехьа доцург и санначух ларвала дика ду», – боху автора шен дийцаршна хьалха яздин-чу довзийтар тIехь. Изза Iалашо кхочушъеш ду и дерриг а дийцарш. Стеган ира хьекъал, меттахь дош ала хаар гойтуш ду книги тIехь Дубин-эвлахошкара ду аьлла далийна ха-барш. Самукъане хилар, муьлххачу хьоле нисвелча а воха цавезар гойту катархойн Мазех лаьцна долчу дийцарша. Сутаралла, саьхьаралла, тIаламазалла, сихалла, цаьрга терра кхи-болу а адамийн амалшкахь нислу эшамаш Iорабоху «Говр йицъяр», «Наб ца кхета», «Вор-данна гонаха керт», «Новкъахь йоьжна», «Дена аьлча хи чу иккхина» цIерш йолчу а, кхи-долчу а дийцарш тIехь. Оцу тайпана кегийра а, даккхийра а 56 дийцар, я яздархочо ша ма-баххара, аларш ду “Нохчийн ира дийцарш” цIе йолчу книги тIехь. Адамийн амалшца нислуш долу кегий сакхташ беламе дохуш, царна дуьхьал къисам латтабо яздархочо, гул а дина, шен книги юкъадахийтинчу дийцаршца. Кхин а масех книга арахецна Сальмурзаевс I930 шарахь.

Сальмурзаев Мохьмада дахар къомн йоза-дешар, литература кхиорца дозаделла хилла. Нохчийн школашна дуьххьара дешаран книгаш хIиттош а, учебникаш язъеш а дакъалаьцна цо. Масех дешаран книгийн автор ву иза.

Яздархочу Сальмурзаев Мохьмадан цIе нохчийн литературехь прозин жанр йолалучу юьххьехь лаьтташ ю. Шен дуьххьарлера исбаьхьаллин произведенеш 20-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь язйина цо. I923 шарахь яздина лоруш ду Сальмурзаев Мохьмадан шен “Кхетаме Хьамид” цIе йолу дуьххьарлера дийцар. Иза нохчийн литературехь а дуьххьарлера дийцар ду. Цу тайпана, Сальмурзаев Мохьмад нохчийн литературехь дийцаран жанр йолорхо ву. “Кхетаме Хьамид” цIе йолчу дийцар тIехь гайтина нохчийн къехочун доьзалан дахарх цхьа кIезиг мур. Ярташкахь школаш яхка йолийна хан ю Сальмурзаевс йийцинарг. Дахарехь хуьлуш болчу хийцамашца адамийн ойла хийцалуш хилар гойту яздархочо.

Дийцаран турпалхо Къайма керлачу интеллегенцин векал ву. Иза, шен кIорггера кхетам болуш, дешаран серло халкъа юкъа яржо лууш ву. Ша юьрта балха веъчхьана, школехь дешархой кхетош-кхиорал совнаха, юьртарчу кегирхойн даг тIе боьду некъ лоху Къаймас, цундела цаьрца уьйр таса, уьш бовза лаьа цунна. Къаймина дика хаьа адамийн психологи хийцаялар сиха кхочушхуьлуш гIуллакх доцийла, цо паргIат, амма хаддаза дIахьо къехой кхеторан болх. Дийцар тIехь Къаймин васт кхолларан шен башхаллаш ю. Яздархочо ца гойту вайна шен турпалхочо еш йолу ойланаш, башха дукха ца бийцина цуьнан болх а, амма къеггина схьагайтина Къаймин белхан жамIаш. Уьш, яздархочо ша схьадийцина доцуш, дийцаран кхечу персонажашкахула билгалдовлу вайна. Юьртара дукхахдолу бераш школехь доьшуш хилар го. Дешархоша Къаймас хьоьхушдерг дика Iамадар а, царна иза везаш хилар а билгалдолу Хьамидан дешар а, цуьнан лелар а тергал дича. Къехойн Къаймега йолу дог-ойла ма-ярра гучуйолу хьалха цуьнга шовкъ йоцуш хилла волу Мурда хIинца цунна чIогIа резахиларца.

Шен произведени тIехь Сальмурзаев Мохьмада исбаьхьаллин гIирсашца гайтина 20-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь дахарехь хуьлуш болчу хийцамаша адамаш керлачу ойлане дерзош хилар.

“Кхетаме Хьамид” ю дийцаран цIе. Дийцаран коьртачу турпалхойх цхьаъ ву Хьамид. Яздархо теша Нохчийчоьнан хиндерг шайх дозаделла болу кегийрхой нийса кхетам а, сирла ойла а йолуш, бакъ новкъа дIагIург хиларх. Оцу дегайовхонца яздина автора шен дийцар, изза ойла кховдайо цо и доьшуш волчуьнга а.

Цхьана кхечу дийцар т\ехь а кегийрхойн васташ кхоьллина яздархочо. Хьарамчу некъаца гулдинчу хьоло стаг талхош хилар къеггина гойтуш ду Болатан васт. Жима стаг Болат хьалдолчу нехан ву. Даьхни алсамдаларо даг куралла тесна цунна. Кхиболу нах шел кIезиг хета цунна, царах ца веша иза. Шега муьлхха йоI йогIург хиларг тешна ву Болат, хIунда аьлча шен шортта хьал ду, тIаккха мульххачу а йоIана ша везалур ву бохург ду цуьнан дагахь. Шена езачу йоIе Самарте къамел деш а, шен хьал ду, цундела, хьуна ян ца лаахь а, ницкъ кхочур бу шен хьо яло, боху Болата. Амма ницкъ ца кхечира: Самарт шен безам хьолах бухкур болуш а, я нахе ловзабойтур болуш а яцара.

Ражап вацара Болатах тера. Иза къинхьегаман стаг ву, цуьнан цIена дог а, сирла ойла а ю. Ражапана Самарт еза. Оьзда а, хьанал а бу цьунан безам. Самартана Ражап а веза.

Цу шинна юккъе гезган маша бузуш ву Муса.

Болата Мусина кхаъ лур бу аьлла, цо шена Самарт ялаяхь. Цундела воьду иза, шеца нах а оьций, Болатана Самарт еха. Иза хиинчу Ражапа хабар дахьийтира Самарте: «… хьан дас Мусина дехар даларх, Болатан хьал ду аьлла, хьан нана реза хиларх, хьо ца яхийтал стогалла ю соьгахь, хьо реза хилла гIахь, собар далла яхь а ю соьгахь – юьртан тхьамданаша тIедеанчу гIуллакхана хIун ойла ю хьан», – аьлла. Ражапан къонахчун дог а, къинхетамен ойла а билгалйоккхуш ду и дешнаш. Шен безам, шена езаш йолу йоI ларъеш муьлххачу а къийсаме вала кийча ву иза, амма Самартана кхечухьа маре яха лаахь, цунна дуьхьал ца волу Ражап. Иза, хьангга йодахь а, ирс а долуш ехийла лаьа цунна.

Самарт а яцара шен безамца шалхе йолуш. Жимчохь дуьйна Ражапе бахана бовха безам леррина Iалашбора цо. «Дохнаца куралла ечу кIанте ца яххал яхь а ю, жимчохь дуьнйа вайша вовшашка хьажийна бIаьрг ца бицбалла стогалла а ю, амма хьох бIо булуш ас динчунна ахь со юхьIаьржа ма хIоттае», – аьлла, жоп а делла, Ражапан шеконаш дIаехира Самарта.

Оьздачу йоьIан безам бухкуш-оьцуш бац, шен даго хьаржинарг веза Самартана. Декъазчу кхолламана кIел а сецна, йоIстеган сий дожор долуш яц иза.

Шайн оьздангалла, безам, сий лардеш шайн цIена къона дахар дIаделира кегийрхоша Ражапа а, Самарта а.

Сальмурзаевн дийцар тIехь шеко йоццуш гучубовлу авторан озабезамаш. Яздархочо Iаьржа басарш ца кхоадо Мусин а, Батин а, хьолахочун Болатан а, цаьрга терра кхибол-черан а васташ кхуллуш: церан сибат-амат гайтарца, гIиллакхаш, амалш йовзийтарца, шайн Iер-дахарехь уьш бийцарца го вайна авторан цаьрга шовкъ цахилар. Дийцар шен хиламашкахь кIарг мел дели а авторан цаьрга болу цабезам алсамболуш хаало. Сирлачу ойланца дехкина автора Ражапан, Самартан васташ. Ерриг шен дегайовхо, безам царна дIабелла автора.

Исбаьхьаллица яздина дийцар. ХIор васт шен къастамаш болуш ду, турпалхойн амалш церан социальни хьелашка хьаьжжина ю.

Дийцаран исбаьхьаллин хорманехь халкъан барта произведенийн тIеIаткъамаш гучубовлу.

Ритм йолу прозехь яздина Сальмурзаев Мохьмада шен дийцар. Цхьацца йолчу меттигашкахь стихотворенин хорманна къаьсттана герга гIерта иза. ЦIенчу, шерачу маттаца яздина долу дийцар шен чулацамехь а, сюжет дIахIотторехь а чолхенаш йоцуш, кхета атта а, дагчу дуьжуш а ду.

Сльмурзаев Мохьмадан произведенеш шен заманан лехамашца язйина яра, цу заманан идеологи ю церан чулацамехь, амма уьш мехала яран къоман литературехь дийцаран жанр кхоллаяларехь, иза шар а елла дIаяхарехь.

1930-чу шерашкахь, сталински харцо лаьттинчу муьрехь, бехк боцуш чохь валлийна Сальмурзаев Мохьмад, амма бехке ван хIума а ца карийна аравалийтина. 1944 – 1958 шерашкахь дерриг нохчийн халкъаца махкахваьккхича, Къилба-Казахстанан областехь гIишлошъяран организацешкахь белхаш бина Сальмурзаев Мохьмада.

Даймахка цIаверза дукха сатийсина хилла яздархо Сальмурзаев Мохьмад, аьтто а баьлла, цIа ван кечвеллачу меттехь кхелхина 1958 шеран 17 апрелехь Къилба-Казахстанан областерчу Белоусовка юьртахь.

Сальмурзаев Мохьмад къоман литературехь дуьххьара прозехь яздинчарах ву. Нохчийн дийцаран жанр йолорхо ву иза.

САЛЬМУРЗАЕВ МОХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

Берийн туьйранаш. Соьлжа-ГIала, 1928.
Берийн ловзарш. Соьлжа-ГIала, 1930
Кхетаме Хьамид. Соьлжа-ГIала, 1930.
Нохчийн ира дийцарш. Соьлжа-ГIала, 1930.
Берийн туьйранаш, хабарш. Соьлжа-ГIала, 1930.
Берийн ловзарш. Ростов-Дон, 1933.

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет