Тахана вайн къоман доккха деза де ду – вай билгалдоккху Нохчийн меттан де. Иза даздар мехала хилла д1ах1оьттина вайн бахархошна.

Нохчийн мотт дуьненчохь ширачех цхьаъ бу, вайн къоман культуран коьрта дакъа а, дозалла а ду.

Х1ара дезде  кхолладалар доьзна ду вайн дуьххарлерчу Президенто, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас д1абаьхьначу некъах. Иза тешна вара, нагахь вай мотт бицбахь, вайн халкъана цуьнах боккха эшам хир буйла.

Мотт иза къоман юьхь ю, ненан маттахь санна хаза, говза дийцалур дац г1иллакхаш, ламасташ, хасталур бац Даймохк, цуьнан исбаьхьа 1алам.  Цу т1е а  доьг1на,  вайн мотт, и мах боцу бахам,  ларбар 1алашо йолуш, Нохчийн меттан де хила деза аьлла,  шен омарца ч1аг1дина вайн мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Тахана вайн республикехь нохчийн маттахь арадовлуш ду газеташ, журналаш а, телевиденехь  д1ахьош ю нохчийн мотт кхиорехьа  йолу дуккха мехала проекташ, бусулба динах лаьцна передачаш а. «Ненан мотт» аьлла ц1е туьллуш билгалбина нохчийн къомо шен мотт.  Дала и ларбарехь, биц ца барехь, кхиорехь сов дохийла вай.

Ас даггара декъалдо шу, махкахой, кху дезчу денца! Могашалла, ирс-аьтту хуьлийла шун дахарехь.

Абдурахманов Дукхаваха,

Нохчийн  Республикан  Парламентан  Председатель

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2