доллар    56.53 $
евро 63.57 €
24 мая, 03:33
Погода в Грозном +14 в Грозном

Лараме Рамзан Ахматович!

25 апреля в 10:01 (2014 г.)

Сайн ц1арах, иштта Нохчийн Республикан Парламентан депутатийн ц1арах а даггара декъалво хьо Нохчийн меттан дезчу денца. Уггаре къоначех лара мегар долуш доккха дез де ду Нохчийн меттан де. Вайн дуьххьарлерчу Президенто, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжас, шен хеннахь т1е тидам бахийтина, билгалдаьккхира вай нохчийн маттах мелла а хера довлуш хилар, ткъа шен бийца мотт боцу къам, исторехь дайна д1адолуш хилар а. 

Масех шо хьалха хьан омарца ч1аг1дина Нохчийн меттан де вайн къоман дахарехь уггаре дезачех хилла, хъакъ йоллу меттиг д1алаьцна, д1ах1оьттина. Тахана хьан тергонца мелла а кхиамца д1ахьуш бу нохчийн мотт кхиорехьа беш болу болх хаамийн г1ирсаша а, вайн 1илманчаша а. Тхо тешна ду б1ешерашкахь вайн дайша бийцина ненан мотт кхин д1а а ларбеш, хазбеш, цуьнан сий деш и безачаьра, цуьнца гергарло долчара къахьоьгург хиларх.

Юха а даггара декъалво хьо а, хьан доьзал а цу дезчу денца!  Могашалла, ирс-аьтту даима лаьттийла  шун беркатечу  х1усамехь!

Ларамца,

Абдурахманов Дукхаваха, Нохчийн Республикан Парламентан Председатель

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет