Арсанукаев Iабдулла

ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин - Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула цо илли олуш хезча, саца а велла, цуьнга ла ца дугIуш  стаг хир а вуй техьа олий, хетара. Иштта шен иллешца нахана вевзаш а, дукхавезаш а вара иллиалархо Баудди.
Халкъан иллиалархо Сулейманов Баудди вина 1902 шарахь Девлатгирин-Эвлахь ахархочун Салин Сулимин доьзалехь. Бауддин да Сулима а, нана Батти а нахаца йоккха марзо йолуш, наха лоруш а, нахана дукхдезаш а хилла. Шайн комаьршаллица цIеяхна а хилла уьш. Жима волуш ненах ваьлла Бауддин, кIентан ворхI шо кхаьчча кхелхина цуьнан нана. Беран хенахь морзгалийн цамгарх бIаьрсан дайна, гуттаренна са ца гуш висна Баудди.
СулимгIеран хIусамехь адам латтара, дехьа-сехьара хьеший а хуьлура. Царна юкъахь нислора барта шира дийцарш хуурш а, иллеш олурш а. Лерина ладугIура жимчу Бауддис ширчу дийцаршка, халкъан иллешка. Цунна езаелира нохчийн барта кхолларалла. Сулимин хьешаша Iамийра Бауддина дечиг-пондар лакха а, илли ала а. Говза илли олуш вара Галнера Дубин ТIака. Дуьххьара цо Iамийра Бауддина дечиг-пондар тIаьхьара а балош илли ала. Дубин ТIакас  Iамийна Бауддина “Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли”, “Таймин Бийболатан”, “Эвтархойн Ахьмадан”, “Мержойн КIезалган” иллеш ала. Бауддис дог  тIедаххийтина сиха караерзийра илли аларан корматалла. ХIинца иза кхечу ярташка а воьдура иллеш ала. Цунна бевзира Нохчийчохь цIеяххана болу иллиалархой, цара гIо дора къоначу илланчина.
Бауддин илли аларан корматалла кхиарехь къаьсттина доккха гIуллакх дина  гIараваьллачу иллиалархочо ГихтIарчу Уьдин Эдас. Бауддис шен хьехархо лорура иза. Уьдин Эдас ша олуш долу дуккха а иллеш Iамийна Бауддина. Царах дара “Зайтан Шихмирзин”, “Мадин Жаьммарзин”, “Къеначу Дадин”, “ВорхI вешин йишин” иллеш.
Бауддин да Сулима кхелхина 1922 шарахь. Кхера хIусаме Сулимина тIеоьхуш хилла хьеший лахбелира. Делахь а иллиалархочун Сулимин Бауддин цIе Нохчийчохь дIаяхнера. Оцу хенахь дуьйна дIаболабо цо концерташ юкъахь дакъалацаран болх. Нохчийн областан клубашкахь, изба-читальнешкахь концерташ луш хилла цо. 1930 шарахь радиокомитете балха дIаэцна Баудди.     Нохчийн фольклор гулъярхо а, фольлорист  хиллачу Эльмурзаев Сиряждина яздина: «Нохчийн театран, радиокамитетан артисташца Пятигорске а, Ростох а,  Москва а исбаьхьаллин декадашкахь тайп-тайпанарчу совещанешкахь дакъалоцу Бауддис. Москва-гIаларчу радиоцентрехула хезара Бауддис олу иллеш а, локху эшарш а.
Радиокомитетехь а, Нохч-ГIалгIайн хелхарийн, иллийн ансамблехь а балхахь волуш Бауддин доттагIалла тасаделира нохчийн гIараваьлла яздархо  литературан бух дIахIотторхо хиллачу Бадуев СаIидаца а, яздархошца Нажаев Ахьмадца а, Айсханов Шамсуддинца а, композиторца  пондарчица Димаев Iумарца а. Цаьргара исбаьхьаллин произведенеш кхолларан говзалла Iамийра цо. Амма вайнехан яздархоша дош кхоллан говза а, нохчийн мотт кIорггера хууш а волчу Бауддигара а Iамадора шешан кхолларалин балхахь пайдехьа дерш дукка а». Оцу яздархоша гIо дина Бауддина иллеш йозане кепе дерзо а, зорбанехь, радиохь арадаха а.
Баудди, халкъан иллеш аларал совнаха, ша иллеш дохуш а вара. Оцу агIора мехала яра цуьнан яздархошца йолу уьйраш. Цара гIо дора иллиалархочун кхоллараллин корматалла кхиарехь. Шуьйра девзаш ду Бауддис даьхна иллеш. Царах ду Шерипов Асланбекахь даьккхина илли, Ханпашех лаьцна илли. Халкъан иллешкахь а санна, царна тIехь чIагIдо махкана, къомана тешаме хилар. Даймехка дуьхьа шайн дахар дIаделлачийн цIеран йицлуш яц, уьш гуттаренна а юьсу адамийн дегнашкахь. “Лаьмнашха лаьтта уьш даима къегаш”, – боху илланчас.  
Безаман, доттагIаллин уьйраш ю “Мерза маршалла ду массаьргаа”, “Дозанхо”, “Тамарина даьккхина илли”, “КIанта йоIана аьлла илли”, “Геннара бералла”, “Бабин хаза йоI” бохачу иллешкахь.
Нахана къаьсттина дукха дезаш хилла «Дог майрачу Юнусах» лаьцна забаре илли. Цу тIера дакъош даладо вай:

Дечге ваха велир, тов, дог майра Юнус.
Цу хьуьн чу гIорта барзаха ца ваьхьна,
Варшашкахь ша сецна, сема ла ва доьгIна.
Говран пIендарш санна долу и даккхий гараш,
Сихонца лахьийна, вордан тIе доьттина,
Мокхазар берд санна, и ворда къевлина,
Вордан тIе хиъча – охьакхетарна кхоьруш,
Юххе хIоьттича – тIехарцарна кхоьруш,
ТIехьа хIоьттича – барзо вахьарна кхоьруш,
Стеран юьхь лаьцча – маIа Iоттарна кхоьруш,
Хьакхин херси санна, болу и къорза бIаьргаш,
Вордан чIургаш санна, ша цIехьа керчабеш,
Веана цIа кхечир, тов, дог майра Юнус.
………………………………………………….
Ваьлла вахара, тов, цу наьрсийн ва беша,
Цуьнан бIаьрг ма кхийтир цхьана торгIал оьпанах!
Мохь-цIогIа элира цо хIусаман нене:
– Вайн наьрсаш юкъахь  торгIал оьпа шена карий,
Чехка далахь селхана туьйсина жамбалт.
– Настарх лардай, оьпанна тохалахь, – аьлла,
ДIаделир цо чIогIа ирдина жамбалт.
Оьпанах лардина, настарах ва тоьхна,
Ша вала вуьйжир-кха дог майра и Юнус.
Ломахь лоьман ва санна, цIе йолу Юнус,
Гила берзан санна, ка долу ва Юнус,
Ирзешкахь  лелаш кхиъна сира сай санна,
Оьзда кхиъна, там болу дог майра Юнус,
Хьан самукъадаккха нийсарчу мехкарша,
Хьо кхача ма ве ирс дайначу цу метте,
Хьо хIотта ма ве-кх аьтто боцучу тIаме,
Барзал майра дог хьайн кийрахь сецадеш,
Къахета шена хьох, чал дера ва Юнус.
Ва, барзал майра ву, чал дера ву хьо,
Цхьогалал мекар ву, цу лоьмал чехка ву,
Яхь йолу ва кIанат, дог майра и Юнус!
Цу хIордо ловзо цIеркема ва санна,
Дуьне ловзориг хьо веца цхьанделхьа,
Ва хьоьца дика яра ненан хаза йоI.
Сирчу аьттан санна, сий долу ва Юнус,
ЦIечу аьттан санна, цIе йолу Юнус,
Ка хьокхуш йиллинчу шерачу цу цIенкъахь
Ира кIохцал даххал декъаза ва Юнус,
Ва сийна Терк доькъуш,
Хин чами ца кхаччал
Декъаза Юнус,
 
Йоккхачу забарца вийцина илли тIехь Юнус, беламе даьхна цуьнан гIуллакхаш. Юьхьанца Юнусан амалш ма ярра йийцина илли тIехь, стешха хилар гайтина. Дечиг дан вахча: «Цу хьуьн чу гIорта барзаха ца ваьхьна, варшашкахь ша сецна, сема ла ва доьгIна». Дечиг дахьаш цIа ван новкъа ваьлча: «Вордан тIе хиъча – охьакхетарна кхоьруш, юххе хIоьттича – тIехарцарна кхоьруш, тIехьа хIоьттича – барзо вахьарна кхоьруш, стеран юьхь лаьцча – маIа Iоттарна кхоьруш», хала цIа веана дог майра Юнус. Цул тIаьхьа Юнус вуьйцуш, илли тIехь боху: «Ва, барзал майра ву, чал дера ву хьо, Цхьогалал мекар ву, цу лоьмал чехка ву, Яхь йолу ва кIанат, дог майра и Юнус! Цу хIордо ловзо цIеркема ва санна, Дуьне ловзориг хьо веца, цхьанделхьа».
И дагардинарш Юнусца данне а доцу хьуьнарш ду,  уьш цуьнца ду бахаро беламе воккху иллин турпалхо. Юнусан амалшна нисса бIостанехьа догIучу хьуьнаршца  «хаставо» иза илли тIехь. Поэтически гIирсах ироних говза пайдаоьцуш кхоьллина васт ду Юнасниг  МаьIница догIуш долчунна нийсса дуьхьал дерг, бIостанехьа дерг аларца хIума беламе даккхар иронин билгало ю. Баудди Iаламат говза хилла ироних пайдаоьцуш васт кхолла.
Бауддина дукха иллеш хууш хилла. Цунна хууш а, цо олуш а хиллачу иллешца дуьстича, цо ша даьхнарш башха дукха а дац. ЛадогIа дог доуьйтуш, говза, ша-тайпана хазачу мукъамехь, пондар говза тIаьхьара балош алара цо халкъан иллеш. Мелла а аз дахдеш, мукъам шера хуьлуьйтуш, кхечарех тера йоцуш, шен исбаьхьаллин кеп яра Бауддис илли аларан.
Вайн къам махках даьккхина, Казастанехь долчу хенахь Баудди луларчу юьрта вахана вогIуш, буьрса дарц даьлла, некъах тилла шийлачу Iаьнан буса арахь а висна, куьйган а, коган а пIелгаш дахьийна охьаэгна цуьнан. Дечиг-пондар ца лакхалуш висна илланча. ТIаккха цо кехат-пондар а Iамийна, иза тIаьхьара а балош аьлла иллеш.  
Шайн чулацамца а, исбаьхьаллин кепехь а тайп-тайпана дара Бауддис олу иллеш. Цхьабосса дика алара цо эпически а, лирически а иллеш. Цо олучарна юкъахь дара “Анзоран Зазин илли”, “Бос хазчу Мусан илли”, “Таймин Бийболатан, дог майрачу ЧIегин илли”. “Бос хазчу Тахун илли”, дуккха а кхидерш а.
1957 шарахь дуьйна даим а Нохч-ГIалгIайн филармонехь балхахь хилла Баудди. Кест-кеста радиохь а хуьлура цуьнан иллеш олу передачаш. Радиохула Нохчийчоьнан массо маьIIе кхочура Бауддин иллеш.  Дукха адамаша хазахеташ ладугIура цаьрга. Филармонин артисташца цхьаьна районашкахь лучу концерташкахь даим дакъалаьцна  цо. Сцени тIера а хаза декара Бауддис олу нохчийн халкъан иллеш.
Сулейманов Баудди кхелхина 1961 шеран 6 ноябрехь.
Бауддис олуш хилла иллеш хIинца а ду адамийн дегнашкахь.
Поэташа стихаш  язйо Баудди дагалоцуш.
Поэта Бисултанов Аптис «Ширчу илланчин узам» цIе йолу стихотворени язйина Сулейманов Баудди безамна:

Ховхачу бIаьргаш чохь Iуьйренаш йоьлуш,
Ховхачу куьйгаш тIехь суьйренаш йоьлуш,
Ден-ненан цIарах со дуьнен чу ваьлча,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан ховха бIаьрса.

Ден-ненан доккхадер дайн тIемаш хилла,
Декхаран жоьпалла беза мохь хилла,
Дуьххьара новкъа со волучу дийнахь,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан деган къийлар.

Къийсаман цIе эцна со новкъа ваьлча,
Хела йоI санна сан некъ хьийза баьлча,
Ца вуьтуш лела со аренца тилла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан некъан илли.

Вешина ва метта буто ша боьлхуш,
Йишина ва метта куьйса эрз боьлхуш,
Генарчу махкахь сан бIаьрзъелча ойла,
Даймохк, хьо хуьлур-кха сан гIенийн гIовла.

Нуьречу бIаьргаш тIе кIайн марха еъча,
Сайн доьзал ца бевзаш сан бIаьрса эшча,
Висча со стаг воцуш гIо-дакъа лаца,
Даймохк, хьо хуьлур-кха ас луьйзу Iаса.

Некъаша Iийшина кура дог сецча,
ТIаьххьара къонахийн верта тIе тесча,
ТIаьххьарчу новкъа со ойучу ханна,
Даймохк, хьо хилалахь со ойу барма.


СУЛЕЙМАНОВ БАУДДИН ИЛЛЕШ

Октябрьски революцин 21 шо кхачарна // Ленинан некъ. 1938. 10 нояб.
Шина заманах илли // Ленинан некъ. 1939. 26 апр.
Ханпашех лаьцна илли // Къинхьегаман байракх. 1956. 13 сент.
Заманан илли // Ленинан некъ. 1959. 16 авг.
Халкъан иллиалархо.  Иллеш. Грозный, 1962.

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2