доллар    57.43 $
евро 67.46 €
23 октября, 11:14
+8 в Грозном

ХАМИДОВ IАБДУЛ-ХЬАМИД (1920 – 1969)

18 июня в 12:47 (2014 г.)
На Фото: Хамидов Iабдул-Хьамид На Фото: Хамидов Iабдул-Хьамид

Арсанукаев Iабдулла

Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран 15 октябрехь Йоккхачу АтагIахь ахархочун Хьамидан доьзалехь. Юьртахь бераллин хенахь дукха ладийгIина  цо нохчийн туьйранашка, эшаршка, забаречу  дийцаршка. Жимчохь евзина цунна къоман барта произведенеш, уьш дагахь латтош а хилла.

Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935 шарахь Серноводскерчу педаго­гически училище деша вахна иза. Кхузахь доьшуш волуш, кхидIа а чIагIделла Iабдул-Хьамидан халкъан исбаьхьаллин даше марзо хилар. ХIетахь  педучилищехь доьшуш хиллачу Эдилов Хасмохьмада яздо: "Цунна дукха хаьара нохчийн хьалхазаманахьлера а, хIетта юкъадуьйлуш долу а халкъан дийцарш, кицанаш, забарш. Студентийн дехаршца цо уъш кест-кеста дуьйцура общежитин кертахь мукъачу денойн суьйренашкахь тхо гуллуш хиллачу майданахь. Цу дийцаршна юккъехь цо ша кхуллуш дерш а хуьлура, амма цо ца олура цу хенахь, уьш ша кхоьллина ду". Схьахетарехь, оцу хенахь дуьйна волавелла Хамидов Iабдул-Хьамид исбаьхьаллин дешан говзалла караерзо.

1938 шарахь Московски театральни искусствон институтехь схьайиллина Нохч-ГIалгIайн студи, цига деша вахана Хамидов Iабдул-Хьамид. Кхузахь цо актеран говзалла Iаморца цхьаьна дIадолийна драматургехь болх бар  а. ХIетахь Хамидов Iабдул-Хьамида   нохчийн матте яьхна классически драматургин произведенеш, 1939 шарахь гочйина цо Ж. Мольеран  "Мещанин дворянствехь" («Мещанин во дворянстве»),  А. Толстойн "Боданан Iедал" («Власть тьмы»), 1940 шарахь нохчийн матте яьккхина  У. Шекспиран “Отелло”,  кхиерш а. Дуьненан литературин а хазна  йолчу оцу произведенеш тIехь болх бар Iаламат мехала хилла Хамидов Iабдул-Хьамидана шен драматургически кхолларалла кхиарехь.

Институт чекхъяьккхина валале, йоьалгIачу курсера къоман театрехь болх бан цIа валийна Хамидов Iабдул-Хьамид. Дуккха а тIаьхьа чекхъяьккхина цо Ленинградски театральни институтан актерийн факультет.

Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла а, дерриг дахар а къоман театраца, искусствоца, литературица дозаделла хилла. Къаьсттинчу мехаллин бу театрехь цо бина болх. Театрехь гIуллакх деш кхиъна цуьнан драматургически говзалла, кхоллараллин похIма. Шен дерриге хьуьнарш къоман театрана, искусствона дIаделла цо.

Нохч-гIалгIайн драматически театрехь юьхьанца актер хилла Хамидов Iабдул-Хьамид. Оцу хенахь иттех шо бен дацара къоман театр кхоллаелла, амма шен исбаьхьаллин говзаллица сиха кхуьуш йолчу театрехь дуккха а бара  актерийн корматалла йолу къона артисташ. Царна юккъехь бIаьрла вара Хамидов Iабдул-Хьамид. Дукха хан ялале театран директор  хIоттийра иза.

ТIеман хан яра, 1943 шо дара доьдуш, театран коллектив кест-кеста йоьдура бIаьхошна хьалха спектаклаш хIитто. Театран репертуарехь алссам яра тIеман тематика йолу, адамийн патриотизм, тIемалойн майралла, доьналла гойту спектаклаш, сценкаш. БIаьхоша реза хуьлий, самукъа долуш тIеоьцуш хилла Нохч-ГIалгIайн драматически театран актераша говза хIиттийна спектаклаш.

Хамидов Iабдул-Хьамида театральни балхаца цхьаьна кхочушдора исбаьхьаллин литературехь болх бар а. 1943 шарахь иза язъян волавелира халкъан иллин чулацаман бух тIехь йолу  "Совдаттий, Дауддий" драма.  Амма  и  кхоччуш чекхъяккхар  дикка тIаьхьа бен ца нисделла цуьнан. Драматурган дуьххьарлера йоккха произведени яра иза, цу тIехь нохчийн къоман хьалхалера дахар, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ гойтуш дара. Пьеса дуьххьара зорбатоьхна 1956 шарахь Алма-Атахь арадолуш хиллачу "Къинхьегаман байракх” газетан агIонаш тIехь. 1958 шарахь Соьлжа-ГIалахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос а арахийцира «Совдат, Дауд» пьеса. Цул дуккха а тIаьхьа Нурадилов Ханпашин цIарахчу драматически театро хIоттийна "Совдаттий, Дауддий” драми тIехь спектакль. Къоман театран репертуарехь ехха лаьттина  и  спектакль.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944-1956 шерашкахь, Джамбулехь а, Фрунзехь а тайп-тайпанчу культурин учрежденешкахь белхаш бина Хамидов Iабдул-Хьамида. Киргизски республикански Халкъан кхоллараллин ЦIийнан директор вохуьйту иза 1945 шарахь, цул тIаьхьа Киргизски ССР-н культурин министесрствон театрийн отделан куьйгалхо а хIоттаво. Оцу хенахь Киргизин периодически зорбанехь кест-кеста арайийлина цуьнан театроведчески статьяш а, рецензеш а. Царах яра  дуьненаюкъарчу классикех лаьцна статьяш: Ф.Шиллеран «Ямартло а, безам а» («Коварство и любовь»), У. Шекспиран «Ромео а, Джульетта а», А. Островскийн «Бехк боцу бехкенаш» («Без вины виноватые»), М. Горькийн «Васса Железнова», кхиерш а.

ТIеман хенахь Хамидов Iабдул-Хьамида  бинчу белхан Iедало лаккхара мах хадийна: "За доблестный труд в дни Отечественной войны 194I-1945 гг." медаль елла цунна.

1955-1956  шерашкахь Хамидов Iабдул-Хьамид Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу “Къинхьегаман байракх" газетан редакцехь цхьана муьрехь литературни белхахо, тIаккха культурин отделан заведующи  лаьттина,  Казахски ССР-н яздархойн Союзан литературни консультантан болх а бина. Казахски пачхьалкхан радиохь нохчийн маттахь йолу передачаш кечъеш а, дIахьош а хилла Хамидов Iабдул-Хьамид.

Нохч-ГIалгIайн эшарийн а, хелхаран а ансамбль вовшахтоьхна, цуьнан куьйгалхо а лаьттина иза. Алма-Атара и ансамбль а ялош 1957 шарахь даймахка цIа а веана.  Цуьнан куьйгаллица Нохч-ГIалгIайн эшарийн а, хелхаран а ансамбль ерриге Советски пачхьалкхехь а тоьллачу ансамблех хилла дIахIоьттинера.

Нохч-гIалгIайн къоман искусство кхиорехь бакхий кхиамаш хиларна Хамидов Iабдул-Хьамидана 1959 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан арстистан цIе тиллина.

Муьлххачу балхахь хилча а, шена тIедехкина декхарш леррина кхочушдина Хамидов Iабдул-Хьамида, цундела жоьпаллин балха хIоттош хилла иза. 1959-1961 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Республикин Яздархойн союзан правленин председатель хаьржина иза. Цул тIаьхьа Ленинградски театральни институтан нохчийн отделенехь шина шарахь хьехархочун болх бина. Ленинградера цIа веанчул тIаьхьа  1962 шарахь Хамидов Iабдул-Хьамид юха а Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран директор хIоттаво. Театр а, театральни искусство а кIорггера евзаш волчу Хамидов Iабдул-Хьамида дика дIахIоттабо театран болх, иза куьйгаллехь волуш баккхий кхиамаш боху къоман театран труппо. Театран куьйгаллехь ялх шарахь болх бинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн областнойн партийнин комитете балха дIавуьгу Хамидов Iабдул-Хьамид. Культурин секторан заведующи а, агитацин, пропагандин отделан куьйгалхочун заместитель а хIоттаво иза. Оцу хенахь лакхара а, жоьпаллин а дарж дара иза, хьан-хьаннах а тешош а дацара. Хамидов Iабдул-Хьамид дика ларавора балхаца, амма дукха хенахь бан доьгIна ца хиллера цунна и болх.

Яздархочо Дадашев Iабдуллас шен дагалецамашкахь яздо: «Халкъана боккха эшам беш хийла къонаха дIавоьду дуьнен чуьра. Дагахь лаьттинарг дерриг дан ца кхиира нохчийн халкъана везаш, лоруш волу драматург, поэт, яздархо Хамидов  Iабдул-Хьамид. Дуккха а дара динарг, амма дан Iалашо йолуш  даг чохь латтийнарг кхин а дукха дара. Язъян йолийнчу произведенийн могIа чекхбалаза а болуш, кехата тIе охьабиллинчохь къолам а буьсуш, сихха гIуллакх хилла, юьрта ваха араваларх, юха ца   вирзира Iабдул-Хьамид. Новкъахь машенна авари хила кхалхар нисделира цуьнан. Амма иза вицвелла вац. Цуьнан дийцарш, пьесаш ехаш ю, дехаш ду цуьнан гIуллакхаш, цIе а».

Хамидов Iабдул-Хьамид 1969 шарахь автомобильни катастрофехь кхелхина.

Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла коьрта долчунна драматургически произведенех лаьтташ ю, амма мехала сатирически дийцарш а ду цуьнан, мелла а поэтически произведенеш а ю. Шуьйра евзаш яра цуьнан стихаш тIехь яьхна "Нохчийн   вальс", "Забаре байташ", кхийолу эшарш а.

1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос арахецна яздархочун  «Абубешар» цIе йолу дийцарийн а, кегийчу пьесийн а сборник. Оцу сборник тIехь зорбатоьхна  яздархочун сатирически дийцарш: «Абубешар», «Дурдий, Даргий», «ГIирмасолтас яьккхина са», "ДIа – коч, схьа − коч",  цхьана декъах лаьтташ йолу сатирически пьесаш: «Абубешар», «Мохсолтин доьхна де». И прозаически а, драматургически а произведенеш цхьаьнатухуш дерг дара царна тIехь яздархочо адамийн амалшкахь  нислуш йолу ледарлонаш  беламе йохуш гайтар.

Къаьсттина шуьйра девзаш а, нахана дезаделла а дара "Абубешар",   "ДIа - коч, схьа - коч", "Дурдий, Даргий”,  "ГIирмасолтас яьккхина са", «Хингал» цIераш йолу  дийцарш. Уьш дерриге а сатирически, забаре дийцарш ду. 

"ДIа –  коч, схьа –  коч" цIе йолу дийцар  яздархочун дикаха йолчу произведенешна юкъадогIу.  Говза яздина,  исбаьхьалла шеца йолуш ду иза.  Дийцаран турпалхо Хелисат шен гергара нах болчу хьошалгIа яхча, церан лулахочо Забус, чу а кхайкхина, кхунна совгIат деш, кучана  кIади делла хилла. ХIинца Забу Хелисат йолчу еана цо «ша тIе муха оьцу хьожур ша аьлла».

Забу ХелисатагIаьрга иза ган сагатделла а, я и шен гергара лоруш а, я цуьнца гIуллакх долуш ца еана, леррина цо ша тIе муха оьцу хьажа, иза зен еана ю, мацах цкъа ша цунна хьошалла дина дела. Забуна дагахь дац Хелисат шен берашца муха йоллуш ю хьажар, я хьалха ша цунна хьошалла а дина тесна долу гергарло чIагIдар. Оьздачу ойланца ца еана иза Хелисат йолчу. Ткъа оцо хоуьйту, мацах ша Хелисатана совгIат деш а, Забус иза даггара дина цахилар, нахана гергахь дика хила, ша йоцург ю моттийта гIерташ иза хилар. Автора и санна долчу хIуманашна дуьхьал хьажийна шен дийцар, адамийн амалшкахь нислуш долчу оцу сакхташца къийсам латтабо цо.

Дийцар тIерачу персонажийн шегара мах ца хадийна автора, амма царах лаьцна шена хеташ дерг исбаьхьаллин сурт хIотторца къеггина гучудаьккхина. Забу ХелисатагIаьргахь а Iийна, цо совгIатана коч а елла, новкъа а яьккхина дIайоьдуш яра. «Кхан доххал гена ялале, газет а даьстина, шена еллачу кIадене хьаьжира Забу. Дукха цунна реза цахиларна, цуьнан лахара балда, деман гала санна, хьаьвзина дIахIоьттира, ши цкъоцкъам айаделира, ши бIаьрг, гонаш оза а бина, эрчабелира, ирахъхьаьдда цуьнан хьаж, пондар санна, хебаршка а дахана дIахIоьттира». Кхузахь шера го вайна яздархо оцу шен персонажо лелочунна реза цахилар.

Говза хIиттийна  ю дийцар тIера диалогаш. ХIора персонажан мотт шен къастамаш, шен башхаллаш йолуш бу. Масала, Хелисатан лулахочо Жарадата иштта дуьйцу: «Биронкъин да вижинчу кошор, со цхьанхьа яхча, сайна кучана кIади елча, гIайгIа ма хуьлу суна, юхаялар муха нислур ду-техьа бохуш, сагатдеш. Кортин Жабраила дешначу къорIанор, олучух ларлуш хьеша-дена шуьйттазза кучана кIади ма елла аса, цхьайттазза суна схьа ма елла. Елла юьсийла сан, цу сайна схьаделлачу кIадинах аса сайна цхьа коч тегнехь, я доьхкина, я хийцина юха дIаделла-кх. Мурца-Iелас дешначу къорIанор, дац уьш совгIаташ даларш, дош доцурш ду-кх».

Авторан ойла билгалйоккхуш ду дийцаран персонажан къамела юкъара хIара дешнаш: «Стеган вахарехь цхьа дезде деана — зуда ялийна меттиг хилча, кIант я йоI дешна даьлча, я хаза шен гIуллакх дан гIерташ воллу да-нана доцу жимха хьаста, цунна я уьш санна долу кхидолу гIуллакхаш бахьана долуш, шен дан тарлуччул совгIат дар хаза ду. Амма, схьаелла дела дIаяла еза бохуш и кучамаш дIай-схьай хуьйцуш лелош дерш ца оьшуш ду. Уьш дита деза вай».

Хамидовс къоман дахарехь долу оьзда гIиллакхаш, дика гIуллакхаш чIагIдо, ткъа моттаргIанаш лелор, наха а до иштта, бохуш, цаоьшург лело гIертар, дагахь цхьаъ долуш, тIехула кхин лело гIертаран хIумнаш беламе а дохуш, царна дуьхьал къийсам латтабо.       

«Абубешар» цIе йолчу дийцар тIера коьрта персонаж Абубешар, балха ца воьдуш, деш-дуьтуш доцуш, ша кхаьч-кхаьчначохь даккхий хабарш дуьйцуш, дерриг цIийнан дукъ шен зудчунна тIе а диллина лелаш ву. Нахана а, шена а пайдехьа воцуш   ша лелаш воллушехь,  зуда шен куьйгакIела латтийчхьана,  ша дика къонах хета Абубешарна. Нахана юккъехь даккхий хабарш дийцаррий, зудчуьнца къийсаррий бен, кхин гуьнахь а дац цуьнан. ЦIентIехь ша зудчунна гIо дича, шена тIе доккха эхь догIу моьтту цунна. Абубешаран лулахочо гIараваьлла дика тракторист волчу Мохьмада боху цуьнга: «И хьуна эхь ду моьттурш-м эхье хьаха дацара, Абубешар, эхь хьаха ду шен Даймахкана ямарт хилча, къола дича, деш а, дуьтуш а доцуш йорт етташ  лелча, харц дерш дийцича, маларш мийлича, пачхьалкхан болх ца бича, шена вон а, ледара а гучунна и шена ца гуш санна тIехваьлча, воккханиг, да-нана, зуда ца лерича, цомгашчунна гIо ца дича, берашка ца дешийтича… –  уьш а, и санна мел дерш а ду-кх эхь».

Абубешарна дезаш къамел дац иза. Цунна «дукха реза цахиларна, оьгIазвахана Iарж а велла лаьтташ волу Абубешар, нитт Iоттабелча санна, балдаш меттах а хьадина керта вахара». Амма тIаьхьо кхийтира Абубешар, кхийтира, ша хьийзош йолу Баянт дIа а яхана, ша цхьаъ висча.

«ГIирмасолтас яьккхина са» дийцар тIехь, нах Iеха а беш, махлелош волу ГIирмасолта гайтина.

Даймехкан тIом болчу хенахь Брест-гIап ларъеш да а вийна, байлахь йисина йолу шен кIентан йоI Лайла а кхобуш, гIийла  Iаш яра йоккха стаг Маликат. ЙоIана ден цIарах догIучу пенсех жим-жимма охьадуьллуш ахча а IаIийна, цунна совгIатана хIумнаш эца яхана йолу Маликат  чIогIа чIагIдеш харц дуйнаш бууш ле а йина, дукха безчу мехах цунна куз а, шал а доьхкира ГIирмасолтас. Иштта харц-бакъ а ца лоьруш, нах Iеха а беш, шена са йоккхуш ву иза.  Шен хIума мехал еза йохка гIерташ, Делан цIарах къера дуйнаш буу ГIирмасолтас. Иза Делах а ца кхоьру, нахах эхь а ца хета цунна. Милицех-м кхоьру ГIирмасолта. ТIаьххьар а нах Iехорца са     йоккхуш хиллачу ГIирмасолтина, лаьцна чу а воьллина, кхиэл кхайкхийна.

«Дурдий, Даргий» дийцар тIера Дурда маларо галваьккхина лелаш ву. Маларна тIаьхьаваларо дикачу балхах а вохийна, доьзалехь башха барт а бац. Цуьнан садаIар а, сакъерар а маларца бен дац. ЦIахь а, арахь а хаддаза малар ду цуьнан дагахь. Шена а, доьзална а пайдехьа вац Дурда, маларо дерриг а дIадаьккхина цуьнан.

Дахарехь галваьлларг бакъенга верзаран некъ гойту яздархочо шен дукхаха долчу дийцаршкахь. Иштта ду «Дурдий, Даргий» дийцар тIехь а. Дурда, балха а хIоьттина, нийсачу новкъа а ваьлла дIагIуриг хиларх тешам буьту  авторо, шен дийцар дерзош.

Говза яздина ду Хамидов Iабдул-Хьамидан дийцарш. Исбаьхьаллин васт кхоллар, меттан башхаллаш, Iаламан сурт хIоттор яздархочо шена хьалха хIоттийнчу коьрта Iалашонца догIуш ду.  Яздархочун дийцарш тIера хIора персонажан мотт шен башхаллаш йолуш бу. Церан маттехула а хIоттадо авторо шен персонажийн хIора а ша-тайпана долу васташ. Персонажийн чухуле, церан дагахь дерг, ойланийн кIоргенехь дерг билгалдаккха гIерта автор.

Шайн къеггина маьIна а долуш, аьхна Iаламан суьрташ хуьлу Хамидов Iабдул-Хьамидан произведенешкахь. «Абубешар» цIе йолу дийцар Iаламан суьртаца дIадоладо автора: «Iуьйре шийло яра. Генах хаьдда гIа наггахь дитта кIел охьадужуш хаалора. Дуьнен чохь йорт йиттина кIадъелча санна, мархаш ламанца набарна тевжинера. Стигалан гар, хи ца кхоош, йилча санна, цIена а, сийна а дара. Со лаьттачу хи йистерчу чхара тIера дIахьаьжча, аьрру агIор бIаьрго схьа ма лоццу йолчу арахь, дикачу дайша лерина куьг тоьхна, ялташ чу а дерзийна, ерзина яьхна аренаш яра гуш. Цхьацца меттехь етт а, эса а, уьстагIий а, цхьа наггахь ежаш говр а гора».

Оцу хазчу Iаламца догIуш дац Абубешаран ков-кертахь гуш долу сурт: «Кхузара дIахьаьжча, гуш колхозан эвлан йисттехь долу Абубешаран тиша цIенош дара. Уьш къаьсттина тиша а, ледара а хоьтуьйтура царна гуобаьккхина гуш долчу колхозникийн дикачу цIеноша. Абубешаран цIенойн тхов ах эрз буьллуш, важа ах  гIодамаш дохкуш бина бара. Цуьнан цIенош юххехула тIех вер-верриг велакъежара, Абубешаран стохка дуьйна а доьхна, раз а даьлла лаьттачу кевнах бIаьрг кхетча».

 Iаламан исбаьхьа сурт а хIоттийна, тIаккха гайтина автора тишъелла, тIекхетта йоллуш, тоярхьама куьг тухуш а йоцуш, нах бела а боьлуш лаьтташ йолу Абубешаран цIенойн къепал. И ши сурт вовшех дустуш санна гайтаро алсам доккхуш хета шолгIачу суьртан ирча гар. Абубешар ледара къонах хилар кхин цкъа а гучудоккхуш ду цуьнан цIенойн декъаза сурт.

Адамийн ледарлонаш а гойтуш, дахарехь новкъарло еш долу хIуманаш гучу а дохуш, царна дуьхьал къийсам латторан ойла кхиайо автора шен дийцаршкахь.

Хамидов Iабдул-Хьамидан драматургически произведенешна юкъа йогIу «Лийрбоцурш», «Бож-Iела», «Совдаттий, Дауддий», «Ламанан йоI», «ТIам сийна кхокха», «Мохсолтийн доьхна де» цIерш йолу пьесаш. Нохчийн драматургехь, театрехь шайн билггалйолу меттиг дIалаьцна произведенеш ю уьш.

«ТIам сийна кхокха» пьеса берашна лерина ю. Кхаа декъах, ворхI суьртах лаьтташ а йолуш, гIеххьа йоккха драматически произведени ю иза.  Туьйра-пьеса аьлла, билгалъяьккхина автора цуьнан жанр. Нохчийн барта кхоллараллин сюжетех пайда оьцуш, барта произведенийн персонажаш юкъаялош, язйина пьеса. Халкъан барта дийцаршкахь, туьйранашкахь санна, Iаьржа-Хожа а, Жоьра-баба а ду пьеси тIехь, тIам сийна кхокха а бу. Кед-кедал бIаьргаш болуш, маьрс-маьрсал цергаш йолуш волчу инзаре воккхачу Iаьржа-Хожас нахана даккхий зенаш до, кест-кеста юьрта а вогIуш бежнаш дIакхуьйлу, нах а дIабуьгу. Юьртахь тоьлла болу кIентий Лечий, Лоьмий воьду Iаьржа-Хожех лата. Майра кIентий бу уьш. Юьртахь вац цу шиммочул нийса пха тухуш иччархо, юьртахь вац цу шинначул дика эраш долуш таллархо.  Шен ши кIант Iаьржа-Хожех лата  новкъа воккхуш, нанас Бикатус олу цу шинга, шух дог-м лозу сан, «делахь а хIара санна де эшначу хенахь лата вина ас шуьшиъ. Хожех кхералой юха ма верзалаш, сан ши кIант, ас бехк боккхур бу шуьшиннех». Нохчийн иллеш тIерачу нанойх тера ю Бикату, церан ойла ю цуьнан кийрахь ерг а.

Майра летара Лечий, Лоьмий инзаре ницкъ болчу Iаьржа-Хожех. «Стигалхула лела олхазар мас таса ца даьхьачу, лаьттахула лела акхарой берг тоха ца яьхьачу кху сан махка тIе вала шуьшиъ муха ваьхьна?», – бохуш, буьрса леташ ву   Iаьржа-Хожа а. «Ца богIу ницкъ беш миска нах хьийзош, аттах хоттавелларг шен аттах воккхуш, етт боцуш виснарг шен сих воккхуш, бехк боцу гIийла нах къиза хьийзош ву хьо, сийдоцу Хожа», – олий, дарлой, тарраш детташ,  кхин а чIогIа лета Iаьржа-Хожех ши ваша. Амма ямартчу Хожас, тешнабехк а бой, кIоргачу гIуна чу вожаво Лечий, Лоьмий.

Масех шо даьллачул тIаьхьа хиира Куьйрина шен вежаршна хилларг. Лечий, Лоьмий санна, майра, къонахалла йолуш хьала­кхиънера Куьйра. Ненера пурба а даьккхина, шен ши ваша кIелхьарваккха воьду иза. ЧIогIа вовшахлета Iаьржа-Хожий, Куьйрий. Шен кIант Iаьржа-Хожа эшо воьлча, цунна гIо дан йогIу Жоьра-баба, стигал къекъош, стелахаьштиг детташ, мох болуьйтуш. ШайтIанаш а шайна гIоьне кхойкху цу шимма. Амма Куьйрина гIо дан а богIу мацах тIам лазийна гIелбелла хилла болу, кхуо дарба лелийна то а бина, дIахецна хилла тIам сийна кхокха. Оцу тIам сийначу кхокханан гIоьнца Iаьржа-Хожа эша а вина, Лечий, Лоьмий, Куьрийн безам болу хаза йоI Маьлха-Аьзний, кхиболу юьртахой паргIат а баьхна,  цIехьа бирзира уьш. Адамаш Iаьржа-Хожийн балех девлира.      

Пьесин коьрта маьIна иза чекхйолуш далийнчу дешнашкахь ду: «Халкъана гIуллакх дар уггар а деза ду. Сий хуьлда даима халкъан ирс лоьхучун».

Ша язйинчу хенахь боккха кхиам хилла «ТIам сийна кхокха» пьесин, 1959 шарахь драматургически произведенешкахула республикехь дIаяьхьначу конкурсехь лаккхара мах а хадийна, преми еллера цунна.

“Ламанан йоI” кхаа декъах лаьтташ драма ю. Къоман театро 1960 шарахь хIоттийна Хамидов Iабдул-Хьамида  А. Алексеев соавтор а волуш язйина  граждански тIеман хенахьлера гIуллакхаш гойтуш йолу “Ламанан йоI” пьеса. «Кху тIехь дуьйцуш долу гIуллакхаш  хилла зама – 1918 шо, сентябрь бутт»  аьлла, билгалдина автора. Пьесин коьрта турпалхочун Маремин вастехула Соьлжа-ГIалахь бIе дийнахь лаьттинчу тIемашкахь турпалаллица йоьжначу нохчийн йоьIан Арсанова ПетIаматан хьуьнаречу дахаран цхьа мур гайтина пьеси тIехь. Нохчийн литературин классик волчу Арсанов СаьIид-Бейн йиша яра тIамехь лор-йиша хилла дIакъалаьцна йолу Арсанова ПетIамат. ТIеман халчу хьелашкахь доьналла, хьуьнар, адамалла гайтарна, истори юкъаяхана ПетIамат.

Хамидов Iабдул-Хьамидан пьесин турпалхо лор-йиша хилла ца Iаш, божаршка нийсса юй-техьа аьлла, тIемало а ю. ЙоьIан эхь-бехк а, тIемалочун майралла а ю цуьнца. ТIеман халчу хьелашкахь шен оьздангаллех ца йоьхна драмин турпалхо. Нохчийн йоьIан сий а, шен цIе а ларъеш чекхъяьлла иза.

Тайп-тайпана мах хадабора «Ламанан йоI» драмин иза язйинчу хенахь, амма Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь оцу пьеси тIехь хIоттийна спектакль еххачу хенахь лаьттира.

Хамидов Iабдул-Хьамидан дукхаха йолчу пьесийн  чулацамехь дерг кхин хIумма а тIе а ца тухуш, ма-дарра дахарера схьаэцча санна хеталуш ду.

«Мохсолтин доьхна де» цIе йолу пьеса а ишттачарах ю. Цхьана декъах лаьтташ  ю и жима  сатирически произведени. Пьеси тIехь коьртаниг сатирически басаршца кхоьллина ХIуьлкаев Мохсолтин васт ду. Керла хIоттийна райпон председатель  Мохсолта юьхьанца  куьйгалхо хила хьакъ волуш хетало. Шайн гIуллакх дахьаш цунна тIебаьхкина нах Мохсолтина мелла а реза боцуш бистхилча, цуьнан секретарь йолчу Хьавраа боху: «Соьца-м вац и вон. Хьаькамашца а чIогIа хаза гIиллакх лело хууш ву. Кхуза и балха ваийтинчу вайн райисполкоман председателан заместитель волчу Дагаевс «чIогIа гIиллакх долуш а, болх бевзаш а стаг ву и» олу хезна суна». Амма тIаьхьа, аьлча а, сихха билгалдолу Мохсолтас «хаза гIиллакх»  хьаькмашца бен лелош цахилар. Берийн яслин заведующи Саибат йогIу Мохсолтина тIе яслина оьшуш йолу шифер язъяйта. Юьхьанца, иза райисполкомехь балхахь ю моттаделла, цуьнца чIогIа кIеда-мерза, гIиллакхе хуьлу Мохсолта, оцу сохьта цунна цхьа бIе шифер а язйо. Ткъа Саибата, ша-м яц райисполкомехь балхахь, ша яслин заведующи ю аьлча, цунна шифер язйина кехат схьадоккху Мохсолтас, Iаламат кIоршаме къамел до, кабинет чуьра араяккха дагахь а ву. Цул тIаьхьа Саибатан цIийнда райисполкоман председатель хилар шена хиъча, оцу минотехь хийцало Мохсолта, дукха чогIа гIиллакх дуссу цуьнга. Мохсолтин гIиллакх догIуш а, доьдуш а ду. Шена пайдехьа хир ву аьлла, хетачу стагаца Iаламат гIиллакхе волу Мохсолта, кхечаьрца чIогIа кIоршаме хуьлу.

Ша куьйгалла дечу меттехь болх дIабодахьара, дика хилахьара аьлла, саготта а вац Мохсолта. Кхуо тIе куьг а яздина, шен хеннахь кехаташ дIа цадаларна, схьаэца дезаш долу товар довш ду аьлла, шега хаам бича, «и-м дахь а кхин яздойтур дара», – боху Мохсолтас. Ша бахьана долуш районна доккха зе хиларх шек ца волу иза. Iаламат ледара куьйгалхо ву Мохсолта. Иза дика куьйгалхо хуьлийла а дацара. Дешна а вац, я мегарг болх бина а вац, шена харц кехаташ а нисдина, цаьрца балха хIоьттина ву. ХIинца ша хьаькам вахча, хIумма а товелла а вац, товала гIерташ а вац я товала хуур долуш а вац. Хьарамлонца нисдинчу хIуманах беркат ца хуьлу. Куьйгалхочун Мохсолтин болх а беркате ца хилира нахана а я цунна шена а.

Шен доьзалца а ца хилла Мохсолта хьанал.

Стагана ша дина дика а, ша дина вон а дуьхьалдолу. Диканиг диканца дуьхьалдолу, вониг вонца дуьхьалдолу. Мохсолтас дина дика, схьахетарехь, дан а дац, ткъа ша дина вонаш цхьана дийнахь дуьхьалдевлира цунна. Оцу дийнах Мохсолтин доьхна де хилира.

Хамидов Iабдул-Хьамида шен пьеси тIехь Iора а дохуш, шайна дуьхьал къийсам латтош долу хIуманаш вайн дахарехь хIинца а долуш ду. Уьш гучудахарехь, адамийн ойла царна дуьхьалъяккхарехь мехала ю «Мохсолтин доьхна де» цIе йолу пьеса.

Хамидов Iабдул-Хьамидан драматургически говзалла къеггина билгалйолу забаре, беламе чулацам болчу произведенешкахь. Царна юккъехь шен исбаьхьаллица къаьсташ ю «Бож-Iела» цIе йолу комеди.     

«Бож-Iела» комеди Хамидов Iабдул-Хьамидан кхоллараллехь хилла ца Iаш, ерриге нохчийн драматургехь а мехала произведени ю. Iаламат боккха кхиам хилира комедин. Ира сюжет, цIена, исбаьхьа мотт, шен чулацамехь дерг дахарца догIуш нисдар, васташ ша-тайпанчу комедийни кепехь кхоьллина хилар дара оцу пьесина кхиам беънарг.

Авторан дуккха а зеделларг дара забаре, сатирически произведенеш язъярехь. «Бож-Iела» комеди тIехь къастийна йолу проблемаш драматурго шен хьалхалерчу кегийчу произведенеш тIехь а хIиттийнера.  «Абубешар», «ГIирмасолтас яьккхина са» дийцаршкахь а, «Абубешар» дийцаран чулацам тIехь язйинчу изза цIе йолчу жимчу пьеси тIехь а авторо беламе йохуш  гайтинера адамийн амалшца йолу ледарлонаш, дахарехь нислуш долу сакхте гIуллакхаш. Изза проблема шуйра а, кхидIа кIаргъеш а къастийна «Бож-Iела» комеди тIехь а. Комедин чулацам чолхе бац, цу тIера хиламаш шайх атта кхетар волуш бу, персонажийн къамелаш  къеггина маьIна а долуш, исбаьхьчу маттаца ду.

Драматургически произведенин коьрта башхалла ю цуьнан сюжетан бухахь къовсам хилар. Вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьттачу ницкъашна юкъара къовсам бу драмехь сюжет кхуллуш берг. Бож-Iелиний, цунна гонахара цхьаболчу наханий юкъарчу къовсамах лаьтташ ю  «Бож-Iела» комедин сюжет. Цул совнаха, Бож-Iела ша-шеца а ву къийсамехь, шен амалера цхьадолу хIуманаш дуьтуш, царах паргIатволуш ву иза.

Коьрта турпалхочун Бож-Iелин кхечу персонажашца йолчу юкъаметтигашка хьаьжжина масех сюжетан зIе билгалйолу комедехь: Бож-Iелий – Сутарбий, Бож-Iелий – Зулай,  Бож-Iелий – Маймий, Бож-Iелий – Абубешар. Оцарах хIоранца а Бож-Iелин йогIучу уьйрашца гучуйовлу цуьнан амалш, къоман гIиллакх-оьздангаллех лаьцна болу кхетам, адамашка а, дахаре а цуьнан йолу шовкъаш а, хьежамаш а.

Комеди тIехь алссам гайтина ю  Бож-Iелин, Сутарбин юкъаметтигаш. Шайн дуьненан лехамашца вовшашна нийсса дуьхь-дуьхьал ву и шиъ. Сутарби шен сутаралло ваьккхина лелош ву. Муьлххачу хIуманна тIехь а шена са яккхар, пайда бар дагахь ду Сутарбина, хьарам иза хиларх шек а ца волуш.   Туьканахь волуш цо дина къоланаш бахьанехь бархI шо хан а тоьхна, чувоьллина хилла Сутарби. Царах пхи шо чохь  даьккхинчул тIаьхьа «болх дика барна хьалххе цIа ваийти ша» боху цо. Амма хIетте а кхетам чу ца веана, юха а йохк-эцар тIехь хьалхалерра хьарамлонаш лелош ву.

Бож-Iела чIогIа реза вац Сутарбис лелочунна. «Милк санна, ворта а йолуш, верстина ваттIа воллуш ву хьо. И хIуманаш а дитий, цхьанхьа, хьайга балун боллучу балха гIо», – боху цо Сутарбига. Бож-Iела хьарамлонца гулдина хьал дезаш вац. Сутарбис шега йохка-эцаран декъа вола, тIаккха ахча хир ду хьуна аьлча, сацам боллуш жоп ло цо: «Деллахьа, Сутарби, со-м хьанала къоьлла тоьлуш хеташ ма ву, хьарамчу хьолал».

Сутарбис, шен долахь мелла а хIума йолуш ю аьлла, зуда шена хьахийча, Бож-Iелас боху: «ХIума йолуш ю аьлла, зуда ялор, маре вахар хеташ ву со». 

Цу тайпана, Бож-Iелин Сутарбица йолчу юкъаметтигашкахь билгалдолу иза хьарам хIума лелор доцуш, хьаналчу къинхьегамца ваха лууш хилар. Бож-Iела цхьадолчу ширчу хIуманашна тIегIерташ велахь а, шен ойланца цIена ву, шен амалшкахь къонахаллин билгалонаш хаалуш а ву. Таро йолу зуда а ялийна, цуьнан хьола тIехь ваха хуур волуш вац иза я осалаваьлла дуьненан хIума лоьхур долуш а вац.

Бож-Iела дуьхьал ву Маймин бозбуанчаллашна а, Абубешара дечу десачу къамелашна а, цуьнан декъазчу кураллина а. Абубешар, Маймий, Сутарбий дахарна тIаьхьабисина нах бу, шайн амалшца сакхташ долуш а бу. Бож-Iела цара шайн тобанах ларахь а, царах дикка къаьсташ ву. Амма царах дикачу агIор  къаьсташ велахь а, алссам ледарлонаш ю Бож-Iелица а. Ша-шех дозалла деш, шех тоам бина стаг ву иза. «Дукин ирзехь саьрмико цIога тоьхна бIаьрг баьккхинчу БугIин Лом-Iелин кIант Бож-Iела ву ша», – олу цо дозаллица. Шегахь къонахалла а хета цунна, къоман гIиллакхашца вехаш а лору цо ша. Амма Бож-Iелина шех хеташ дерггий, цо лелош дершший цхьаьна ца догIу. Уьш цхьаьна цадаро беламе а воккху иза.

Мала а мелла, некъана генна йистехь лаьттачу зIенан бIогIамна тIетоьхна  машен а йохийна, ша балхара дIаваккхийтина Бож-Iелас. ХIинца хIургон тIе балха гIо аьлча, ца воьду. Шен сий лахлуш хета цунна хIургон лело вахча. Маларх ветталуш, деш хIума а доцуш, цкъа цхьана колхозе воьдуш, тIаккха вукху совхозе воьдуш, машен тIе балха ваха меттиг лоьхуш ву ша бохуш, лелаш ву Бож-Iела. ХIусамнанас Зулайс боху цуьнга: «Ма ца оьшурш леладо ахь! Уьш а дитий, хьайга гIо боххучу балха гIохьа. Ахь болх дика бахь, юха а машен тIе воккхур ву хьо». Амма Бож-Iела ца веша хIургонахь болх бан: «Пхеа шарахь трактор а лелийна, итт шарахь шофер а лелла, хIинца хIургон тIе вахар, говрара вир тIе хаар санна хIума ду. Нах стигал оьхуш лаьтташ, со хIургон тIе ваха веза-кх», – олий хададо цо. 

Зулай колхозехь тоьлла хьелийозархо ю. Шен дика хьелий кхечуьнга дIа а делла, цуьнгара машанна ледара долу, гIийла бежнаш шега схьаэцна цо. Бож-Iела реза вац шега ца хоттуш Зулайс иза дарна: «Ас хьоьга нахана гIуллакх ма де ца боху. Соьга хатта а ца хоттуш, ахь уьш дIа хIунда делира боху?». Зулай цхьадолчу кхечу хIуманаш тIехь а яц Бож-Iелин лааме башха ладугIуш. Масала, цIийндас шена чIогIа дихкиннашехь, «клубе а яхана, цкъа хелха сатта-м йоллу» ша олий, гIабали оьций,  клубе йоьду иза. Зулай керлачу заманан керла стаг ю. Бож-Iела нохчийн гIиллакхашна, Iадаташна тIегIерташ ву. И ду Бож-Iелин, Зулайн къийсамна бухахь дерг.

Хамидов Iабдул-Хьамидан «Бож-Iела» комеди дIадаханчу бIешеран кхузткъалгIачу шерашкахь язйина ю. Оцу заманан лехамаш, цу хенахьлера идеологи ю пьесин чулацамехь ерг, цуьнца доьзна ду пьесин маьIна а. Бож-Iела тIаьххьаре а тIевирзира Зулайс а, цуьнан магIарехь болчара а бохучунна. Иштта ю Бож-Iелин тIаьххьара монолог: «… айса лелораш нийса хиларх со шекволлушехь, дахар керла хилча, гIиллакхаш керла хила дезий а ца хууш,  сонта мел дерш лелий ас. Цундела, шуна ма-гарра, балхах а, зудчух а, нахах а вели со, цу тIе сонта ву аьлла, цIе а яха сан. Массо хIуманал а хала ша-шен вовза хилла. Ша-шен вевзича атта хилла шен вон долчух а, дика долчух а кхета. Хьалххехь кхеттехь дика дара дан. Делахь а, оьрсашний дайна, цкъа а ца кхеташ хуьлучул, тIаьхьа кхетта а кхетча тоьлу». Оцу дешнашкахь билгалдолу пьесин коьрта маьIна а.

«Бож-Iела» комедин мотт нохчийн халкъан меттан исбаьхьаллица кхелина бу, дукхаха йолу репликаш ирачу аларех лаьтташ ю. Персонажаш, къамелаш деха а ца деш, сцени тIехь    вовшашца сих-сиха хийцало. Уьш дикачу драматургически произведенийн билгалонаш ю.

Нурадилов Ханпашин цIарахчу  Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь хIоттийра «Бож-Iела» комеди. Театран директор волчу Хамидов Iабдул-Хьамида пьеса язъешшехь коьрта ролаш билггалболчу актерашна леринера, муьлха актер муьлхачу персонажан роль ловзош хир ву билгал а дина, церан корматалла тидаме а оьцуш, кхоьллинера коьртачу персонажийн васташ. ГIарабевлла болу халкъан артисташ бара комедин коьрта ролашкахь: Давлетмирзаев Iабдул-МутIелип (Бож-Iела), Дениев Iаьльви (Сутарби), Исаева Асет (Майма). Лаккхарчу исбаьхьаллица язйинчу пьеси тIехь лаккхара корматалла йолчу актераша инзаре дика спектакль хIоттийра. Цхьана а кхийолчу пьесин ца хиллачу тайпана боккха кхиам хилира комедин. Оьрсийн литературин классикан Н. В. Гоголан шуьйра евзаш йолчу «Ревизор» комедица юстура иза хIетахьлерчу зорбанехь.  

Комедин коьрта персонажаш Бож-Iела, Сутарби, Майма  харцахьарчу амалшца йоллушехь, шайн исбаьхьчу маттаца, хазачу забаршца, шаьш цхьа  ша-тайпа беламе  хиларца нахана  езаелира. Къоман барта произведенийн персонажийн цIерш санна, нахана юкъа яьржира церан цIераш, гуттаренна а халкъа юкъахь йиса а йисина. Пьеси тIера дукхаха долу ира аларш кицанашка а дирзина, нохчийн матте даьхкина. Масала: «Девнах шура ца йогIу», «Ахьар дезачо хьера ваха мало ян мегар дац», «Юучу хIуманийн паччахь жижиг-гала ду», «Дика нах-м шорта хьаха бара, комаьрша нах кIезиг бу-кх», «Метиг санна, дукха хьайгахьа ву хьо». «Ша шакарца тамаш балла доккха хIума ду и».

1967 шарахь дIаяьхьначу драматически произведенийн Ерригсоюзан конкурсехь кхоалгIачу даржан диплом делира “Бож-Iела” пьесина. Оцу пьеси тIехь спектаклаш хIиттийна Къилбаседа Кавказерчу республикийн ерриге а бохург санна драматически театраша. Нохчийн драматически театран сцени тIехь ша язйичхьана дуьйна таханаллац  боккхачу кхиамца хаддаза хIиттош ю и комеди.  

Цу тайпана, Хамидов Iабдул-Хьамидан кхоллараллехь дукхаха ерш забаре, сатирически произведенеш ю, масала, "Абубешар",   "ДIа –  коч, схьа – коч", "Дурдий, Даргий”,  "ГIирмасолтас яьккхина са", «Хингал» цIерш йолу  дийцарш, «Бож-Iела», «Мохсолтийн доьхна де» цIерш йолу пьесаш. Цаьрца цхьаьна яздархочун кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш  ю  драматургин кхечу форманашкахь язйина произведенеш а. Царах ю вай лакхахь хьахийна драмаш «Ламанан йоI», «Совдаттий, Дауддий»,   берашна лерина туьйра-пьеса «ТIам сийна кхокха», турпалаллин драма «Лийрбоцурш». Уьш мехала драматургически произведенеш ю.

Царна юккъехь къаьсттина билгалъяккха еза  "Лийрбоцурш" цIе йолу драма. Нохчийн къоман сийлахьчу кIантах Советски Союзан Турпалхочух Нурадилов Ханпашех а, цуьнан накъостех-тIемалойх а лаьцна ю и пьеса. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь  цхьа эзар гергга мостагI хIаллаквинчу пулеметчикан  Нурадилов Ханпашин цIе гIараяьлла евзина ерриге пачхьалкхехь. Цуьнан  бIаьхаллин хьуьнарш кхечарна масалла хилла лаьттина. Луьрчу тIамехь халкъан маршо ларъеш, шен къона дахар дIаделлачу Нурадилов Ханпашин цIе гуттаренна а йисна Даймехкан исторехь, къоман иэсехь. Хамидов Iабдул-Хьамида ша пьеса язъян волавалале, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хенахьлерчу документашна тIехь еххачу хенахь болх а бина, дуккха а материл гулйина хилла Нурадилов Ханпашин бIаьхаллин хьуьнарх лаьцна. Оцу исторически бакъдолчийн буха тIехь язйина драматурго шен «Лийрбоцурш» турпалаллин драма.

Фашистски Германис ямартлонца тIом болийча, дерриге а халкъ Даймохк Iалашбан мостагIчунна дуьхьалдалар гайтина пьеси тIехь. ТIеман арахь бIаьхоша а, тылехь хьаналчу къинхьегамца дерриге адамо а мостагIчунна тIехь толам баккхарехьа латтийна турпала къийсам бу пьесин чулацамехь. Гитлеровски фашистех вайн Даймохк Iалашбан гIевттинчу  бIаьхойн къонахалла, майралла, шаьш кхиийна даймохк барам боцуш  царна дукхабезаш хилар гайтина авторо.

Турпалаллин драма  дIайолало  дагах кхетачу авторан дешнашца:  «Хьоме доттагIий, зама дIаоьху, оьхур а ю. Амма адамийн дегнаш чуьра цкъа а дIаяьлла яц я ер а яц Даймехкан тIеман буьрсачу деношкахь, вайн халкъан сий, ирс лоьхуш, шайн синош дIаделлачийн сийлахь цIерш. Оцу сийлахьчу цIершна юкъахь ю Нурадилов Ханпашин а, цуьнан накъостийн а цIерш. Бала къона бара Нурадилов а, цуьнан накъостий а. Амма къонахийн дахар шерашца дагардеш хила ца деза, цара шайн халкъана динчу гIуллакхашца дагардеш хила деза. 

БIе шарахь ваьхнарг а ца ваьхна дукха, и шен халкъана гIуллакх деш ца ваьхнехь, ткъа шарахь ваьхнарг а ваьхна дукха, и шен халкъана гIуллакх деш ваьхнехь.

Суна лаьа, доттагIий, цкъа а лийрбоцчу башхачу турпалхойх дерг шуна дийца. ЛадогIалаш сан дийцаре!».

Иза пьесин пролог ю. Цу тIехь билгалйолу авторан Iалашо а, пьесин тема а.

Шен барамехь гIеххьа йоккха ю пьеса.  Прологах, ворхI суьртах долчу кхаа декъах, эпилогах лаьтташ ю иза. Пьеси тIехь 29 персонаж ю: ЦIечу Эскаран эпсарш, салтий, дошлойн эскадронан тIемалой, немцойн эпсарш, салтий, гестаповцаш, эвлара зударий, кхиболу наххий. Пьесин хиламаш тайп-тайпанчу меттигашкахь кхочушхуьлу: нохчийн юьртахь, Украинехь, Сталинградски фронтехь, немцойн блиндажехь.

Пьесин сюжет, цу тIера хиламаш кхиар иштта ду:

Хьалхара сурт – нохчийн юрт, машаре дахар, Нурадилов Ханпаша эскаре ваха новкъа ваьлла, тIом болабалаза бу.

ШолгIий, кхоалгIий суьрташ – тIом боьдуш бу, Украинерчу Захаровка эвлана гена йоцчу хьуьнан йийстехь мостагIчунна тIамца дуьхьал лаьтташ бу Нурадилов Ханпаша а, цуьнан накъостий-тIемалой а. Дика кечам а бина, мостагIчунна рогIера тIелатар кхиамца чекхдоккху цара. Дуккха а фашисташ хIаллакбина, ворхI йийсаре валийна. Нурадилов Ханпаша пулеметни расчетан командир хIоттаво.

ДоьалгIа сурт – Каметин хIусам. Зударий бу тIемалошна      яхьийта бедарш а, яа хIума а кхоьхьуш . Тешнабехкаца  чу а вогIий, Исраьил нуьцкъаха Камета шена йига гIурту. Каметас, шалгу топ схьа а оьций, дуьхьало йо. И шиъ вовшийн карах ле.

ПхоьалгIа сурт – Сталинградски фронт, Серафимович-гIалина юххехь. 1942 шеран август бутт. Нурадилов Ханпашас хIинцале ялх бIе ах бIе фашист хIаллаквина, пхиъ пулеметни точка йохийна, шийтта мостагI лаьцна каравалийна. Лакхарчу сержантан дарже а ваьккхина, пулеметнин шина взводан командир  хIоттийна иза. Нурадиловн бIаьхоша шайна тIедехкина тIеман декхарш кхиамца кхочушдо. Шайн магIаршкахь зенаш  хиллехь а, мостагIчун луьра атака юхатоьхна цара.

ЙолхалгIа сурт – немцойн блиндаж. Минанаш тIе а нисвелла, чевнаш а хилла, гIелвеллачул тIаьхьа шаьш каравалийна Баркинхоев, Федоров леван гIерташ бу гестаповцаш. Амма мостагIчунна оьшуш долу цхьа дош ца долу цу шингара. Федоровна тоьпаш туху, Баркинхоев кIелхьарвоккху тIекхиинчу Ханпашассий, Бульбассий. 

ВорхIалгIа сурт – Сталинградски фронт. Йогучу гIалин цIерш. Цхьана борза тIехь долчу ор чохь оборона лаьцна севцца бу Нурадилов, Баркинхоев, Бульбий. Пулемет дIа а хIоттош, тIамна кечам бо цара. Цхьа гIап бен пулеметан патармаш дац, цхьаъ бен граната а яц. ХIорш лоьхуш болу немцой тIекхочуш лаьтта. Фашистийн арданг йоккха ю, хIорш кхоъ бен вац. Iаламат халчу тIамехь алссам мостагIий хIалакбеш, турпалаллица Iожалла тIеоьцу  кхааммо а.

Пьеса дIайолалуш ма-хиллара, иза чекхйолуш, эпилогехь а онд­да дека авторан аз: «Иштта чекхделира цу башхачу кегийрхойн дахар! Хьоме накъостий, вайн ирс, паргIато Iалашъеш, шайн синош дIаделлачу сийлахьчу советски салтийн сий деш, хьалагIовтта! Диц ма де, тахана а дуьнен чохь маьI-маьIIехь тIамо ягош гIаланаш, ярташ хилар, дойуш зударий, бераш хилар.

ТIеман цIе яйна яц. Шайн кхане йоцурш, шайн тахане яхъян гIерташ, герзе кхийда. Сема хила, доттагIий, латта хIинца а хал­къан мостагIех цIандаза ду! Сема хила!».

Даймохк Iалашбеш, халкъан паргIато ларъеш, турпалалла гайтина бIаьхоша. Цара, майраллех, доьналлех ца бухуш, даймехкан мостагIашна дуьхьалбевлла, халкъан сий лардеш, дIаделла шайн синош. Уьш эша ца белла луьрчу мостагIашка, фашисташна тIехь толам боккхуш, турпалаллица эгна сийлахь тIемалой. Дерриге халкъ ду мостагIчуьнца болчу къийсамехь турпалалла гайтина. Иза къеггина билгалдолу пьеси тIехь. Цундела аьлла авторо шен пьесех турпалаллин драма. Даккхий хьуьнарш долу турпалхой а болуш, шен чулацамехь адамийн майралла, доьналла гойтуш йолчу драматургически произведених олу турпалаллин драма.

Даймехкан тIамехь  адамийн патриотизм, майралла, доьналла гайтина йолу турпалаллин драма ю «Лийрбоцурш».

Пьесин хьалхара дакъа дIадолало Ханпашин, Мутин диалогаца. Эскаре ваха новкъа ваьлла Ханпаший, фински тIамехь чов а йина, цIа вогIуш волу цуьнан ваша Мутий дуьхь-дуьхьал кхета. Мутина, цкъа делахь, хазахета шен ваша воккха а хилла, эскаре воьдуш, шолгIа делахь, цуьнан шел жимчу веше  йолу къинхетаме ойла а хаало кхузахь. Ханпашига боху цо: «Ден, ненан марзо ахь ца эцна дела, со вара хьуна, жимма айса терго-хIума а еш, хьо деша вохуьйтур бохуш». Амма, шен ваша эскаре ваха  лууш, доьналла долуш, къонахалла йолуш хиларх воккхаве Мути. Ханпашина хьехар до цо: «Эскар къонахийн меттиг ю. Салтий вовшийн гIо деш а, терго еш а хила беза. Яхь йоцчу кIантах дан хIума дац. Яхь хила еза. Молханан хьожа йогIуш зама ю хIара, Ханпаша. ТIом эккхаран сахьт дац. Iедална а, нахана а гергахь хьайн дика цIе йоккху агIо лаха». Иштта хьехар дина, эскаре хьажаво Мутис шен ваша. Шен коьртара куй Ханпашина а туьллий, цуьнан куй шена туьллу Мутис: «Саьмгалан хьожа а йогIуш бу хьуна и куй, гIоза а, декъала а лелабойла ахь и!» – олий. Ханпашас а боху: «И сан куй а бу хьуна, Мутий, мехкадаьттанан хьожа а йогIуш, ахь и а лелабойла гIоза а, декъала а!»

КIорггера маьIна ду оцу суьртан. Даймохк Iалашбаран, къинхьегамца цуьнан хьал дебора ламасташ хедаш дац, уьш, баккхийчаьргара кегийчаьрга а кхочуш, дехаш ду, даима даха дезаш а ду. Адамийн дахаран коьрта гIиллакх ду и.

Ерриге пьесах чекхдолуш ду Нохчийчоьнан оьздачу кIентан, майрачу бIаьхочун Нурадилов Ханпашин турпала васт. Пьеси тIехь драматурго исбаьхьаллица гайтина шен турпалхочун бIаьхаллин хьуьнарш, цуьнан шен накъосташца йолу юкъаметтигаш, Каметига болчу цIенчу безаман ойланаш.

Лаккхарчу айамца кхоьллина авторо Нурадилов Ханпашин накъостийн-бIаьхойн Соловьевн, Баркинхоевн, Бульбин, Федоровн, Гнездиковн, Асановн васташ а. Вайн махка Iазап дахьаш веанчу мостагIчунна тIехь толам баккхархьама, шайн синош дIадала а кийча бу уьш. МостагI мел ницкъ болуш велахь а, цунна тIехь толам боккхург хиларх даггара тешна бу пьесин турпалхой. Вовшашна чу садиллина,, цхьа барт болуш, доьналла, майралла йолуш гайтина тIемалой. МостагIчух озавалар, кхеравалар хIун ду ца хаьа царна. Царах хIоранна а шен-шен амал билгалйолу пьеси тIехь. 

Драматурго мух-мухха а ца гайтина мостагIий а, уьш ондда ницкъ болуш, тIелата а хууш, шайгахь майралла а йолуш бу, амма церан къизалла гучуяьккхина.

Къеггина гучудолу пьеси тIехь тIамо деш долу зенаш, адамашка деана вон, церан гIайгIанаш-баланаш. Юьртахь биснарш беккъа зударий бу. ТIамехь цхьаннан цIийнда вийна, вукхуьнан – кIант, кхечуьнан ваша вийна. ХIетте а церан дегнаш чIагI ца делла, къинхетам бу цаьргахь, комаьрша бу уьш. Нохчийн зударий Бикату, Бесират, Аза, Ану, Хьава, Зина, кхиберш а тIаме баханчу божарийн меттана белхашкахь бу. Азас боху, тIом балале,  шиммо, кхааммо деш хилларг хIинца цхьаммо а деш, далург а, цадалург дан гIерташ дохку адамаш. Анус тIетуху: «Ахьа-м баккхийнаш буьйцу. Массо а бер а-м ду, таса а делла, шайн хирг дан гIерташ доллуш». Фронте тIемалошна яхьийта хIуманаш яхьаш баьхкина уьш Бикату хIусаме. ЦIенчу даггара, шайгара мелла а хилла а тIемалошна  гIо хилахьара аьлла, хеташ, йохьуьйту цара шайн йолу-йоцург. Драматурго говза кхоьллинчу диалогашкахь билгалдаьккхина, деанчу воно шайн къинхетамен ойланех уьш бохийна цахилар.

 Пьесин башхаллех ду хIор персонажан амалехь долу коьртаниг къаьсташ билгалдалар.

Иза кхочушдина говза хIиттийнчу персонажийн йоццачу репликашкахь а, кIеззиг йолчу авторан ремаркашкахь а. Шайн къамелаш дах а ца дойтуш, персонажаш сих-сиха хийцайолуьйту драматурго. ХIораннийн къамел чулацаме, шен маьIна долуш хуьлуьйту. Оцу хьелаша дог доуьйту пьеса еша а, сцени тIехь хIотточу хенахь цуьнга хьажа а, таро хуьлуьйту авторан ойланах кхиа а.

Буьрсачу тIамехь цхьа эзар гергга фашист   хIаллаквина турпалчу пулеметчика Нурадилов Ханпашас. ТIеман даккхий хьуьнарш гайтина цуьнан накъосташа. Даймахкана дIаделла цара шайн къона дахар. МостагIчунна тIехь толам боккхуш, тIеман арахь турпалаллица эгна уьш. Даймохк Iалашбеш, халкъана паргIато йоккхуш велларг адамийн дегнашкахь гуттаренна а вуьсу, тIекхуьучарна масал хуьлий лаьтта цуьнан цIе. Цундела аьлла автора шен турпалхойх "Лийрбоцурш", адамашна уьш бицлург цахилар чIагIдеш.

Хамидов Iабдул-Хьамидан кхолларалла, цуьнан  драматургически произведенеш, сатирически дийцарш, цо театрехь дина гIуллакх Iаламат мехала ду къоман литература, театр, культура кхиарехь.

Цуьнан пьесаш тIехь хIиттийна спектаклаш хIинца а йоккха меттиг дIалоцуш ю нохчийн къоман театран репертуарехь.

                                                      ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                                      НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Абубешара лаьттах тоьхна куй. Дийцар // Къинхьегаман байракх. 1955. 8 сент.
Ирсе мохк. Стихи // Къинхьегаман байракх. 1955. 7 нояб.
Совдаттий, Дауддий // Къинхьегаман байракх. 1955. 8, 15 дек.
Совдаттий, Дауддий. Пьесин дакъа // Къинхьегаман байракх. 1956. 12-19 янв., 23 февр., 15 март, 20 апр.
Нохчийн вальс. Стихаш // Къинхьегаман байракх. 1956. 23 авг.
Забаре байташ // Къинхегаман байракх. 1956. 14 дек.
Забаре байташ // Ленинан некъ. 1957. 30 авг.
Дурдий, Даргий. Дийцар // Ленинан некъ. 1957. 12 сент.
ГIирмсолтас яьккхина са. Дийцар // Ленинан некъ. 1957. 2, 4 окт.
Совдаттий. Дауддий. Пьеса. Грозный, 1958.
Абубешар. Дийцарш. Грозный, 1958.
Хьоме Москва. Стихи // Сердало. 1960. 14 июль.
Байташ // Сердало. 1960. 11 авг.
Партина – хастам! //  Грозный. 1960. С. 7.
Къинхьегам. Стихаш // Сердало. 1963. 13 янв.
В родных местах. Стихаш // Сердало. 1963. 24 февр.
ЖаIуьнан илли // Ленинан некъ. 1963. 31 март.
Экзамен. Дийцар // Ленинан некъ. 1963. 22 сент.
Бож-Iела. Пьеса. Грозный, 1967.
Дийцарш, пьесаш. Грозный, 1970.
Лийрбоцурш. Дийцарш, пьесаш. Грозный, 1980.
Абубешар. Стихаш, дийцарш, пьесаш. Грозный,1991.
Бож-Iела. Комеди // Орга. 1996. № 3, 4. 
Бож-Iела. Пьеса // Кн. тIехь: Нохчийн драматурги. Соьлжа-гIала. 2011. А. 27-104.
Зезаг. − Партизанан илли. − Теркан йистехь. − Хьоме Лайлаъ. Стихаш // Кн. тIехь: Нохчийн поэзи. Соьлжа-гIала. 2011. А. 58-62.

                                                           ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Дядя Вася // Алма-Ата. «Казахгослитиздат. 1957. С. 22.
Абубешир и Баянт. Рассказ. Пер. А. Казаков // Грозненский рабочий. 1958. 19 янв.

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет