Хьомсара Аймани!Ас даггара декъалйо хьо йинчу денца. Со воккхаве хьо хиларх. Собарца, доьналлица лайра ахь вайн доьзална а, махкана а т1едеана хийла вуон, тхан дена, Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентана тешаме накъост хилла чекх а елира. Дела реза хуьлда хьуна!

Тахана хьо сан нана хилла ца 1а, ахь хьайн дагах чекхдоккху Нохчийчохь хуьлуш долу дерриг дика а, вуон а, хийла нана йоцчу во1ана нана хили хьох, йиша йоцчу йишина йиша хили, гIo-орца оьшучу хийла мисканна хьайн комаьршаллица гlo-орцах кхечи. Халкъана, махкана хьанал вацар кост-декхар дина, тхан дас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, д1аболийна машаран некъ д1акхехьар т1едиллина ахь дахаран новкьа ваьккхинчу суна а, сан накъосташна а дика масал хилла лаьтта хьо. Суна хаьа, хьайгахь лам баккхал собар хиларна ахь и схьа ца гайтахь а, хьан дог, массо ненан а санна, к1еда дуйла, экам дуйла, лазаме дуйла, суна а, сан накъосташна а, ерриг Нохчийчоьнна а сагатдеш, ахь хийла буьйса наб йоцуш яьккхина. Къинт1ера яла. Амма хьо тешалахь, Дела реза воцург доьжна, хьо юьхь1аьржа х1уттур яц хьуна.

Тхан а, хьох шайн нана таръелла, хьоьгарчу гlo-орцане сатуьйсучу эзарнийн а дуьхьа, могаш-маьрша Дала дукхаяхайойла хьо!

Хьайн до1анашкахь ахь Деле йоьхучу Нохчийчохь ирсе дахар хуьлда вайн нохчийн къоман.

Хьан к1ант, Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан

Пресс-служба Президента и Правительства Чеченской Республики
www.Chechnyatoday.com

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2