Арсанукаев Iабдулла

Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: «Нохчийн литературина хьанал а, беркате а хир волуш, дика накъост а, вуьззина къонах ву Зияудин».

Яздархо Абдулаев Зияудин шуьйра вевзира нохчийн къам махках даккхарх лаьцна язйинчу произведенешца.

Абдулаев Зияудин вина 1926 шеран 4 августехь Ачхой-Мартанан районан Котар-Юьртахь СаIдуллин доьзалехь. Юьртахоша лоруш, доьналла долуш стаг хилла СаIдулла.

Шен юьртара школа чекхъяьккхинчул  тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу рабфакехь дешна Зияудин, цуьнца цхьаьна исбаьхьаллин студи а чекхъяьккхина. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь болх бина “Окна ТАСС”-н  Соьлжа-ГIаларчу отделенехь. Исбаьхьаллин дашца, суьртийн плакатан гIирсашца адаман ойла фашисташна дуьхьал яккхарехь доккха гIуллакх дора Соьлжа-ГIаларчу “Окна ТАСС”-н белхахоша. Царна юккъехь вара къона Абдулаев Зияудин а. Даймехкан тIамехь болчу нохчийн бIаьхойх лаьцна материалаш кечйора цо. Иштта, Шуьйтан районерчу вежарийн ДзухайраевгIера бIаьхаллин хьуьнарех лаьцна стихотворени а, йоккха очерк а тIехь йолуш плакат арахецнера цо. Иза Абдулаев Зияудин дуьххьара зорбане валар ларалуш ду.

Нохчийн къам махкахдаьккхинчу хенахь Казахстанан  Чимкентски областе нисвеллера Зияудин. Цигахь 1946 шарахь гIишлошъярхочун говзалла караерзийна. Цул тIаьхьа прораб волуш белхаш бина тайп-тайпанчу гIишлошъяран организацешкахь Казахстанехь, Кабардино-Балкарехь, Краснодарски крайхь, Нохч-ГIалгIайчохь. Ша миччахьа болх беш хилча а адамийн юкъаметтигаш тергалйина Абдулаев Зияудин, дахаран хьелаш довза гIиртина. ГIишлошъяран организацийн куьйгаллехь ша волуш даим а белхалошца йовха, адамаллин юкъаметтигаш латтийна цо, цаьрца хьаькхна хилла, церан хьашташ кхочушдан гIиртина. Цундела хIара везаш а, кхуьнга лерам болуш а хилла кхуьнца болх  бинарш.

Жимчохь дуьйна а исбаьхьаллин литературе шовкъ йолуш  хилла Зияудин. Цо хаддаза ешна оьрсийн а, нохчийн а яздархойн произведенеш. ДIадаханчу бIешеран 50-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь ша а тIевирззина яздан волавелла иза. Цо ша зийна журналистикехь а, исбаьхьаллин литературехь а.  Абдулаев Зияудинан кегийра произведенеш зорбатоьхна 1953 шарахь Кахастанехь Ленгер гIалахь арадолуш хиллачу “Ленгерский рабочий” газетан агIонаш тIехь. Цул тIаьхьа цуьнан дийцарш, очеркаш, кегийра повесташ арайилина «Къинхьегаман байракх», “Ленинан некъ”, “Грозненский рабочий” газеташ тIехь, “Орга” альманахан агIонаш тIехь, Москвахь арахоьцучу “Юность”, «Дружба народов» журналаш тIехь, юкъарчу сборникаш тIехь.   Оьрсийн маттахь язйина Абдулаев Зияудина шен произведенеш. Цуьнан дийцарийн, очеркийн, повестийн турпалхойн тайп-тайпанчу къаьмнех а болуш, авторна гонахара адамаш хилла. Церан ойланаш, гIуллакхаш, гIиллакхаш дика девзаш волчу яздархочо исбаьхьаллица кхоьллина  шен турпахойн васташ. 

Абдулаев Зияудинан дуьххьарлера книга “На берегах Ассы” араяьлла 1975 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Цу тIехь зорбатоьхна яра книга шен цIарах йолу повесть “На берегах Ассы”, очеркаш “Балкарский Гаврош”, “Побратимы”, “Цветы у обелиска”, “Сестры”, “Ветераны”, дийцарш “Оранша”, “Случай на трассе”, “Чужой”.   И книга араяьлча, литературоведа Айдаев ЮшаIа яздина: «Вышла первая книга  З. Абдулаева, в которой проявился безусловный творческий талант ее автора. Он строитель по профессии, человек пытливого ума, влюбленный в жизнь, старающийся уловить наиболее интересные ее закономерности. Прежде всего волнует писателя человек и его дело, богатство и разносторонность его духа, чувство взаимной привязанности и ответственности друг перед другом людей разных национальностей… Автор сумел в своих произведениях художественно убедительно рассказать о вещах привычных и избежать при этом декларативности и банальности. Писатель очень чуток к слову, умело использует живописную разговорную речь. Образы его произведений запоминающиеся».  Айдаев ЮшаIа яздархочун дуьххьарлера книга араяьлча, цуьнан кхоллараллин хадийна мах нийса хилар гайтина Абдулаев Зияудина кхидIа арайийлинчу произведенеша а.

“На берегах Ассы” повесть тIехь Нохчийчоьнан станицашкарчу дахаран суьрташ го вайна. Боккхачу безамца кхоьллина гIалагIазкхийн васташ, дегайовхонца гайтина церан Iер-дахаран хьелаш, ламасташ. Исбаьхьа бу персонажийн мотт. Повесть “На берегах Ассы” Iаьс хина тIехула тIай тилларан хьокъехь ю, амма повестан сюжет къеначу гIалагIазкхичун Волков Тимофейн дийцарех-дагалецамех лаьтташ ю. Оьрсийн-японски тIамехь Котар-юьртахочуьнца Алиханов Гириханца шен кхолладеллачу доттагIаллех, тIаьхь-тIаьхьа а вовшашца лаьттинчу вошаллин уьйрех даггара воккхаверца дуьйцу гIалагIазкхичо. Шен дехачу дахаран новкъахь (72 шо ду цуьнан) халонаш лайна, адамийн къизалла (шен ден къизалла а тIехь) гина волчу воккхачу стеган дог чIагI ца делла, оьгIазалле ца дирзина. Адамаш къаьмнашка а доькъуш ца хадабо цо церн мах. Гириханца а, и санна болчу кхечаьрца а хиллачу юкъаметтигашца гучуйолу цуьнан деган дикалла, адамашка цуьнан йолу деган йовхо, деган марзо. Адамалла, адамийн вовшашца беркате уьйраш хила езар – иза ду повестехь коьртаниг.

«Дорога через пустыню» повесть а, «Случай на трассе» дийцар а Мангышлакерчу халчу хьелашкахь гIишлошъярхоша гойтучу хьуьнарех, цара шайн белхан декхарш жоьпаллица кхочушдарх лаьцна ю. Тайп-тайпана ду яздархочо кхоьллина васташ : Кара-Куман кхерамечу гIамаршкахула машинаш лелош болу шофераш Зогнин, Болат, Якъуб; ГАИ-н начальник Гольцов; Мангышлакера гIишлошъярхой а, церан бригадир Петухов а; ЖаIуьнан йоI скрипачка Софья а, цуьнан тIехьиза кIант ветеринар Асан а; ледара гIуллакхъхо волу исполкоман председателан заместитель а, кураллах юьззина йолу цуьнан зуда а. Царах цхьаберш текст тIехь кIеззиг бен гайтина бацахь а, церан хIоранна а амалш исбаьхьаллица  гучуяьхна яздархочо.

Абдулаев Зияудинан произведенеш юккъехь шен лиризмаца къаьсташ ду “Оранша” цIе йолу дийцар. Казашка Оранша ю дийцаран турпалхо. Лакхарчу исбаьхьаллица кхоьллина автора шен турпалхочун васт. Оьзда амалш, деган комаьршалла,  цIена безам гайтина. Оцу дийцаран чулацам шен «Всполохи» повестан а, цул тIаьхьа «Сокрушение идолов» романан а тексташна юкъа бахийтина автора.

1988 шарахь зорбанера араяьлла “Всполохи” повесть. Иза нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш 1944 шарахь махкахдахарх лаьцна ю. Боккха кхиам хилира повестан, цуьнан тираж туьканашкара сихха дIаелира. Эца ца карош, наха кар-кара а луш ешара иза.

Iедал а, халкъ а, советан Iедало вайнахана тIехь латтийна харцо – и ю повестан  коьрта тема. Нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш махкахдохуш гайтарца дIайолало повесть. Бежнаш лелочу вагонаш чохь,  тоъал  яа, мала йоцуш, мацалла, хьогалла ловш, вагонаш чохь адам дукха хиларна цамгарш токхуш, баларш хуьлуш, велларг салташа эрна ара дIакхуссуш,  сибрех дIабигира банний бехк боцу зударий, бераш, баккхий нах. Оццу хенахь дукхахаболу нохчийн, гIалгIайн божарий Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь мостагIчунна дуьхьал лаьтташ бара, ткъа церан дай, наной, ийжарий, бераш Iедалан мостагIий а лерина, сибрех хьовсийна.

Повесть тIехь кхидIа болу  хиламаш Казахстанан аренашкахь кхочушхуьлуш бу.

Коьрта турпалхочун Зурабан васт ду ерриг повестах чекхдолуш. Иза цIена, хьанал, къинхетаме жима стаг ву. БерхIитта шо ду цуьнан дуьххьара вайна иза вевзаш. Хийрачу махкахь, дахаран халчу хьелашкахь кхуьу цуьнан амал. Iедал харц делахь а, адамаш дика ду. Шена гонахболчаьрца Зурабан йолу юкъаметтигаш гайтарца кхуьуш бу повестан хиламаш.  Iер-дахарехь, балха тIехь Зурабана дукха хьолахь дика адамаш нисло. Цара гIо до халчу киртиг тIе хIара нисвелча,. Шегара гIо оьшучохь Зураб а волу  царна орцах.  

Махкахдаьхначохь мел яккхий халонаш лайнехь а, нохчийн къам шен амалх ца доьхна.  Адамах доглазар, къинхетаме хилар лору яздархочо адамаллин лаккхарчу мехаллех. Иза нохчийн амалехь дисина лору цо. Нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш махкахдохуш коьрта зуламхо хилла волу Лаврентий Берия халкъан мостагI хилар дIа а кхайкхийна, иза жоьпе озор повесть тIехь хьахийнчохь автора яздо: «Но никакое зло в мире не остается безнаказанным. Близился день, когда мерзавцы державного масштаба понесут заслуженное наказание за свои черные дела. И когда на станции Джамбул высадят на поселение семью Берия, забыв про собственные страдания, чеченские и ингушские женщины будут плакать от жалости. Бедные и великодушные жены и матери кавказцев! Проронили ли хоть одну-единственную слезу супруга и дочери каина в золотом пенсне, когда, вырывая из объятий, на глухих полустанках бросали в раскаленные пески трупики ваших детишек, умиравших от тесноты и голода в товарных вагонах? Вряд ли. Благоденствовали на роскошных подмосковных дачах, и в те дни им не было никакого дела до ваших нечеловеческих страданий. А вы плакали!». 

Говза, йьошушволчуьнан ойлане дIакхочуш, цуьнан дагна Iаьткъаш долу сурт хIотто хаьа яздархочунна.

Автора исбаьхьчу сурташца гучуйоккху  турпалхойн дог-ойла а. Шен ши кIант тIаме ваха новкъа воккхуш, царна тIаьхьаяьлла Райхан гойтуш иштта сурт кхоьллина яздархочо: «Когда тропа привела на большак, Райхан остановилась, позвала сыновей, прижала их головы к сердцу.

– Милые мои верблюжата, берегите себя, да сохранит Всевышний ваши молодые души!

Попрощавшись с матерью, парни быстро зашагали по большаку. Когда они скрылись из виду, ноги Райхан сделались как ватные и она рухнула на землю, царапая заскорузлыми ногтями солончак. Горько-горько зарыдала, и та самая земля, по которой уходили ее сыновья, жадно впитывала материнские слезы, вобравшие в себя и боль, и нежность, и предчувствия страшной, непоправимой беды. В какое-то мгновение сердце Райхан подстегнул безотчетный ужас, она хотела вскочить и крикнуть: «Мальчики, вернитесь – я растила вас не для войны!» «Но разве другие матери на праздник провожали своих?» - будто услышала она чей-то голос – и Райхан притихла, не в силах оторваться от земли». 

1991 шарахь “Всполохи” повестан шолгIа книга арахийцира автора. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча араелира “Сокрушение идолов” цIе йолу книга. Цу тIехь “Сокрушение идолов”  роман а яра, шиъ повесть а, очеркаш, дийцарш а дара зорбатоьхна, царал совнаха нохчийн яздархойх лаьцна дагалецамаш а, статья а яра.

«Сокрушение идолов» роман «Всполохи» повестан материала тIехь язйина ю. Повестан тема шоръеш а, маьIна кIаргдеш а бу романан чулацам. Коьрта долчунна повестехь  хилла персонажаш ю роман тIехь а. Романан коьрта турпалхо Зураб къаьмнаш махкахдахийтинчунна бекхам бан араволу, амма шен Iалашоне-м ца кхочу.

Абдулаев Зияудинан произведенийн ша-тайпа башхалла ю царна тIехь авторан шен  ойланехь кхоьллинчу персонажашца цхьаьна дахарехь долу адамаш а хилар, шайн цIаршца, шайн леламашца ма-хиллара гайтина.. Уьш а исбаьхьаллин васташка дерзийна автора. Мел кIезиг хьахийнчийн а коьрта амал билгалъяккхина яздархочо. Масала, Нохч-ГIалгIайн АССР-н куьйгалхо лаьттина волу Моллаев Супьян, цуьнан хIусамнана, ГIалмакхойн республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитель лаьттина майор Худаев, чекист Маскуров Шахангирей,  Нохч-ГIалгIайн республикин Совминан председателан заместитель хилла волу Сагаев Шамсуддин, кхиберш а. 

Яздархочун дукхахайолу произведенеш документальни бух болуш ю. Схьахетарехь, Абдулаев Зияудина шена гинарг, ша теш хилларг, ша лайнарг, шена юххера девзинарг бен ца яздеш хиллачух тера ду.

Абдулаев Зияудинан кхоллараллехь алссам очеркаш а ю. Царах цхьаерш граждански тIамехь а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь а майралла, турпалалла гайтинчарах лаьцна ю: «Балкарский Гаврош», «Цветы у обелисков», «Лицо фашизма», «Ветераны», «Сестры», «Солдат Победы», «Рассказ о лейтенанте Камаеве»; важаерш машаре къинхьегамехь шайн хьунаршца билгалбевлчарах ю: «Звезда Шамсудина», «Ревазовское озеро», «Разбуженная окраина».

Абдулаев Зияудинан публицистикехь шена тIе тидам бохуьйтуш ю «Авторханов и перестройка» цIе йолу статья.

Шен накъостех яздархойх лаьцна бовха дагалецамаш битина Абдулаев Зияудина. Даггарчу лерамца яздина цо Мамакаев Мохьмадах лаьцна («Памяти магическая нить. Из воспоминаний о встречах с Магомедом Мамакаевым»), гIалгIайн поэтах Яндиев Джамалдинах лаьцна (Несколько эпизодов из жизни «Гусара»). Оцу дагалецамашкахь Мамакаев Мохьмадан а, Яндиев Джамалдина а дахарах болу хаамаш мелла а тIе а бузуш, церан амалийн керла агIонаш гайтина.

Абдулаев Зияудинан тоьлуш йолу произведенеш нохчийн къоман дахаран уггаре хала мур (1944 – 1957 шераш) чулоцуш ю. Нохчийн а, кхидолу а къаьмнаш махкахдахаран тема иштта шуьйра айинчу хьалхарчу яздархойх вара Абдулаев Зияудин. Зорбанера ара ма евллинехь Iаламат боккха кхиам хилира цуьнан произведенийн. ХIинца а наха дукха йоьшучарна юккъехь ю цуьнан произведенеш. Уьш юха зорба а тухуш, кест-кеста арахоьцуш ю.

            Абдулаев Зияудин кхелхина 1994 шеран 23 сентябрехь  Соьлжа-ГIалахь.

                                                   АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                                                      КНИГАШ

                                                              ОЬРСИЙН МАТТАХЬ 

На берегах Ассы. Повесть, рассказы, очерки. Грозный,1975.
Оранша. Повесть и рассказы.  Грозный, 1978.
Звезда Шамсудина. Грозный, 1979.
Всполохи. Повести, рассказы, очерки. Грозный, 1988.
Всполохи. Повесть. Вторая книга. Грозный, 1991.
Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992.
Избранное. Всполохи. М., 2009.

                                      МУЬРАН ЗОРБАНЕХЬ А, ЮКЪАРЧУ ГУЛАРШКАХЬ А

                                                  АРАЙИЙЛИНА ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                                         НОХЧИЙН МАТТАХЬ

ДоттагIчуьнга // Орга. 1961. № 3. А. 50.
ТIай туьллуш ду. Дийцар // Орга, 1970, №3. А. 3-18.
Новкъахь нисделларг. Очерк // Ленинан некъ. 1972. 13 дек.
Вежараллин кешнаш. Новелла // Орга, 1973. № 2. А. 3-13
Разведчикан Маашевн дийцарш // Орга, 1973. № 3. А. 24-28.
Къоначийн ойланаш. Дийцарийн, очеркийн книжка. (З. Абдулаев, Дугин I., А. Дадашев).  ХIоттийнарг М. Мусаев. Грозный, 1973.
Дахаран пхона тIехь (Гудермесски биохимзаводах лаьцна) // Орга. 1987. № 2. А. 3-12.
Цхьанакхетар. («Салтичун йиша» книгин тIера кийсиг) // Ленинан некъ, 1989. 12, 14 июль.
Разведчикан Маашевн дийцарш. –  Дуьххьара «талла» вахар. – Юьхьдуьхьал. – Йижарий. Дийцарш // Орга. 2005. №5. А.10-12.

                                                              ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

На берегах Ассы. (Рассказы казака Волкова). Отрывок из повести // Грозненский рабочий, 1971. 3, 4, 7, 9, 10 сент.
Цветы у обелиска (Никто не забыт, ничто не забыто) // Грознен. рабочий, 1972, 16, 17 нояб.
Сестры. Рассказ Б. Маашева о фронтовых сестрах. // Грозненский рабочий, 1973. 12 июнь.
Разбуженная окраина (Писательский репортаж со строительства Гудермесского биохимического завода) // Грозненский рабочий. 1987. 21 июнь.
«Белые журавли» России. (О всероссийском литературном празднике в г. Махачкале.) // Грозненский. рабочий, 1989. 27 авг.
Рассказ о лейтенанте Камаеве // Хьехархо. 2010. 18 июнь.

                                                              СТАТЬЯШ, ДАГАЛЕЦАМАШ 

                                                                   ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Открытое письмо. Мусе Ахмадову по поводу его статьи «Все впереди» // Комсомольское племя, 1989. 21 янв.
Авторханов и перестройка. Статья // Абдулаев З. Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992. С. 281-287.
Памяти магическая нить. Из воспоминаний о встречах с Магометом Мамакаевым // Абдулаев З. Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992. С. 288-295.
Несколько эпизодов из жизни «Гусара» (Воспоминания о Дж. Яндиеве) // Абдулаев З. Сокрушение идолов. Роман, повести, рассказы, очерки. Грозный, 1992. С. 296-299.

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2