Арсанукаев Iабдулла

Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926 шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра доьзалш. Махкахь коллективизаци кхочушъеш, колхозаш йохку мур хилла и. ТIехь да воцуш бисинчу доьзалх а хьакхаелла оцу заманан харцо. Кхеран долахь йолу бежан-хIума дIа а яьккхина, юьртахь юьллучу колхозе дIаелла. ЦIенош чу колхозан правлени  яийтина. Гатто-хало хиллехь а, нанас кога-ира хIиттийна бераш. Хожа-Ахьмада школа шайн юьртахь чекхъяьккхина. Цул тIаьхьа деша вахна Серноводскерчу юьртабахаман техникуме зооветеринаран корматаллин отделени. Иза чекх ца яьккхина. 1938 – 1940 шерашкахь дешна Соьлжа-гIаларчу политпросветшколехь, амма иза чекхъяккхар а ца нисделла. Дуккха а тIаьхьа заочно доьшуш чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан филологин факультет.

Берсанов Хожа-Ахьмад 1941 шарахь ШаIми-Юьртахь Юьртан Советан секретарь хIоттитйна, оцу даржехь цхьана шарахь болх бинчул тIаьхьа Юьртан Советан военно-учетни стоьлан начальник вахийтина. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь Казахстанан Кокчетавски районерчу цхьаьна юьртахь Iийна БерсановгIар. Юьхьанца цамгарш лайна, массо санна, гIелонехь а хилла. Жимма хан яьлча цхьацца белхашка а нислуш, дахар цхьана хорша дирзина. 1949 шарахь участкан зоотехник балха вахитйтина Хожа-Ахьмад. Серноводскерчу юьртабахам техникумехь мелла а дешна хиларна и болх сихха карабирзина цунна. Пхеа-ялх шарахь бина Хожа-Ахьмада зоотехникан болх.

Нохч-ГIалгIайн  республика юха меттахIоттийнчул тIаьхьа, сибрехара цIа веъча, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Культурин министерствехь методистан, цул тIаьхьа методкабинетан куьйгалхо, тIаккха Халкъан кхоллараллин, культурно-серлонан белхан Iилман-методически центран директоран заместитель волуш белхаш бина Берсанов Хожа-Ахьмадан 32 шарахь, ша пенсе ваххалц. Халкъан кхолларалла кхиоран,  республикехь а, арахьа а и йовзийтаран балхаца дика ларалуш хиларца гоьваьллера иза. Оцу хенахь цуьнан белхан кхиамех лаьцна кест-кеста яздина республикерчу а, арахьарчу а муьран зорбанехь.

Берсанов Хожа-Ахьмадан дуьххьара араяьлла произведени хилла Алма-Атахь арадолучу «Къинхьегаман байракх» газето  1956 шеран 19 январехь зорбатоьхна «Нийсачу новкъахь» цIе йолу стихотворени. Цуьнан «Iуьйре» стихотворени а араяьлла «Къинхьегаман байракх» газет тIехь оцу шеран 26 июлехь.   ХIетахь дуьйна хаддаза къоман литературехь болх беш схьавогIу иза. Цуьнан кегийра произведенеш арайийлина газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь.  Яздархочун  дуьххьарлера книга зорбатоьхна 1964 шарахь. Иза яра берашна яздинчу дийцарех лаьтташ «АстагIа Алкханча» цIе йолу книга. Оцу хенахь берашна лерина произведенеш нохчийн литературехь дукха яцара. Бераша езаш тIеоьцура иштта книгаш. 1966 шарахь араяьлла яздархочун «Хьаьжамурдан лелийнарш» цIе йолу дийцарийн шолгIа книга. Цуьнан боккха кхиам хилла. Иза дика тIеэцна литературин критикехь а. Масех рецензи а, отзываш а араевлла цунах лаьцна. «Хьажамурдан лелийнарш» оьрсийн матте а гочйина зорбатоьхна Москвахь а. Иза шайн меттанашка яьхна арахецна Болгарехь а, Молдавехь а.

Берсанов Хожа-Ахьмада эвсараллица болх бина къоман литературехь. Цо язйина арахецна 20 сов книга. Царах ю: «АстагIа алкханча» (1964), «Хьажмурда лелийнарш» (1966) «ДоттагIий» (1968), «Ден лорах» (1971), «БIаьсте» (1973), «Дохковалар» (1976), «Дашо мухIар» (1979), «Болатчу динан бере» (1983), «Генара совгIат» (1985), «ЦIийца чIагIделла доттагIалла» (1986), «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш» (1990), «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а» (1992),  «Болатан суй» (1994), «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш» (2002), «Нохчий, гIалгIай Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь (1941 – 1945) (2011), «Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» (2012).

Яздархочо иштта билгалбоху шен кхоллараллин лехамаш: «Адамийн дахарехь уггаре а коьртаниг гайта а, довзийта а лаар, мотт дешархо кхета волчу агIор, цIена бийцар, произведенешкахь коьртачу турпалхойн гIиллакхаш, оьздангалла, нахаца дог-ойла дика хилар, къинхетаме хилар гойтуш, къонахчун дуьззина васт гайтар хилла сан Iалашо».

И Iалашо къеггина гуш ю цуьнан  «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш», «Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» цIерш йолчу книгаш тIехь.

Шен «Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» книгех лаьцна Берсанов Хож-Ахьмада аьлла: «Сан 86 шо ду. Сайн бераллехь дуьйна суна дуьйцуш хезна а, дахарехь со теш хилла а, вайн къоман литературехь, исторехь, барта кхоллараллин говзаршкахь хилла долу а нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ ду ас кху тIехь гулдинарш. Уьш сайн ешархошна а, кегийрхошна а довзийта, и гIиллакхаш шайгахь хилла къонахий бовзийта сайга далург дина ас. Сайн шерашка хьаьжжина, сайна зеделларг сайл тIаьхьа а ца дуьтуш, коша дахьарна кхерар а ду ас хIара язъяр. Кхунна дахаре некъ ца карош 6 шарахь куьркахула а хьийзина хIара. ТIаьххьара а сайн чоьтах 5 эзар экземпляр араяьккхина.

ЦIера даьхначохь, дахаран чолхечу хьелашкахь, тIеман дорцехь гIиллакх-оьздангаллица билгалбевлла къонахий, яхь йолу зударий бовзийтар, церан хьуьнарш довзийтар сайн ницкъ кхочучу кепара кхочушдина ас. Дерриге нисделла бохург а дац сан иза. ТIекхуьучу къоначу яздархойн, Iилманчийн, историкийн декхар ду кхидIа а къоман башха амалш, гIиллакхаш, ламасташ довзийтар. Цу тIехь церан а Дала аьтто бойла».

«Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» книга йийцаре еш профессора Тимаев Вахас билгалдаьккхина: «ХIара санна книга язъян хьекъал а, собар а, могашалла а оьшу, хьан синхаамашца дерг дерриге а дIадала дезаш гIуллакх а ду хIара. Хожа-Ахьмад санна волу стаг лара везаш а, зиярте вогIуш санна, хIара волчу ван везаш а, тидам бан безаш а ву. Кегийрхойн чкъурана дицделла, дIадаьлла гIиллакхаш дендеш къахьеьгна ахь, Хожа-Ахьмад, Дала меле дуьллийла иза. Дала дукхавахавойла хьо».

ТIекхуьуш долу чкъор къоман гIиллакх-оьздангаллица кхиоран йоккха терго еш ву яздархо. Республикехь коьрта лоручу «Даймохк» газетехь рубрика яра «Шун хаттаршна жоьпаш ло яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада» аьлла. И хаттарш а, жоьпаш а нохчийн къоман гIиллакхашца, ламасташца дозаделла дара. Яздархочун хьежамаш билгалбахархьама  кхузахь даладо масех хаттарна делла жоьпаш:

« – Муха, мича кепехь хила деза культурин кхерчашкахь нохчийн къоман гIиллакхаш, оьздангалла Iамор?

?  Юьртдай, къаной, нохчийн гIиллакхаш девзаш болу нах орцах а бевлла, школашца цхьаьна, ерриге а яртийн культурин кхерчашкахь хIара тайпа гIуллакхаш вовшахтоха деза: «ГIиллакхийн суьйре», «Дикачу доьзалийн суьйре», «Хаттаршна жоьпаш лун суьйре», «Нохчийн литературин суьйре», «Iалам довзаран, лардаран суьйре», «Оьздангалла йовзийтаран суьйре», «Кегийрхойн садаIаран суьйре», «Синкъерам», «Корматаллин суьйре», Тамашийначу адамашца цхьаьнакхетаран суьйре», «Нохчийн меттан шира дешнаш довзийтаран суьйре», «Забаречу дийцарийн суьйре», Нохчийн мотт цIена бийцаран суьйре», и.д.кх.

?  ГIиллакхехь доцуш хIун лору кегийрхошкахь?

?  ГIиллакхехь дац ламаз цадар, рузбана цавахар, марха цакхабар, мархийн баттахь, нахана а гуш, дийнахь хIума яар, цигаьрка озар, цIеначу метте нех охьакхоссар, миччахьа а дIа а хIоьттина, хIуш даар, сегIаз Iийшар, маьттаза хабарш дийцар, маьхьарий деттар, шакарш еттар, тIех волуш нехан корах чу хьежар, тIе а вирзина, хьоршам тохар, стаг тIехволуш велавалар, тезетахь хабар дийцар, велакъежар, дуьхьал лер, цадогIучу меттехь дош алар, воккхачун некъ хадор, шена хуъушехь харц лер, нахана тIехьашха лер, мотт-эладита лелор, сардам боллар, аьшпаш боттар, нехан хIуманна тIекхийдар, цахуур дийцар, стаг маьттаза вахар, тIехтохамаш бар, Iиттарш яр, цайогIу забарш яр, нехан декхар дIацадалар, воккханиг волчохь цигаьрка озар, охьахаар, зударшца девнаш дахар…

?  Муха хила еза божарийн а, зударийн а оьздангалла?       

?  ТIера духар, дегI цIена лелор; куьйгийн, когийн а мIараш ях ца ялийтар; мотт цIена а, хаза а бийцар; дIахIоьттина латтар а, болар а куьцехь хилар; коьртара месаш барамал тIех ях цаялийтар, хаза дош алар, нахана там хинберг дийцар оьздангалла ю».

Берсанов Хожа-Ахьмадан кхоллараллехь ю 1941–1945 шерашкахьлерчу Сийлахь-бокакхачу Даймехкан тIамехь вайнаха дакъалацар гойтуш йолу произведенеш а. Царах ю «Нохчий, гIалгIай Даймехкан тIамехь (1941 – 1945)» цIе йолу книга. Цу тIехь ю Даймехкан тIамехь майралла, турпалалла гайтинчу нохчийн, гIалгIайн тIемалойх лаьцна зорбанехь араевлла хилла статьяш, очеркаш, дийцарш. Нохчийн, оьрсийн шина маттахь ю книга. «Харц истори язйинчара вайн къомана тIехь йоцу цIе кхоьллина лан ца ло соьга а, ша нохчи хетачуьнга цхьаьнгга а. Вайнах ца хилла фашистийн Германи езаш а, цуьнца долу гергарло чIагIдарна совгIат делла а. Хьалхарчу дийнахь дуьйна а хIора юьртара оцу тIаме хIиттина а, Даймохк ларбарехь майралла гайтина а кIентий кхечу къаьмнашна юккъехь хиллачу алсам ца хиллехь, кIезиг ца хилла вайн а. ХIетте а, вайн къоман докъазалла делахь а, я вайга алсам цабезам белахь а, муьлххачу а луьрачунна юьххьехь нислуш ду-кх вай. Иштта долчунна дуьхьалтоха йиш йолу герз ду хIара книга», - боху автора ша хIоттийнчу книгех лаьцна. Даймехкан тIамехь вайнехан алссам болчу векалша майралла гойтуш  дакъалацаран хьокъехь дуккха а материал ю книги тIехь. Толамца тIом чекхболуш, Берлинехь Рейхстага тIе ЦIе байракх тоьхначарах цхьаъ нохчийн Исмаилов хиларх лаьцна статья а ялийна. Вайн махкахойх 56 бIаьхочунна Советски Союзан Турпалхочун цIе елла хиллера аьлла, лаккхарчу российски чиновнико дина тоьшалла а далийна.

Берсанов Хожа-Ахьмадан 1994 шарахь язйина “Болатан суй” цIе йолу повесть Советски  Союзан Турпалхочух Дачиев Хансолтех лаьцна ю. Документальни бух болуш ю повесть.

1942 шарахь дуьйна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь мостагIчунна дуьхьал лаьтташ хилла Хансолта. Разведчик волчу Дачаев Хансолтина а, цуьнан шина накъостана Агафонов Алексейна а, Ганжело Иванна а 1943 шеран сентябрь баттахь тIедиллина Iаламат доккхачу жоьпаллин декхар. Днепр хих дехьа а девлла, цигахь позици лаьцна дIатарвеллачу мостагIчух дерг кхачам боллуш талла а теллина, юхадерзар. Дачаев Хансолта коьртехь волуш разведчикаша бинчу талламца гучудаьллера Днепр хица йолчу цхьана жимочу ахгIайри тIехь немцойн гарнизон хилар. Иза шайн куьйгаллехь эпсар обер-лейтенант а волуш 16 мостагIчух лаьтташ хиллера. Разведчикаша цигарчу партизанашца зIе тесна, уьш шайна тIе озийна, цаьрга а гIо дойтуш, цIеххьана мостагIчун гарнизонна тIе а летта, уьш берриг а хIалакбина цхьа эпсар воцург. Иза йийсар дина шайца дIавига дезара, цуьнгара хаамаш эца. Дачаев Хансолта, йийсаре валийна немцойн эпсар а эцна юхавирзина, иза вайчарна сихха тIекхачо. Кхиамца чекхъяьккхина и операци бахьана долуш вайн эскара таро хилла мостагIчунна  шуьйрра тIелатар а дина, йоккха плацдарм схьалаца. Дачаев Хансолтина а, цуьнан шина накъостана а Советски Союзан Турпалхочун цIе елла. Дошлойн училище деша а хьовсийна уьш. Училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа Дачаев Хансолтас гIашлойн взводан командир волуш  гIуллакх дина. ТIеман арахь хьуьнар гайтарна совгIаташ дина Ленинан орденца, Даймехкан тIеман 1-чу даржан, ЦIечу Седанан орденашца, дуккха а мидалшца.

Иштта бу Берсанов Хожа-Ахьмадан «Болатан суй» повестан документальни бух. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман декъашхочун майралла, доьналла, цуьнан тIеман хьуьнарш исбаьхьаллин кепехь гайта гIиртина автор. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа  Дачиев Хансолтин хиллачу дахарх лаьцна а дийцина.

Шен «ЦIийца чIагIделла доттагIалла» повесть тIехь яздархочо дийцина Нохчийчохь дика вевзаш хиллачу ветеранан Гайсуркаев Мохьмадан, Шумов Иванан доттагIаллех.

Тайп-тайпана произведенеш ю Берасанов Хожа-Ахьмадан кхоллараллехь. Шуьйра евзаш яра 1992 шарахь араяьлла «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а» цIе йолу книга. Иза баккхийчарна а, кегийчарна а пайдехьа ю. Нохчийчоьнан Iаламах лаьцна а яздо Хожа-Ахьмада. Iаламдовзарх лаьцна дешархошна книгаш а язйина автора. ШолгIачу, кхоалгIачу, йоьалгIачу классашкарчу дешархошна лерина нохчийн маттахь язйина и книгаш Iаламат хазачу бос болчу сурташца кечйина Москвахь зорба а тоьхна араевлира 2006 шарахь.

Берсанов Хожа-Ахьмадан вайн мехкан  дийнатех, Iаламах лаьцначу книгех журналиста Саралиева Табарика яздо: «Церан чулацамо билгалдоккху: авторан тIекхуьучу чкъурана Iаламан хазна йовзийта болу лаам а, даймехкан Iаламах а, и Iалам дузучу акхаройх а, олхазарех а, муьлххачу дийнатех лаьцна боккхачу безамца а церан амалш, гIиллакхаш кIорггера довзарца а автора уьш язйина хилар… Церан коьрта Iалашо: адам Iаламан да хила дезар,. Дас доьзалан санна, адамо Iаламан дола дан дезар. Iаламан хазнийн кхоам-хама хила безар, оцу гIуллакхана бер жимчохь дуьйна, дас-нанас доьзалехь, хьехархоша школехь Iамо дезар».

Берсанов Хожа-Ахьмад даймехкан Iалам шен йозанашкахь дийцина Iаш вац, цо Нохчийчоьнан Iалам ша дохкучу исбаьхьаллин сурташкахь а гойту. Суртдилларан корматалла а ю яздархочун.

Къоман культура кхиорехь хьанал къахьегарна, кхоллараллин балхахь кхиамаш хиларна, юкъараллин балхахь хьуьнарш гайтарна пачхьалкхан совгIаташ дина Берсанов Хожа-Ахьмадана: «Знак почета» орден елла, «За трудовую доблесть» медаль елла, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъ волу белхахо» сийлахь цIе тиллина, дуккха а сийлаллин грамоташ елла.

Саракаева Табарика яздо: «…суна Хожа-Ахьмад вевза доьзалан дика да, мерза лулахо, яхь йолу юьртахо, дог цIена гергар стаг санна.

Бахамаш ца лехна, я уьш бан гIерташ, харц-бакъ ка ца йиттина. Бакъду, дуккхаъчу хьолан да ву Хожа-Ахьмад! БархI йоI, ши кIант, 22 беран бер. Сов хьоме, йоI-бIаьргал экаме, син къайле, хьекъалан ирхе, деган лазам, лаарийн хIонс, ца магарийн шад иэбеш кхоьллина исбаьхьаллин, шен дешархо карийна, 21 произведенин хазнех йоьттина къепал а. Дахарехь оьшучунна кху 50 сов шарахь юкъ йихкина лаьтта кхуьнан хIусамнана Амнат а. Дала шена  деллачу массо диканна хастам, хама беш схьавогIу Хожа-Ахьмад».

Адамех лаьцна дика ойла йолуш ву Хожа-Ахьмад, шена дина дика дицлуш вац, баркаллица дагалоцу цо: «Со хаъал хилчхьана, дика адамаш дукха хилла сан дахаран новкъахь. Царалахь вара Серноводски юьртбахаман техникумехь хьехархо хилла волу Имадаев Мохьмад, цу техникуман белхахо хилла волу Харачоев Висха. Цул тIаьхьа политпросветучилище деша воьдучу заманчохь тIеэцаран комиссин коьртехь хилла волу Гайрбеков Муслим…».

Берсанов Хожа-Ахьмад, шен шерашка хьаьжжина доцуш, хIинца а хецна болх беш ву литературехь, кест-кеста арайовлу газетийн, журналийн агIонаш тIехь цуьнан  тайп-тайпана материалаш, кечъеш ю керла книгаш.  Цо каде дакъалоцу республикин юкъараллин дахарехь, къаьсттина кегийрхой кхетош-кхиоран, къоман гIиллакхаш, ламасташ лардарехьа, уьш даржорехьа долчу гIуллакхашкахь.

                                ЯЗДАРХОЧУН ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА КНИГАШ

                                                      НОХЧИЙН МАТТАХЬ

            АстагIа алкханча. Дийцарш. Грозный, 1964.

            Хьажмурда лелийнарш. Дийцарш. Грозный,1966.

            ДоттагIий. Берашна дийцарш. Грозный,1968.

            Ден лорах. Берашна дийцарш. Грозный, 1971.

            БIаьсте. Дийцарш. Грозный, 1973.

            Дохковалар. Повесть. Грозный, 1976.

            Дашо мухIар. Дийцарш. Грозный, 1979.

            Болатчу динан бере. Грозный, 1983.

            Генара совгIат. Дийцарш. Грозный, 1985.

            ЦIийца чIагIделла доттагIалла. Повесть. Грозный, 1986.

            ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш. Грозный, 1990.

            Вайн махкара акхарой а, олхазарш а. Грозный, 1992. 

            Болатан суй. Повесть. Соьлжа-ГIала, 1994.

            ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш. Грозный, 2002.

            Нохчий, гIалгIай Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь (1941 – 1945). Грозный,
            2011.

            Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ. Грозный, 2012.

           Нохчийн меттан шира дешнаш, чохь, кертахь болчу бахаман, гIирсийн,
           ораматийн, дийнатийн цIерш,
нохчийн къоман гIиллакхех лаьцна долчу
           хеттаршна жоьпаш.
Соьлжа - ГIала, 2013.

           Афоризмаш. Дуьненан Iилманчаша говза аьлла дешна. Элиста, 2014.

                                             ОЬРСИЙН МАТТАХЬ 

           Приключения Хаджи-Мурата. Рассказы. Пер. с чеч. А. Мальсагов. М., 1972.

           Приключения Хаджи-Мурата. Рассказы. Пер. с чеч. А. Мальсагов. М., 1982.

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2