КХАЙКХАМ

Шуна ма хаъара, вайн махкахь Нохчийн Республикан Куьйгалхо, Россин пачхьалкхан турпалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, дикачу аг1ор хуьлуш схьабог1уш 1аламат баккхийн хийцамаш бу. Цхьана а меттехь т1еман лар йоцуш, д1ах1оьттина вайн мохк. 

 Амма тахана а бусалба нах бехачу цхьайолчу пачхьалкхашкахь д1абоьлхуш т1емаш бу, хуьлуш баккхий бохамаш а, къизаллаш а ю. И ша дерриг лелораш США-н пачхьалкх а, иштта, церан политика къобалъеш йолу, малхбузера пачхьалкхаш а ю.

Шу санна  яхь, доьналла долу кегий нах ир-кара а х1иттош, оцу ямартчу наха 10-15 шарахь гергга х1окху вайн махкахь даллийнарг вайна гинарг а, хуушдерг а ду. Хийла бехкбоцу кегий нах, бераш, зударий х1аллакхилла вайн, эзарнашкахь заь1ап нах а бисина, доцца аьлча, вайн къам а мохк дакъазадаккха ницкъ кхечира вай цадезачеран. Вай и дицдан а, 1ехадайта а йиш яц. Церан коьрта 1алашо уггаре хьалха шу санна доьналла долу,  спортаца г1уллакх дог1у, могашалла дика йолу къоман уггаре тоьлла болу кегий нах 1ехийна, тилийна, шайгахьара бахар ю. Бакъволу нохчо ша цхьаьнгге а 1ехавайта йиш йолуш вац, цхьа к1еззиг ша кхетамчохь велахь. Дала, ша дуьне кхоьлличахьана, хуьйцуш схьадалош ду массо х1ума а. Амма ца йовш, мелла юьсушъерг стага шен дахарехь яккхийтина ц1е ю. Уггаре хьалха оцу белхан ойлаеш а, и хууш а хила веза бакъволу къонаха, мел даккхий х1уманаш шена т1ех1иттарх. Шен яьккхина ц1е, т1аьхьенашна юьсур юй хаа деза х1ора къонахчунна. (Расширенный материал читайте на официальном сайте Парламента ЧР  www.parlamentchr.ru)

Вайна массарна ма-хаъара, х1окху т1аьххьарчу шерашкахь вайн къоман аьтто баьлла х1ара мохк ц1анбина, табина д1ах1отто. Иштта  цхьа г1ала, цхьа юрт, цхьа к1отар ца йисна 1едалан т1е тидам ца боьдуш, то ца еш, юхаметта ца х1оттош. Вайн тоеш йолу г1аланаш, ярташ, дохкуш долу некъаш, тохкуш долу т1айш, массо а юьрта бохург санна, д1айигна газ, ток, хиш; образованехь, культурехь, спортехь, иштта массо а сферехь хуьлуш болу хийцамаш, кхиамаш (Мел ду уьш, дагардина ца валлал) - иза шадерриг вайн махкахойн дуьхьа, т1екхуьучу т1аьхьенийн дуьхьа деш ду, дийр долуш ду.

И вай дозаллица хьехадо, дозалла дан х1ума иза долу дела. Тахана вайн коьрта 1алашо - вайна юкъа питанаш туьйсучу нахе ла цадег1ар, ницкъ кхочучу барамал а ницкъ сов а баьккхина, дуьхьало яр, дан дезарг т1едарца, динарг 1алашдар ю.

Амма и массо х1ума эрна ду, нагахь санна вайгахь иман ца хилахь, г1иллакх - оьздангаллица х1окху мехкан беркате дай вайх ца хилахь. Бакъо, нийсо, иман  долчохь кхоллало барт. Барт болчу дуссу Делан беркат, - олу 1еламнаха. И ду вайна оьшург, Даламукъалахь, хиндерг а.

И шадерриг коьрте а лаьцна, Мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша масал а гойтуш, вовшахбетташ 1аламат бакхий белхаш бу вайн махкахь. И некъ вайн халкъо резахиларца т1елацарна тешна ду тахана ша дерриг дуьне а. Оцу сийлахьчу новкъахь шуьгара г1о-накъосталла хирг хиларх дог тешарца КХАЙКХАМ бу шуьга.

Вайн дай-наной, йиша-ваша х1аллакдинчу, вайн мохк тахана а 1азапехь латто дог-ойла йолчу къоман мостаг1ашка шайн дегнашца дов д1ахьедарца, г1иллакх-оьздангалла, яхь-иман, кхетам-1илма сов доккхуш, вайн наха эзарнаш шерашкахь, Делан бен лай боцуш, сатийсинчу х1окху парг1атонан сий-пусар дарца, вайн халкъан сий ойбучу, мохк ирсе бечу некъа т1ехь доггаха къахьегарца, Россин пачхьалкх ч1аг1ъечийн мог1арехь уггаре тешаме к1ентий хилла д1ах1иттар.

ОЗДАМИРОВ 1УСМАН,

Нохчийн Республикан Парламентан депутат,

социальни политикан хьокъехь йолчу комитетан

председатель

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна