Дакъалоцурш:

Руслан Даргаев, Адам Мустаев - дешархой.  Школера сени. Лоьрийн пунктан не1арехь хиъна 1аш ву 8-чу классера дешархо. Шен дагар дустуш ву иза. Оццу хенахь накъостах 61аьрг кхета цуьнан.

Даргаев. Ма дика ду суна хьо гина. Адам, хьайн дег1ан дагар дустахьа (Мустаевга традусник ло)

Мустаев. Х1унда? (Градусник чета юьллу).

Даргаев. Г1о дехьа суна. Физкультуре ваха ца лууш лелара со. Бухарин Ризвана уроке ца веъча дуьненчу валарх дохко ма воккху. Ткъа вайн лоьро дагар лакхара ца хилча справка ца ло. Хьажал, х1ун ду цу т1 ехь.

Мустаев. Ейтта ах.

Даргаев. Ой, муха ейтта ах! Хьо пхьид-м яц оццул лахара дагар хила?

Мустаев. Ас дагар ца дуьйцу. Яьлла хан юьйцу.  

Даргаев. Хан йитий, мас градус хили хьажахьа.

Мустаев. Ткъе ялхитта (Градусник д1ало).

Даргаев. Х1ара градусник нийса юй-техьа?

Мустаев. Градусникана ала х1ума дац. Галваьлларг хьо ву. Хьан дагар хьала х1ун дича дер ду, хьо реза велахь, ас дуьйцур ду-кх.

Даргаев. Катоххи дийцахь. Ас цхьа совг1ат доцуш вуьтур вац хьо.

Мустаев. Дика ду. Ладог1а. Ас хьуна дов дийр ду. Хьо суна оьг1аз г1ур ву. Хьан дагар сихха хьаладодур ду.

Даргаев. Адам, цхьа борз ю-кх хьо. Ма дика дага деара хьуна иза. Д1аволало!

Мустаев. Цкъа делахь, Руслан, хьо 1овдал ву. Хьайна т1е хьажал. Цхьа шо хир ду хьан корта биланза, хьо ма барра болу баран! Хьан шианнех дуьзна ду вайн классан журнал. Хьайн туьтане хьажахьа, б1араш кегдан бен пайде йоцчу... Схьаэца градусник.                                                          

Даргаев. (Градусник схьайоккху четара). Шен да велла  дисарг, кхин а к1езиг ду-кх.

Мустаев. Руслан, хьуна г1ораллин ницкъ бан беза. Х1ара ши зезаг эций (кора т1ера схьа а оьций д1ало) сени чухула д1а-схьа вадал. Мох санна вада! Х1инца хелха валап (Вота 1туху). Кхин чехка! Х1инца 50-зза лаьттара куьйгаш т1ехь! хьала-охьа г1ол... Тасало, 45 бен ца йисна хьуна (оцу дешнаш т1ехь Даргаев бертал вужу).

Даргаев. Тоьар ду. Кхин ца яло. Баркалла хьуна, сан деган доттаг1. Х1ара болх бечул со физкультуре г1ур ву.

 (Горгали бека. Ши доттаг1 спортзала чувоьду).

 

Султан Атабаев

 

 

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2