Арсанукаев Iабдулла

Махмаев Жамалдин вина 1939 шеран 14 мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал Казахстанан Джамбульски областан цхьана жимчу Амангельды цIарах йолчу юьртахь совцийна. Цигахь казахийн маттахь 5 класс чекхъяьккхина Жамалдис. Цул тIаьхьа кхелхина кхечу юьрта дIабахна МахмаевгIара, цунна гена йоццуш йолчу Новотроицки юьртара юккъерчу школехь казахийн маттахь 9 класс чекхъяьккхина. 10 классехь деша волавелла дукха хан ялале, даймахка цIа бахка паргIато а яьлла, шайн юьрта БердакIела юха цIабирзина МахмаевгIеран доьзал. Жамалди 1957 шарахь шайн юьртарчу «Советская Россия» колхозе балха вахна. 10 класс чекхъяьккина 1960 шарахь Соьлжа-ГIаларчу заочни школехь доьшуш. 1958 шарахь Грозненски районан «Заветы Ильича» цIе йолчу газетан корреспондент вахийтина Жамалдин. Газетехь кхаа шарахь болх бинчул тIаьхьа, хьехархойн ялх беттан курсаш чекх а яьхна, БердакIеларчу ворхIшеран школин юьхьанцарчу классин хьехархо вахна. Амма цхьана шарахь школехь болх бинчул тIаьхьа юха а дIавигна «Заветы Ильича» газета редакци. Оцу газетан редакторан заместителан дарже хIоттийна Жамалди. 1962 шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан заочни отделени деша хIоьттина, амма цхьа шо даьлча юкъах вала дезна эскаре гIуллакхдан а кхайкхина. Эскарера цIа веанчул тIаьхьа, «Ленинан некъ» газетан редакцехь болх а беш, юха а заочно деша а хIоьттина, 1971 шарахь чекхяьккхина институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени. Институт чекхъяьккхина воллушехь БердакIеларчу школе хьехорхочун балха вахна, хаддаза цигахь болх беш а хилла.

Махмаев Жамалдина сиха карайирзина шена езаш йолу хьехархочун корматалла. Балха вахна кхо-диъ шо далале, дика хьехархо ву аьлла, цуьнан цIе ерриг республикехь а евзина.

Хьехархочо шен ерриг урокаш схьайиллина ю аьлла, дIа а кхайкхийна, шайн районера хьовха, ерриг республикера муьлхха а хьехархо мичча хенахь а цуьнан муьлххачу а уроке ван йиш йолуш вара. Зеделлачух кхуьнгара пайдаэца хьехархойн бахка а богIура. Цул совнаха Махмаев Жамалдина кест-кеста газетийн, журналийн агIонаш тIехь нохчийн мотт а, литература а хьехарехь шена зеделларг дуьйцуш статьяш тохара, хьехархойн курсашкахь лекцеш йоьшура, семинарш дIахьора.

Хьехархочун хьанал болх ца гуш ца бисна. Цунна елла «Знак почета» орден, А.-Хь. Кадыровн цIарах орден, «За заслуги перед Чеченской Республикой» медаль; «Хьехархо-методист» цIе тиллина, «Нох-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу хьехархо», «РСФСР-н халкъан серлонан отличник», «Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахо» – пачхьалкхан совгIаташ дина. Махмаев Жамалдина РФ-н хьехархойн конкурсехь толам баккхарна 2006 шарахь Российски Федерацин Президентан преми елла.

Махмаев Жамалдин хьехархо а, яздархо а ву. Хьехархочун болх барца цхьаьна цо къахьоьгу исбаьхьаллин литературехь а. Иза коьрта долчунна берашна произведенеш язъеш ву. Берашца, дешархошца йолчу уьйраша гIо дина цунна исбаьхьаллин литературехь шен некъ а карийна, кхиамца язъян.

Махмаев Жамалдина хьалххе дезаделла исбаьхьаллин дош: «Исбаьхьаллин даше безам со кхуллуш дуьйна а Дала сан дагчу бижийна аьлла хета, со стихаш язъян волавелла литература хIун ю а хаале…, ткъа нохчийн къоман литературе безам сан даг чохь гIаьттира со нохчийн вуйла хиъначу дийнахь дуьйна», – боху яздархочо.

«Берийн литературе вар муха нисделира хьан?», бохачу хаттарна иштта жоп делла Махмаев Жамалдина: «Суна ма-дарра аьлча, кхин некъ гина а бац. ДIаволалушшехьа берийн байташ тIера волавелла со. Бакъдерг аьлча, ас уьш казахийн маттахь язйина. Ткъа цул а хаьлха, сайна байт юй а ца хууш, школе а вахале байташ язйина ас. Школе со тIаьхьо бен ца вахна, цига вахале а казахийн мотт а, йоза а карадирзина, библиотекера книжкаш йоьшуш вара со. Иза сан 8 – 9 шо долу зама ю. Школе дIа 2-чу классе ийцира со, сихха чекхвелира 3-чу классах а, царна тIейогIучарах а. Классехь лелочун дешаран белхан гIирсех лаьцна хуьлура сан байташ. Уьш суна цхьа шаьш схьайогIура. Пенан газет сан могIанех дуьзна хуьлура. Дуьххьарлера байташ-м берийн яцара сан. Ши колхоз вовшахтохарна язйинера ас уьш. Хьехархошна дIаешна, цара уьш байташ ю аьлча, цхьаъ хирду-кх бохуш, ойла яра сан. Йоккхачу собранехь ешийтира цара соьга уьш, районан газета тIе а туьйхира. Джамбульски областан Новотроицкин казахийн юккъерчу школе деша вахара со 6-чу классе, оццу хенахь «Казахстанан пионер» газета тIе тоьхна байт, сан берийн литературе болчу некъан юьхь ю ала мегар ду».

Цу тайпана, Махмаев Жамалдин дуьххьара зорбане яьлла произведени казахийн маттахь язйина «Тхан колхоз башха ю» стихотворени хилла, цунна зорба тоьхна 1954 шарахь, автора ма-аллара, «Казахстанан пионер» цIе йолчу газета тIехь.

Нохчийн маттахь дуьххьара араяьлларг ю «Полла» цIе йолу берашна язйина стихотворени 1963 шарахь «Орга» альманахан кхоалгIачу номерехь зорбатоьхна. И стихотворени поэта шен дикачу произведенех лоруш ю.

Палла аьлла

Беди полла,

Цунна тIаьхьа

Веди со.

ТIема баьлла

Боьду полла.

Суна халла

Иза го.

ТIаккха аса

Полла, хаза

Йиш а локхий,

Iехабо:

– Полла, полла!

Сан ден-ненан,

Йишин, вешин

Хьаша бу!

Собар дехьа,

Соьца Iехьа.

Ас хьо кара

Iамор бу.

Бепиг даош,

Шура малош,

ЧIогIа дика

Кхобур бу!

…Амма полла

Бист ца хуьлу:

ТIам а тухий,

Боьду дIа.

Ткъа со, хийла,

Хьухь а вулий,

Цунна тIаьхьа

Хьоьжуш Iа.

Берийн дахарца, берийн ловзаршца йогIуш ю стихотворени. Хаза мотт бу, стих яй ю. Шера ритм йолуш, атта ешало. Берийн еша дог догIур долуш, царна езалур йолуш, исбаьхьа ю стихотворени.

Махмаев Жамалдин дуьххьарлера книга араяьлла 1969 шарахь. «Маликат» цIе а йолуш, берашна леринчу стихийн книга яра иза. Иза дика тIеэцна литературин критикехь а, кегийчу книгашъешархоша а. Ара ма еллинехь оьрсийн матте а яьккхина, юха арахецна йоккха тираж а йолуш. Хьалхарчу книгин иштта кхиам а хилла, дог айаделлачу автора сихха шолгIа книга а кечйина зорбане, «Маликат школехь» цIе а тиллина. Иза 1970 шарахь араяьлла. «Маликат школехь» книгин а, хьалхарчуьнан санна, боккха кхиам хилла. Иза а оьрсийн а, гIалгIайн а меттанашка а яьккхина 1972 шарахь юха арахецна. Оцу хенахь масех хастаме рецензи араяьлла «Маликат», «Маликат школехь» книгех лаьцна. Литературни критика Айдаев ЮшаIа яздина: «Махмаев Жамалдин стихашкара бераш дика ду, кхетаме ду, ловза лууш, тIахъаьлла ду, хаттарш деш, керланиг довза гIерташ, доцца аьлча, дахарехь бераш ма-хиллара ду. Уьш шайн амалшца вовшех къаьсташ ду, амма вовшех тера а ду, шаьш долчулла а дика хила лаарца, адамна диканиг деш, пайдехьа хила лаарца. Церан Iалашо гонахара хазаниг эрчадаккхар яц, ирчаниг хаздар ю».

Маликатан вастаца яздархочо кхоьллина берийн ойланаш, берийн ловзарш, берийн амалш. Царна шайна гонахара дуьне довза лаар, церан вовшашца а, баккхийчаьрца йолу уьйраш

Махмаев Жамалдин берийн яздархо аьлла, цIе дIаяхара. И цIе цо бакъ а йира кхидIа йолчу шен кхоллараллехь. Поэтан алссам язйина берийн произведенеш. Берашна леринчу исбаьхьаллин произведенех лаьтташ 17 книга зорбанехь араяьлла цуьнан: «Маликат» (1969), «Маликат» оьрсийн маттахь (1969), «Маликат школехь (1970), «Маликат в школе» оьрсийн маттахь (1972), «Маликат школе» гIалгIайн маттахь (1972), «Со Соскин Солса ву (1975), «Самукъане абат» (1980), «Мамин сурт» (1981), «Сан кегий доттагIий» (1986), «Самукъане абат»,тойина тIеюьзна (1992), «Некъан абат» (2008), «Аьттан бер» (2008), «Нохчийн берийн ловзарш» (2008), «Маьлхан бIаьсте йогIу» (2013), «Сан кегий доттагIий» (2011), «Хьекъале абаташ» (2013), «Хьуьнан йийсарш» (2014).

Махмаев Жамалдина стихашкахь а, прозехь а язйина берашна произведенеш. «Сан кегий доттагIий» цIе йолу книга забаре дийцарех лаьтташ ю. Оцу книгех лаьцна литерутрни критика Бурчаев Хьалима яздо: «1986-чу шарахь араелира Махмаев Жамалдин «Сан кегий доттагIий» цIе йолу забаре дийцарийн гулар. Цу юкъадаханчу дийцарийн турпалхой а ду бераш. Церан ира аларш баккхийчарна дага а догIур дацара. Берийн дуьнене хьежамаш цхьана а кепара шалхонаш, йилбазаллаш доцуш, даггара ма бу, муьлхха а хиламех лаьцна шайн кепара кхетам а бу церан. Берашна Iаламат дика го баккхийчийн амалш, гIиллакхаш, церан дар-леларехь шалхонаш, аьшпаш лазамца тIе а оьцу цара. Вовшашца дов даьлла меттиг хилча а, бераш вовшашна къинтIера довла кийча хуьлу, баккхийчеран санна, мекха я вас ца лаьтта церан кегийчу дегнаш чохь. Масала, вовшашца дов даьлла Раисий, Ирсий:

– Со тахана хьоьца ловзур яц! – боху Ирсас.

– Со хьоьца кхана а ловзур яц! – жоп ло Раисас.

– Делахь хIета, лама ловзур ю-кх вайша, дика дуй? – олу Ирсас, Раисин лере а яхана.

Кхузахь гушъерг берийн дегнийн цIеналла ю, вайна-баккхийчарна дахаран карзахаллехь тоххара йицъелла йолу.

Бераша, дагахь доццу хаттарш хIиттош, цкъацкъа царна дала жоп доцуш дуьсу вай. Вай-м, кхин ала дош доцуш ваьш дисча, «хаац», я «ма кIордийна-кх хьо, дитал хьайн хаттарш» олий, дIа а хададо цаьрца къамел. Амма вайна хаа деза, и хIинцца шен кхетам кхиа болабелла жима адам хIокху дуьненах мел цецдолу. Психологаша бахарехь, ши-кхо шо кхаьчна бер цхьана дийнахь мел лаххара а эзарза цецдолу шена гучух а, хезачух а. Цунна дерриг хIума керла ма ду, ткъа баккхийнаш, хIокху дуьненан гIайгIанаш, дезарш бахьанехь, Iаламан хазаллах, башхаллах «цецбийла» а ма ца ларабо. Мегар дац беро лушдолу хаттарш кIоршаме дIахедо, цуьнан кхетаме хьаьжжина кхетам бала хьажа веза цунна цо хоьттучух лаьцна. Масала, малх дуьненна а цхьаъ бен бац шега аьлча, цуьнан хьесап ша до йоIа:

– ХIаъ дера, – ца теша йоI, – тохара со мамас гIалитIа йигча, цигахь а малх бара. Вай лам чу дахана долуш, оццул генахь долушшехь, цигахь а малх бара. Ткъа цхьаъ муха хуьлу иза?»

Хаддаза школехь хьехархочун болх беш волчу Махмаев Жамалдин хиъна берийн дог-ойланца йогIуш, царна дукха езаш, уьш кхетош-кхиорехь гIо деш йолу произведенеш язъян. Цо кхоьллинчу исбаьхьаллин васташкахь берийн ловзарш ду, берийн цIена дог- ойланаш, берийн амалш ю, церан вовшашца а, баккхийчаьрца а йолу уьйраш ю, царна шайна гонаха долу дерриг довза лаар, хуьлуш долчух кхета лаар ду. Хила дезаш ма-хиллара, берийн дуьне ду-кх яздархочо берашна язйинчу произведенешкахь.

Махмаев Жамалдин шен дахаран, кхоллараллин новкъахь ненан маттах марзо оьцуш, нохчийн мотт, къоман гIиллакх-оьздангалла кхиорехьа къийсам латтош схьавеана. Иза гуш ду цуьнан стихашкахь а:

Дуьнен чу со вогIуш,

Дуьххьара бIаьрг боьллуш,

Сайн ненан маттахь со

Сайн нанна вилхина.

Iожалца къийсалуш,

Дахарна со кечлуш,

Сайн нене цу маттахь

Къайн кхача ас бехна.

…Даймахках хьегадеш,

Кхолламо сан къам зуьйш,

Сайн ненан маттахь со

Вайн Деле кхайкхина.

Халоно хьовзаварх,

Мацалло со гIелварх,

Сайн маттах,

Сайн къомах

Дозалла ас дина.

Школехь нохчийн мотт а, нохчийн литература а хьехарна гIоьнна язбина методически белхаш а бу Махмаев Жамалдин. Иза соавтор вара 5, 6, 7 класашшна язйинчу нохчийн меттан учебникин, иштта иза соавтор вара Санкт-Петербургехь арахоьцучу оьрсийн литературин дешаран книгийн: «Литература – учебник-хрестоматия для 5 класса национальной школы; «Книга для внеклассного чтения учащихся 5 класса национальной школы»; «Методическое руководство к учебнику-хрестоматии «Литература для 5-го класса национальной школы». Яздархо шен дахаран тIаьххьара денош тIекхаччалц

нохчийн меттан учебникаш язъярехь дакъалоцуш а, хьехархошна методически гIоьналлаш яздеш вара.

Цунна шен дахарехь коьрта хетара школехь хьехархо хилар а, берашна яздар а.

Махмаев Джамалдин кхелхина 2014 шеран 29 ноябрехь.

ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА ПОЭТАН КНИГАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Маликат. Берашна стихаш. Грозный, 1969.

Маликат школехь. Берашна стихаш. Грозный, 1970.

Маликат школе (гIалгIайн маттахь). Грозный, 1972.

Со Соскин Солса ву. Дийцарш. Грозный, 1975.

Самукъане абат. Стихаш. Грозный, 1980.

Мамин сурт. Стихаш. Грозный, 1981.

Сан кегий доттагIий. Забаре дийцарш. Грозный, 1986.

Самукъане абат (тойина тIеюьзна). Грозный, 1992.

Некъан абат. Стихаш. Грозный, 2008.

Аьттан бер. Стихаш. Грозный, 2008.

Нохчийн берийн ловзарш. Сьолжа-ГIала, 2008 .

Хьекъале абаташ. Берашна лерина стихаш, шарадаш, хIетал-металш. Соьлжа-ГIала, 2013.

Сан кегий доттагIий. Забаре дийцарш. ТIеюьзна. КхозлагIа арахоьцу. Грозный, 2013.

 

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2