Нохчийн халкъ т1еман к1уьрлахь хьере а хилла, ша х1ун дан деза ца хууш дисинчу хенахь мохк а, халкъ а т1амах, зуламах лардан юкъ йихкина, бакъволу турпалхо санна г1аьттира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Дийнна къоман бала шена т1е а лаьцна, и къам оцу балех хьалхадаккха Дала шена беллачу ницкъаца д1ах1оьттира иза.

2004-чу шеран 9-чу майхь Толаман денна лерина даздарш д1ахьочу хенахь, «Динамо» стадионехь доккха эккхийтар хилира. Шайн белхан меттехь, турпалаллица 1ожал т1еийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, Исаев Хьусайна а. Нохчийн Республикан куьйгалхой – Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, Пачхьалкхан Советан председатель Исаев Хьусайн а хеназа кхалхар республикана боккха иэшам хиллехь а, цо кхин а ч1аг1бира нохчийн къоман барт, айира юхадендаларан новкъа д1адаха йолу дог-ойла.

 Нохчийн исторехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа санна шен къомана т1ехь йолчу харцонна майрра дуьхьал а ваьлла, шен дахар д1аделла тхьамда вац схьавийца, иза воцург. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа харцонна дуьхьал вала шегахь майралла а йолуш къонаха вара. 2004-чу шарахь Нохчийчохь тхьамданийн къелла х1оьттича дарж дезаш берш дуккха а  бара, амма бацара цуьнан санна доьналла долу нах. Сов кхераме зама яра иза.

Шен халкъ цхьаьнгге а хьийзадойтур долуш вацара иза: я федералашка а, я т1емалошка а. Ахьмад-Хьаьжа вайн къомана юккъера а волуш, нийсса бакъонан новкъа д1аг1ерташ а волуш, Дала вайн къинна цу дарже нисвина стаг вара. Кхин ца хиллал деза дукъ дара вайн мехкан тхьамдано шена т1елаьцнарг.  

 Таханлерчу дийнахь цуьнан некъ, цуьнан дахар къобалдеш хьалхачулла а исбаьхьа юхаметтах1иттина ярташ, г1аланаш. Вайн къоман иэсехь гуттаренна ваха висна Нохчийчоьнан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. 9-чу майхь дина долу эккхийтар нохчийн къомана дуьхьал дина дара. Ахьмад-Хьаьжа доьналла долуш стаг вара. Иза иштта хилар дуьненна а гуш дара. Нохчийн халкъ х1аллакьхиларан зил т1е х1оьттича, цо яьккхинчу г1улчан мах хадо тахна вайна хала ду. Дуккха а хан-зама еза цуьнан хьуьнаре г1уллакхийн мах хадо. Нохчийн г1иллакх дукха дезаш, дуьненахь а нохчийн ц1е диканца яккхийта лууш стаг вара Ахьмад-Хьаьжа.

- 2000-чу шеран 12-чу июнехь Нохчийн Республикан Ханна йолчу Администрацин коьрте х1оьттира Ахьмад-Хьаьжа. 2003-чу шарахь иза кхиамца чекхвелира Нохчийчоьнан Президент харжарехула хиллачу харжамех. Цуьнан нигат дара шен халкъ зулмах хьалхадаккхар. Ехха ойланаш, к1орггера хьесапаш дина хир долуш дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша халкъана хьалхавалале, цуьнан лазам, шениг санна, т1еэцале. Цо дерриге а дира шен нигат кхочушдархьама. Дала халкъана а, махкана а беркате вира иза. Ахьмад-Хьаьжас накъосталла, вошалла дора лоьрашна, артисташна, 1илманчашна, яздархошна,  мог1арерчу нахана. Цо дагалаьцна хилла даккхий диканаш тахана кхочушхуьлуш ду. Ткъа иза тоьлла совг1ат ду бакъдуьненахь волчу Ахьмад-Хьаьжина.

-Махкана сингаттам, бохам ца хилийта хаза неха санна сема вара Ахьмад-Хьаьжа. Иза вайн къомах Дала бина къинхетам хилар гуш дара жимачунна а, воккхачунна а. Цуьнан амалехь суна къаьсттина товш дерг - иза нийсо езаш хилар дара. Нохчийн халкъан къонахех, турпалхойх цхьаъ вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.  Цо уггаре а лоруш дерг адамехь долу г1иллакх а, къинхетам а, адамалла а дара. Дала гечдойла цунна, Дала г1азот къобал а дойла. Дала сий дойла цуьнан к1ентан Рамзанан а. Шен ден сийлахь ц1е д1акхехьа ницкъ а, хьекъал а, могашалла а лойла цунна. Дала мукъ лахь, г1оза-маьрша, ирсе дехар ду вай вешан махкахь!

Шийлачу 1ожалло вайна юкъара д1аийцира Ахьмад-Хьаьжа.  Республикан куьйгаллехь ша яьккхинчу йоццачу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 1аламат дукха г1уллакхаш дира вайн къоман оьздангалла а, литература а, мотт а кхиорехь. 1илманчаш, яздархой, журналисташ цуьнан беза хьеший бара. Иза сих-сиха цхьаьнакхетара цаьрца, лерина ладуг1ура цара дуьйцучуьнга, даим церан дог оьций, далуш долу г1о дой бен д1а ца бохуьйтура. Дуьненчохь йоккхучу хенахь иза дан ларийнарг, иза дан кхиънарг довр дац заманан йохаллехь. Политикехь, 1едалан балхахь, пачхьалкхан г1уллакхашкахь йоккха лар йитина цо. Х1ета къонахчунна цул сийлахь х1ума дац.

 Нийса боху Нохчийн Республикин халкъан поэта Рашидов Шаида: «Къонахчун кхалхар ду дуьненан тезет…».

 

Султан Атабаев

www.ChechnyaTODAY.com

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Чеченская Республика Сегодня" обязательна.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2