доллар    56.45 $
евро 63.14 €
30 мая, 10:27
Погода в Грозном +17 в Грозном

Собарениг ницкъболчул тоьлла

13 октября в 15:10 (2009 г.)
Нохчийн барта кхолларалллехь собарх лаьцначу кицанаша, хьехамаша къаьсттина меттиг дIалоцу. Цкъа делахь уьш массарел дукха ду, шозлагIа делахь хIора дийнахь, бохург санна, нехан меттан буьххьехь ду. Жимачохь дуьйна «собарде, сих ма ло, сатоха», бохуш кхиадо нохчаша бер. Вайнехан амал толлучу Iилманхоша билгалйоккху нохчийн сихалла. Брокгаузан лугIат  тIехь нохчийн амалан коьрта сиз лору  и. Сихалла ю адмехь товш я собар ду? Оцу хаттарна жоп дала хьовсур ду вай. Буьйсанна юккъехь урамновкъа гIовгIанаш евлла. Маьхьарий, шакарш етташ цхьа нах, бала керчаш, тосаделла, катоьхна, шен шалго топ схьа а эцна, чу патарма билла кхиалуш ца кхиалуш, араиккхина хьенех. КетIахь ерш хIун гIовгIанаш ю ца хьожуш, «гIап», аьлла топ кхоьссина:

 –ХIун ду кхузахь хилларг?- аьлла хаьттина кхо. Бодашкахь гIара-тата яйна.

-Кхузахь хилларг-м хIумма а дацара. ХIинца ахьа топ тоьхна вий-кх-, аьлла жоп дела кхунна, ловзуш долчу бераша. Иштттачу хьолехь кхолладелла ду нохчийн коьрта кица «Сихалло са доккху собаро лам боккху» аьлла долу. Сихалла къобалъеш дуккха нах карор бу нохчашна юкъахь тахна а.

Сиха, маса, каде боху дешнаш кIезиг хетий, цара шайн къамелехь даладо лапъаьлла, гIартъаьлла, хIайтъаьлла, партъаьлла, чкъархъаьлла, тIахъаьлла боху дешнаш. Ойла йича и массо гIарт, парт, хIайт, чкъарх, тIах боху дешнаш цхьа хIума кагъеш, йохош, отуш санна дека. Оццул сиха дечу хIуманан я хьесап дан, я ойла ян кхуьур  вац. Ша дош сиха бохург ду син ха бохучу шина дашах лаьтташ. Хьалха заманахь ломахь кхерам массо агIор лаьттачу хенахь дегIан са лардеш волу хехо  санна оьшуш хилла сихалла. Каде боху дош а ду ма хуьллу сиха ка тоха бохучух схьадаьлла. Маса бохург а маьлхан серло санна сиха бохучу маьIнех схьадаьлла ду.

Оцу масаллаша  тоьшалладо сихалла нохчаша  дикчу амалан эталон санна лоруш хилар.
-Муха ву нуц, дукха партала-м вац хIара?- олий хотту зударша, невцан дикалла къастош.
-Дера ву дукха паргIат, собаре стаг,- аьлла жоп делча, и ледара ву бохург ду.
-Дера ву чкъархаьлла, катухур долуш, шена йогIург йоккхур йолуш-, аьлча, иза вехар волуш, дика стаг хета вайна.
 Оцу хьесапашца къастабо несан мах а. Нагахь йоI собаре, дечун ойлаеш, хьесапдиний бен гIулч йоккхур йоцуш елахь, и шен цIахь юьту захалоша. Царна оьшуш ерг чкъархаьлла,тIоьхула хьаргIа, лаьттахула сай болуьйтур боцуш ерг ю.
-Оццул сиха хIунда ду шу?- аьлла, оьрсийчо шега хаьттича, нохчийчо цIийеллачу пилтанна тIе кIен буьртиг кхоьссина,боху. Буьртиг буса а белла,
«ш-ш-ш» аьлла баьгна.

- Аш бепиг дуу, шу и кIа санна паргIат амал йолуш ду,- аьлла цо.

-ХIинца хьажалахь тхоьга. Оха сискал юу, цундела тхан собар дац,- аьлла хьажкIан буьртиг кхоьссина цо пилти тIе. Буьртиг буса а белла, кхоссабелла, кхоссабелла, «тIох» аьлла экккха а иккхина, «тIап» аьлла, байна.

«Сиха дахана хи хIордах ца кхетта» бохучу кицанах, цхьаберш нийса ца кхета. Охьадоьдуш долу хи, хIордах ца кхетта, стенга гIур дара, аьлла, хета царна. ХIордах-м кхета хи, амма бухарчу хих дIа ца уьйш кхин дIадаха гIерта боху маьIна ду цуьнан. Цхьаболчу нохчашна шаьш цхьаннех тера хила ца лаьа. Терахилар, тарвалар бохурш гергара дешнаш ду. Амма нахах дIа а тарбелла хIокху дуьнентIехь машарца ца баьхча ца бовлу нохчий. Кхидолчу къаьмнийн хIордачухула нохчийн ахк мел сиха дIагIертарх, хи хих дIа ца ийча ца долу.
Суна схьахетарехь сихалла хестош кица нохчийн дан дац.
«Сегли лоьцуш оьшу сихалла» олу оьрсаша. «Меллаша сихло» олуш латинийн а ду кица. Амма оцу шиннен маьIна, ойла яй бен хIума ма де бохург ду. Сихвелла зулам дан хала дац. Амма топ кхоьссинчул тIаьхьа, Iаьнна цIий дIадерзо ду хала. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь, нохчийн халкъ хотIе дожийнчех, цхьа сакхт ду сихалла.

Хьаьттахь цIарахлевзича цIе йолу, цIарах даима зулам долу.
Цхьаболу нах сиха бу олучу дашна, дечу гIуллакхна. Тахана юьрта юккъе дIахIоьттина, дIо майданахь гарнаташ йоькъуш ю ма боху, аьлча, цига дIабовда, кийчча бу сиханиш, йоькъуш йолу гарнаташ юуш ерш ю, я лелхаш ерш ю ца хоьттуш. Даим дов лаьтташ хилла цхьана доьзаллехь.

Дийнахь сарралц лулахой а белош, вовшашка баганаш лееш хилла   зудчой-майрчой. И къематде кIорда а дина, моллийна тIе яхана зуда, тхан чохь бартбеш жайна даккхахьара аьлла. Моллас дехха яздина, леррина вовшахтоьхна цхьа кехат цуьрг дела кхуьнга.

-Дов дIадолалушшехь хIара жайна бага а диллий, цергаш юкъа къовла. 

Дагахь нийса бIаьнна тIе ахь дагардале дов дIадоьрзур ду хьуна-, аьлла хьехам бина моллас.

Цул тIаьхьа, майра лен ма велли, зудчо жайна цергаш юккъе дуллий ,бага дIакъовлуш хилла, лен кIордадой, майра соцуш хилла.Оцу дийнахь дуьйна бела меттиг йоцуш бисина, кхарда Iемина лулахой.

 Хьалха нохчийн цхьа тамашийна гIиллакх хилла,.  Цхьамма хьалха а ваьлла, -хIан1 же, сихлол, новкъа довлу вай-, аьлчи массо тIаьхьахIотта везаш хилла.
-Вай стенга доьлху?- аьлла, хатта мегаш ца хилла. И тайпа хьекъалдерг ваьлчи, хьо цIахь Iе, олий юхаверзош хилла. Нохчий цабезачара хIилланца говза пайдаоьцу вайнехан сихаллех. Къаьсттина ямартчу наха.

 Хийрачу гIалахь, масала, нохчий,  казаххий милцочо саца а вина, паспорташ схьагайтал, аьлча, казахо паспорт дIалур ду, нохчий, хIунда гойтуш ду хьуна паспорт, соьгара хIун даьлла-, бохуш дуьхьалвоьрзур ву.

-Шена тIаьххье милице дIадуьлол -, аьлча, казах тIаьхьахIуттур ву, нохчийчо вогIур вац эр ду.
-ТIаьхьахIотта ца бах хьоьга,- аьлла, шен пхьош лаьцча, нохчийчо милцочун кач лаьцна, погон схьайоккхур ю. Казах дIавогIуьйтур ву, нохчий чувуллур ву.
И пайда бу сихаллех болуш берг. Дала собар лойла вайна.

Хатуев Iабдулхьамид,
ийманехь кхетош-кхиоран Центр
www.chechnyaTODAY.com

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет