доллар    57.39 $
евро 67.76 €
22 октября, 04:10
+11 в Грозном

Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзанан хьехархойн Дезачу денца декъалдар

21 октября в 14:29 (2009 г.)

Лараме хьехархой!

Аса даггapa декъалдо шу хьехархочун Дезачу денца! Ирс, аьтто болуш, могуш, маьрша дехийла шу!

Де дийне мел долу хазлуш, ц1инлуш юхакогах1уттуш схьайог1учу Нохчийн Республикехь цхьа ша тайпа меттиг д1алоцуш бу хьехархой: уьш адамийн синкхетаман пхьераш бу.

Къонахошкахь хуьлу собар а, доьналла а долуш гира вайн халкъана Нохчийчуьра хьехархой. Уьш халкъана тешаме хилла шен са а, шен дег1 а ца кхоош чекхбевлира къомана т1е бала беанчу муьрехь. Мел буьрса денош дахкарх вайн махкахь хьехар ца сецира. Иза 1аламат доккха х1ума ду!

Дукха хан яц керла дешаран шо д1адоладелла. Вайн махкахь дешар а, хьехар а yггap коьртачех лоруш хилар ду вуно йоццачу хенахь, ша болу ницкъ т1e а бахийтина, цхьа бle ax-б1e гергга школа а, берийн бошмаш а исбаьхьа хаза тойина д1ах1иттор, царна чохь хьеха а, деша а оьшуш долу хьелаш кхоллар. И шадерриг шун дуьхьа ду, хьоме хьехархой, шун балха т1ехь кхиамаш хилийтар дуьхьа ду.

Суна хаьа, Нохчийн Республикера хьехархой пачхьалкхан а, юкъараллин а дахарехь жигара дакъалоцуш буйла. Шу ма ду вайн кьоман уггар хаарш а, кхетам а лакхара болу дакъа. Бераш 1амийна ца 1аш, дай- наной кхетош-кхиорехь а аша боккха болх вовшахбетта. Шуна хаьа, г1иллакх-оьздангалла сийлахь долчу доьзалера бераш кхетош-кхион aттa хуьлий, царах шайна а, махкана а пайде адамаш хуьлий. Шун балхат1ехь вуно дика аьтто хила аг1о ю, вайн дайша йо1-б1аьрг санна лардеш лаьттина «дашо» г1иллакхаш, ламасташ, оьздангалла масаллийна карладаха нохчийн фольклорехь хилар. Нохчийн къам шен ондда оьздангаллин бух болуш хилар.

Сан цхьа а шеко яц, кхин д1а а вайн халкъ ирсе, беркате новкъа доккхуш, Нохчийчоь доккхачу зовкхе кхачош аша шайн хаарш а, ницкъ а ца кхоош къахьоьгург хиларх.

Дуьне цецдохуш Нохчийчоь хазъйарехь, аша са мел тийсинчу дикане кхачадойла шу везачу Дала, сан хьомсара хьехархой!

Кьоман кхане кхуллурш шу ду, Дала сий дойла шу!

Дала декъал дойла шу!

Нохчийн Республикан Президент Кадыров P.A.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет