доллар    57.52 $
евро 67.65 €
23 октября, 09:27
+10 в Грозном

Нохчийн зударшка кхайкхам

21 октября в 14:31 (2009 г.)

Хьомсара наной, йижарий!

Веза а, Воккха а волчу Дала ша кхуллуш дуьйна яккхий корматаллаш, хьуьнарш делла, цаьрца цхьаьна даккхий декхарш т1едехкина шу дуьненчу дахкийтина хилар цхьа а шеко йоцуш ду. Цунна тешалла до х1окху дуьнент1е мел долу адам Дала шуьгахула доккхуш хиларо. Зударийн декхарш алсам ду доьзалш кхиор, 1амор, нийсачу новкъа х1иттор, уьш юхь1аьржонах ларбар т1ехь. Дуьххьара олу дош нанас 1амадо берана, вониг, диканиг цо къастадо цунна. Цундела массо къаьмнийн сийлахь, еза ю нана. Х1ун хир ду ненал хьоме, мерза? Цуьнгахь инзаре боккха ницкъ, берана т1е1ат1къам бу. Цундела шуьга бу тхан, конференцийн декъашхойн, кхайкхам.

Тахана вайна т1ех1оьттинарг хала киртиг ю. Вайн бераш 1ехош-тилош, исламан сирлачу некъара баьхна, цаьрга шаьш а, шаьш санна болу бусалбанаш х1аллакбайта г1ерташ беш боккха болх бу. Цхьаццаверг цара 1ехийна, цо нахана даккхий зулам дина меттигаш ю. Х1оьттинчу хьолехь йиш юй вайн юьстах латта? Ma хилийта вай вешан бераш гуш лаьтташехь х1аллак! Уьш нийса некъат1е бахар вайна т1ехь ду. Дала делла хьекъал-ницкъ ма кхоабе вай. Цкъа а нохчашна юккъехь хилла х1уманаш ма дац уьш.

Вайн берийн кхиъна далазчу хьекъалах, кхетамах шайна луург ян г1ертачу ниц1къана цхьаьний дуьхьал ца довла йиш ма яц вай. Т1амехь мостаг1 гуш, мила ву хууш хуьлура. Берийн дегнашчу г1ерташ берш ма бу хала. Царна дуьхьал латта декхар вайна т1ехь ма ду. Xlopa х1усамехь нанас шен бере буьйцучу маттал, лучу хьекъалал, дийнахь-буьйсанна сема ла доьг1на хиларо санна г1о-тергам бийр бац кхиазчу беран. Нанна ца хиъча кхин хьанна хаа деза беран дагара, цуьнгара баланаш, г1айг1анаш? И беран г1айг1а-бала д1аэцар дуьне кхоьлличахьана шуна т1ехь ма ду.

Хьоме наной! Далла хьалха, бендацарца хьежа бакъо яц вайн тахана х1аллакхуьлучу берашка. Далла 1амал еш, дуьне лохуш, ирсе ваха, къомана а, махкана а пайде хила, дай-наной баккхийбейта дуьненчу воккхуш ма ву массо а. Кхана Далла дуьхьал х1иттинчохь вешан доьзалах жоп дала дезар ма ду вай.

Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьажас д1а а долийна, тахана цуьнан к1анта Кадыров Рамзана д1акхоьхьуш ду нохчийн мохк ц1инбаран, кхиаран сийлахь г1уллакх. Хьоме наной, йижарий! Цу т1ехь цьунан накъостий хилла д1ах1итта декхарийлахь ду вай массо а!

Дийцинчуьнца доьзна дехарца кхайкхам бу шуьга, тхан сийлахь наной, йижарий! Дерриге а д1ататтий, сема ладоьг1на хилахьара шу. Иштта вай дерриге сема, мало йоцуш ца хилахь, xlара Нана-Нохчийчоь сирла кхане йоцуш йисарна кхоьру тхо.

Дела орцах волийла вайна!

Дала г1o дойла вайна массо а дикачу х1уманна т1ехь!

Дала ийманехь нисдойла вай!

1илманан-практически конференци
«Нохчийн юкъараллехь зудчун меттиг»
(Соьлжа-г1ала, 17 сентябрь, 2009 шо)

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет