доллар    56.47 $
евро 63.49 €
23 мая, 15:41
Погода в Грозном +17 в Грозном

Марханаш лацарца доьзна Нохчийн Республикан Президентан Р.А. Кадыровн декъалдар

21 октября в 14:58 (2009 г.)

Хьомсара вежарий, йижарий, махкахой! Ас даггара декъалдо шу Дала вайна совг1атана баийтина къинхетаме, беркате Рамазан мархийн бутт т1екхачарца.

Х1окху баттахь вайн Элчане (1.c.в.c.) доссо долийна Сийлахь Къуръан, х1окху баттаца хьерчаш ду лайлатул къодрин буьйсанан беркат, тайп-тайпанчу оьмаршкахь баьхначу бакъболчу бусалбанийн дика г1уллакхаш. Цуьнан хьокъехь ойла а йина, вай ваьш а доггаха кхочушдан деза кху баттахь Делан парзаш а, Элчанан (1.с.в.с.) суннаташ а. Нисдала хьовса деза. Ийман ч1аг1дан деза. Бусалбанаша Аллах1е даггара деха деза вайн 1амалш къобалъяр, къиношна гечдар, нийсачу некъа т1ехь ч1аг1дар. Делах тешаш волу стаг - иза машаран, бартан, вовшех кхетаран бусалба вежаршца уьйр-марзо хиларан хьоста ду. Берриг а дика болх цуьнгара схьаболу.

Кху баттахь xlopa бусалба стага хьесап дан деза дийнна шарахь ша лелийначун. Нагахь санна стагана шегара Дала ца магийнарг даьлла хилар хаалахь, иза дохко вала веза. Деле шена гечдар деха деза. Кхин шегара Дела реза хинвоцу х1ума далийта а мегар дац.

XIapa шен дог, ойла ц1анъяран, ийман ч1аг1даран бутт бу. Кху баттахь ойла ян еза кхид1а ша дан леринчун.

Вайна гонаха дукха ду гlo-накъосталла оьшуш г1ийла, миска адамаш. Царна, стенцца дай a, гlo дан хьовсалаш, церан дахар аттачу даккха хьовсалаш. Г1ийлачарна гlo делаш, уьш муьлххачу къомах белахь а. Рамазан баттахь аш саг1ийна елларг эхартахь карор ю шуна. Цунах хинйолу ял дуккхазза а алсам йолу шуна кху баттахь.

Рамазан бутт. Иза баккъал а вайна Везачу Аллах1а дина доккха совг1ат ду. Кху совг1атах буьззина пайдаэца, марханаш кхаба Дала могаш, маьрша латтадойла вай, ийман, беркат алсам доккхийла. Дала шен боккха къинхетам бойла вайх! Вайн къомана а, махкана а Дала беркате бойла xlapa шах1рун Рамазан.

Р. А. Кадыров, Нохчийн Республикан Президент

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет