доллар    56.53 $
евро 63.57 €
23 мая, 13:39
Погода в Грозном +17 в Грозном

Кавказан тIаьхье

28 октября в 16:54 (2009 г.)
Нохчийн гуьржийн халкъийн гергарло тахана кхолладелла дац. Оцу доттагIаллин орамаш  генна  хьалхзаманан кIоргене дIадоьлху.
Ширчу тептарш тIехь дуккха тоьшаллаш ду Гуьржийн пачхьалкх кхолларехь, кхиорехь нохчаша жигара дакъалаьцна хилар тIечIагIдеш. Амма цунах лаьцна уггаре къегина масалш нохчийн турпаллин иллешкахь карадо. «Картлис Цховреба» цIе йолчу гуьржийн ширчу тептар тIехь билгалдаьккхина  ду гуьржийн, нохчийн къаьмнаш цхьана вежарийн тIаьхьенех схьадевлла ду аьлла. Нохьа-пайхамарх схьабевлла лору цу тIехь  гуьржий, нохчий. Нохьех схьаваьлла Яфет, Яфетах–Таршис, Таршисах– Таргамос,Таргамосах–  Кавкас, Кавкасах– Дзурдзук. Цуьнан тIаьхьенех лоруш бу нохчий. Ши эзар ах эзар шо хьалха Гуьржичохь олалла деш хиллачу Парнаваз  паччахьан нана нохчий хилла. Шайн пачхьалкхана  арахьарчу мостагIаша кхерам мосазза тосу ненахошка-нохчашка гIо доьхуш хилла гуьржийн паччахьаша. Тахана Iилманчийн шеко яц Гуьржийчохь бехаш болу бацой, кистой ца бийцича, ломара хевсораш нохчех схьабоьвлла хиларан. Карарчу хенахь а лелош долу и гергарло, кхо-диъ бIе шо хьалха кхин а уллора лоруш хилла. Ларамаза дац Кунта-Хьаьжас нохчашка гуьржашца долу гергарло дIа ма тасалаш, аьлла весет дина хилар. Церан гIо-орца оьшуш цхьа зама йогIур ю вайнахана аьлла хилла цо.Лаххара кхо бIе шо хьалха даьккхинчу нохчийн турпаллин илли тIехь дуьйцуш ду жерочун кIентан, гуьржин кIентан доттагIаллех лаьцна. Жерочун кIант, га доцу сара санна, цхьалха ву. Цуьнан верасаш хилла дIахIитта баккхий нах бац, оьшшучохь гIодаккха вежарий бац. Иштаниг сацо, човхо атта ду. Цхьалхачо дуьйцург, лелориг дош ца хета. Къонахашна юкъахь цуьнан рагI массо аьлла ваьлча бен яц. Цундела цхьалхачун бIаьрг сирла, лерг сема хила деза, цуьнан тешаме доттагI хила веза.

  Йочанан мохо идо дарц ва санна,
  Расхачу ва дино ша чехка идавеш,
  Хийистехь лаьттачу юьртарчу пхьоьханна,
  Веъна тIе ма хIоьттир  и Юьспан ва Тойсам:
 –Ассалам Iалайкум, хIай юьртан кур кIентий,
 Суьйре дика йойла шун кхоьллинчу вайн Дала!
Дакъаза ма вала, жерочун жима кIант,
 Га доцу ва сара хадо атта бу хьуна,
ТIам бойна ва леча куьйрано хьийзадо.
Сан кIезиг гIуллакх ду юьртарчу кIенташца,
Хьо юьстах валахьа, жерочун жима кIант.
–Iалейкум ва салам, хIай Юьспан ва Тойсам.
Хьо марша вогIийла, хьо далла воьзийла.
 Га доцу сара хадо атта хир ма бу,
ТIам бойна леча куьйрано хьийзор ду.
 ПаргIато ю хьуна, со новкъа ца гIерташ,
 Хьайн долу ва гIуллакх ахь дийца мегар ду, -
олуш цIехьа ма вахар жерочун жима кIант.

Ша цхьалха ву аьлла юьртарчу кIентех дIакъастор  новкъа догIу жерочун кIантана. Шен халахетар нене дуьйцу цо, шен и дийца
ваша, шича воцу дела.

-ЦIарна цIе яхна ву цхьа гуьржин дика кIант.
И бIаьрга ва ганза, доттагIа лацанза
Кху цIехьа ца верза, яр дуьне ца даа,
Делах дуй биъна ас, сайн дагца чIагIбеш.
Со хоттуш стаг хилахь, алалахь ахь  цуьнга
Сарахь цIа вогIур ву, Iуьйранна со хаттахь.
Iуьйранна цIавогIур ву, сарахь со хаттахь, -
олий, дуьне дуьтуш дIабуза дашо малх санна, юьртах волу жерочун жима кIант. ЦIарна цIе яххана шортта нохчийн кIентий боллушехь,  цо доттагI гуьржашна юкъахь лоху.
Гуьржийн кIант вехачу юьрта а воьдий, хилла хIумма доццушехь, орца доккху цо, буьйсанна юккъехь аравер варий те и гIо оьшучунна накъосталла дан, олий.
-    Ассалам Iалайкум !Iаьржачу буьйсанна
   Хьалха лаьллина рема йоцуш ,тIехьадаьлла орца доцуш,
   Хууш хилла хIумма доцуш, орца доьхург мила ву те?
 –Iалайкум ва салам, хIай гуьржйн дика кIант!
 Хьалхалаьллина рема йоцуш, тIехьадаьлла орца доцуш,
    Схьагуш хилла хIума доцуш, орца доьхуш со ву хьуна,
- олий ша арабаьккхина некъ бовзуьйту нохчийн кIанта. ГIаддайна, де доьхна гIо оьшуш волчу стагана гуьржийн кIант накъост хилла дIахIотта кийча хиларх теша жерочун кIант.
 Юха а вовшийн зуьй цара, юха а реза хуьлу вовшашна. РогIера вовшийн тешаме хилар зуьйш илли тIехь хIоттийна сурт дукха хан йоцуш нохчашна тIоьхула Гуьржичоьнний, Оьрсийнчоьнний юкъахь иккхинчу дар – дацарх чIогIа тера ду. Нохчийн кIант схьалоций, дIавоьхкий, паччахьан инарлийна тIе воьдий , гуьржичо боху:

 –ГIалин йисте ва бовла эпсарш ца буьтуш,
 Майдана бийла элин-стунаш ца буьтуш.
Адаман цIий муьлу хин цIубдар санна,
Хьолахойн цIий муьйлу, жерочун жима кIант,
 Вихкина ву хьуна вехачу хIусамехь,
 Схьавало ло суна тоьллачех ворхI эпсар,
 Кхоана ло суна эпсарийн ва хорма.

Хазахеттачу инарлас кхочуш до шена хьалха мел диллинарг,
 Лаьцна волу нохчий шега схьавелчхьана.
 Амма цIеххьана гуьржийчо боху: 

- Схьахьажал, цхьанделхьа, шен Iаьржачу бIаьргашка,
 Со хетий хьуна доттагIа вухку кIант?
Схьахьажал, цхьанделхьа, сан шуьйрачу белшашка,
Сайн хьаша воьхкина, тешнабехк ва бина,
 Эпсарийн куй туьллу кIант хетий хьуна со?

 Илли тIехь дуккха хала киртигаш хуьтту шина доттагIчунна тIе. Амма оцу массо халонах стогаллийца, доьналлийца чекхбовлу турпалхой. Илли тIехь ялош ю оьздачу стеган хила езаш йолу амалш. 

Ницкъ хиларх, хуьлуш вац яхь йолу дика  кIант.
 ХIилланах хуьлуш вац, тешаме дика кIант.
 Тешамо, гIиллакхо, собаро веш ву-кха.
 Оьздалло, хьекъало, стогалло веш ву-кха
 ГIиллакхах вуьззина яхь йолу дика кIант.

 Тешаме доттагIалла тасало шина кIантана юкъахь. Илли тIехь гуьржийн, нохчийн кIентийн васташкахь гайтинарш гуьржийн, нохчийн къаьмнаш ду. Царна юкъахь гергарло, доттагIалла чIагIдаларе сатуьйсу иллантас.
Нохчийчуьра Гуьржийчу боьду некъ биллина баьлча, инзаре къиза тIом оьккхур бу. Оцу некъо хийла бусулба стаг Iазапах кIелхьарвоккхур ву. Оцу некъа тIехь нисвелларг декъала хир ву, аьлла, дешнаш ду Хошкелдарчу Юсуп Хьаьжин .
Ма лойла вай кIентий вовшех тешам байна.
Ма лойла вай кIентий вовшех безам байн а, – аьлла, чекхдолуш ду и илли.

Хатуев Iабдулхьамид ,
ийманехь кхетош-кхиоран Центр
www.chechnyaTODAY.com


{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет