Дег1 Эла хилла ца 1аш, са Эла дара цуьнан

25 ноября в 11:10 (2009 г.) 4971
Дукха хала ду вайна юкъахь воцчу стагах лаьцна яздан а, дийца а, къаьсттина хала ду - и стаг вайна юкъахь воцуш йиш йоцуш хилча муххале а. ДагадогIу, 2000-чу шеран 27 майхь дара иза. Москвахь, «Космос» ц1е йолчу хьешан ц1ийнехь д1ахьош яра «России бусалба нехан керлачу эзаршарахь хиндерг» аьлла, бусалба дин Россехь даржаран 1400 шо кхачарца доьзна йолу дуьненаюкъара форум. Х1етахь, Москвахь, СНГ-н пачхьалкхийн «Ислам-Динан Ассоциации Президент волчу вайн махкахочо Дудаев 1абдул-Рашеда (т1аьхьо вайн махкахь вевзаш вара иза Рудник ц1арца) кхайкхинера соьга цига. Ваххабисташа-экстремисташа Хатт1аба а, БасаевгIар а луларчу Дагестане тIелатар дарна дуьхьало йина,  нохчийн къомана орцахвала гIаьттина Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьххьара Москва кхаьчна де дара иза. Со, бакъдолуш, цецваьлла а вара оцу луьрачу хенахь, боьдуш TIOM а болуш, России дега юккъехь, Москвахь, сайна Ахьмад-Хьаьжа вайча. Оцу хенахь цуьнгахь Рос¬сии куьйгалло къобалдеш цхьа а дарж дацара, кхераме а дара цунна хIетахь, шина a aгlop.

Форуман белхан Программ и ца къамел дан язбинчарна юкъахь Нохчийчуьра цхьа а векал ца хиллехь а, хьалхарчу дийнан шолгIачу декъехь форуман болх д1ахьош волчо схьакхайкхийра: Х1инца дош ло Нохчийн Республикин муфтина Кадыров Ахьмад-Хьаьжина. Амма трибунехь Ахьмад-Хьаьжа гучу ца велира, шозлагIа а кхайкхийра...

      Ахьмад-Хьаьжа вацара гуш. Жимма хьалха д1ахьаьжча, хьал-харчу могIаршкахь хиъна волу Ахьмад-Хьаьжа ца карийра суна а. ШолгIачу дийнахь суна хиира: Ахьмад-Хьаьжин кхин а алсам са-гатдойла хиллера. Оцу форумехь дуьйцуш дерг Ислам-дин дуьххьара Дагестанехула Росси пачхьалкхехь даржа доладалар хиллехь а, Ахьмад-Хьаьжас ойла йийриг, цо сагатдеш дерг, дог паргIатдала ца дуьтург, и йийсаре винарг кхин дара сийна алу хилла ц1е летта йогуш   яра   Нохчийчоь.   Ахьмад-Хьаьжа ванне а вацара, шена гечо даьлчахьана, парг1атваьлла 1ийрболчех.

Дудаев 1абдул-Рашедан, х1етахь цуьнан хиллачу офисехь (Остоженко ураман №49), цхьаьнакхеташ ду, Ахьмад-Хьаьжа вайнахе вистхила, дагавала лууш ву аьлла кхайкхина вовшахкхетатачарах цхьаъ со а вара. Хьесапехь, 15 стаг хир вара тхо цу чохь, Нохчийчоь, шайна гергахь, шайх бен тешо мегар дац аьлла хеташ болу цхьаболу нохчийн к1ентий а болуш. Ахьмад-Хьаьжас иштта долийра «Шуна со ца вийцарх вевзаш ву, х1инццалц ас дина некъаш а хаьа шуна. Вай х1инца уьш дийца ца гулделла. Бакъду, суна шух дукхахберш ца бевза, цундела сан дехар ду, ша вистхуьлуш волчо ша хьалха вовза а вовзуьйтуш къамел долор. Нохчийчохь болчу нохчийн ойланаш, церан лаам муха бу суна хаьа, амма кхузахь долчу шуна х1ун лаьа ца хаьа суна. Нагахь суо т1еэцахь, Президентна Путинна т1екхача 1алашо ю сан. Шун лааме лаьдоьг1ча атта хир дара суна, айса нохчийн къоман ц1арах х1ун дийца деза хаа».

Гуш дара, оццул йоьхначу, карзахечу заманахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа шен лаамна араваьлла цахилар. Вуьшта, вайна т1аьхьо гучу а делира, России Президента Путина ала а элира и т1еч1аг1деш дешнаш: «Шена цхьа а х1ума дех-на вацара и, нохчийн къоман ла¬амна араваьлла вара...».

Халахеташ делахь а, вайх xlopa а ву ша эла ву моьттуш, кураллех, сонталлех вуьзна. Гулбеллачара Москва хевшина 1аш болчу политикийн ц1ерш йохура: «Вайна «хьенех» дика хир вара, «минех» дика хир вара» бохуш. Дала геч-дойла цунна, х1инца и воцуш ву вевзаш волу г1ишлошъярхо, 70 шарал т1ехваьлла волчу Хаджиев Шамсуддин ц1е яьккхинарг а вара. Амма цхьаммо а ца элира: «Араваьлларг хьо ву, нагахь и жоьпаллин дарж хьоьга кховдадахь, тхо реза ду хьан накъостий хилла д1ах1итта. Бакъду, цхьаъ велира иштта олуш: «Тхуна бен а дац алахьа милла х1оттийча а, ц1ера хьал д1адерзийчахьана!».

Амма России президента Пути¬на Ахьмад-Хьаьжига кховдийра и дарж. Олуш ма-хиллара, «аганара г1аьттичахьана» пачхьалкхан кхерамазаллин комитетан декъашхо а, т1аьххьара  куьйгалхо а лаьттина волу Путин шена дуьхьал веанарг мила ву хаа а, цуьнан мах хадо а ца хууш вацара. Дуьххьара хиллачу цхьаьнакхетарехь цунна дика хиира х1окху т1аьххьарчу 14 шарахь карзахъяьллачу Нохчийчоьнан дола деш д1ах1отта ох1ла верг шена дуьхьалвеана, х1инца шеца къамеле ваьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вуй. Цу т1ехь и гал а ца хиллера, цул сов, Нохчийчохь кхолладеллачу чолхечу хьолана орцахвала, и дерзо лууш Путин ша а вара. Ойланаш цхьатерра йолу ши лидер дуьхь-дуьхьал охьахиъна вара, цу шиннан барт и хилира. Буьрса  деанчу   1аьнна  тIаьхьа хазаб1аьстейог1ийхаьараАхьмад-Хьаьжина, иштта и тешна вара оцу чолхечу, адам хьере хилла еанчу заманна т1аьхьа, кхетта серло йолуш, дахаран парг1ато йолуш зама вайн махка кхочург хиларх. Цундела цхьа а де, сахьт, минот эрна яхийта йиш яцара цуьнан.

Москвара ц1а вирзинчул т1аьхьа и дагавелира гергарчех, уггар хьалха шендех-1абдул-Хьамидах, во lax  Рамзанах, доьзалан бала уггар хьалха шена т1елоцуш йолчу х1усамненах Айманих. Бакъдолуш, зама сиха яра, ладоьг1уш 1ойла дацара,    терзан    т1е   диллинарг нохчиин къоман хиндерг дара. Т1аьххьара, Кремлана ша жоп далале, иштта ойланаш хьерчара Ахьмад-Хьаьжин коьрте:

«Цкъа а, цхьанна а вон болх хила ца лиъна суна... 1ожаллех а ца кхийрина со... Дахаран маь1нех долу къамелаш цкъацкъа мар-хашлахь пана вийлар санна хета. Цунна бахьана - адамаш, барта хьовха, ойланехь а 1ожаллин сурт XIOTTO цабахьар ду. Ваьш къона а, могаш а мел ду, вайна цкъа а лийр доцуш санна хета. Стенна оьшу сада1аран барамехь гергаг1ерташ йолчу 1ожаллига ладег1а? Ткъа кхерамех уггар луьраниг  валарх кхерар ду. Амма и кхерам эшийначул т1аьхьа бен адам синмаршоне кхочур дац. Вевзаш волчу фило¬софа Гегела аьлла ма-хиллара: «Сийлахь-баккхий нах исторехь шайн декхар д1аделлачул т1аьхьа бен дуьненчуьра д1а ца бовлу». Массо а адамашна т1едог1уш ма ду и! Х1ораннан а шен-шен декхар ма ду исторехь! Ткъа х1инца, кху вайн аьрхачу, чолхечу заманахь вайна гуш ма ду мел вовшех ийна адамийн кхолламаш, хиламаш, мел т1е1аткъам бо вай вовшашна, мел дозуш ду вай вовшех... Т1аккха ас а эца дезакх и декхар сайн белшаш т1е. Нагахь со и ме¬ха л а Муллакх айса, юха а т1аккха а, айса бен кхочушдийр дац аьлла дог тешна велахь, суна кхераме дац мел луьра а зераш... 1ожалло а собар дийр ду»... - ойла йора нохчийн къоман хинволчу баьччано.

Амма хьере хиллачу адамна мелла а сиха хьалхавала Да оьшура, ойла ярх оцу кепара къонах, кхол¬ладеллачу т1еман-политически хьолехь и мохь т1елацарал совнаха, д1абахьа хуур долуш, мас¬со aгlo лело хуур долуш верг ца гира Ахьмад-Хьаьжина. "Т1аккха цо шен нахе д1ахьедира: «Нох¬чийн къомах дог а лозуш, и ба-лех к1елхьардаккха лаам а болуш, ох1ла а волуш верг ца го суна, со юьстах сацахь, халкъ юха а балано лацарна кхоьру со, сайх х1уъа хилахь а, со реза вукх и мохь т1елаца, амма со бахьанехь шайна хуьлуш дерг т1елаца шу а реза хилахьа-ра». Т1аккха дас 1абдул-Хьамида а, моссо гергарчара а Деле до1ица вийхира Ахьмад-Хьаьжа, иштта Деле дийхира и хьалха ваьлла долу нохчийн къам.

Ша т1елаьцнарг мел хала а, жоьпаллин а мохь бу ца хууш вацара Ахьмад-Хьаьжа. Зама ша чолхе хиларал сов, резабоцурш бара моссо a aг1op, халахеташ делахь а, интеллигенцих берш хилла ца 1аш, 1елимнах а.

Дагадог1у: НР-н глава Ахьмад-Хьаьжа х1оттийна дукха зама ялале Москвахь «Президент-Отелехь» тхойшиннан къамелехь Ахьмад-Хьаьжас хаийтира соьга, шена хууш доцуш, вайн 1елимнах коьртехь болуш, Путинна т1екхача вайн махкара тоба еана хилар. «Кремле кхайкхина волчу суна хууш дацара и хьал, халахетарца дийцира Ахьмад-Хьаьжас.   Путинан   кабинета   чохь   суна дуьхьал а хевшина, вайн вежарий 1елимнах суна арздеш бара... Амма хетарг-м ца хилира хьуна царна... Массаьрга ла а доьг1на, тхо чуьра арадовлуш, кабинетан не1аре кхаьчча Путина элира, дуьйцура Ахьмад-Хьаьжас кхид1а а,  «Ахмат-Хаджи, Вы задержи¬тесь!». Кабинета чохь тхойшиъ тхаьш висича, Путина элира соьга: «Хьаъа а х1уъа а дийцахь а, со хьан накъост ву хьуна, д1а а г1ой, хьайн болх бе! Цхьаьнгга а ла а ма дег1а!».

«России Президентан 1одика а йина со араваьлча, приемни чохь, президента соьга х1ун аьлла цахаарна, 1адийча санна 1аш болу вайн вежарий а битина, схьавеара со»,  дийцира Ахьмад-Хьаьжас. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин амалш юьйцуш дуккха а дустарш дало мегар ду: «яхь йолуш», «цхьаннах возуш воцуш», «озалуш воцуш», «тешаме», «къонах», «оьзда стаг», «ц1енна бусалба». Доцца аьлча, стаг хасто а, цунах лаьцна довха дош ала а хьакъдолу моссо а дикаллаш шеца йолуш вара Ахьмад-Хьаьжа.

Амма цуьнан амалех уггар коьртаниг  доза доцуш нийсо езаш и хилар дара, ткъа иза цунна хьоьхура Аллах1-Делах и тешаш хиларан, Цунах кхераран ницкъо. Ахьмад-Хьаьжин къамелаш, xlop дош х1уманна сиха т1е кхуьуш, фи¬лософски маь1на долуш, бух бо¬луш дара. Ишттачех ду цо аьлла xlapa дешнаш а:

«Со г1алат хила а мега, хьалххе дерриг дуста, оза цаларорна. Амма шовкъе баьлла лаам лахбелла ца хилла сан цкъа а. Схьахетарехь, олуш махиллара, «бехна а сайна бала бахьачех» вукх со. Цкъацкъа айса сайх белам а хуьлу суна: Стенга Мерта? Хьан кхайкхи¬на? Хьан декхарвина? олий. Амма х1етте а, кхечу кепара ваха а ца ло! Вехийла а дац! Даго хьоху: Ахь деш дерг, ахь д1акхоьхьург кху лаьтта т1ехь хьайн г1уллах ду!».

Бакъдерг ду иза, Азаллехь вай Кхоьллинчу Дала шена билгалбинчу новкъа д1авоьдуш вара Ахьмад-Хьаьжа. Циггахь цо шена къастийна некъ бара иза.

Хууш дерг ду: х1ораммо а шена йожо луъу ч1аг1о къастайо дуьненахь. Цхьаволчунна и ч1аг1о го хааршца, кхетамца шел тоьлла вол¬чу стагехь, цо шен берриг ницкъ т1ебохуьйту и эшо, къарван. Амма кхечу кепара адамаш а ду ада-машлахь а тоьлларш ду уьш цара гуттар а дов хьедийриг еккъа цхьа ч1аг1о ю  шайн синкхерч. Ткъа Ахьмад-Хьаьжин синкхерч нох¬чийн къам маьрша а, парг1атонехь а дехаш хила лаар бара, шех х1уъа хилахь а, шен къомана вацар бара. Ахьмад-Хьаьжас олуш а дара: «Адамийн декхар вон эшийна ца 1аш, иза дикане дерзор ду», олий. Изза 1алашо йолуш дара Ахьмад-Хьаьжин шен къомана орцахвалар, уггар оьшучу заманчохь цунна хьалха нисвалар. Шайхаллица долуш санна дара цо олуш долу дешнаш. «Хаьий шуна, - олура цо,  халкъалахь олуш дукх - боданна, харцонна дуьхьал не1алташ кхийкхош 1ачул, мел жима а ч1урам латийна, серло ялар г1олехь ду», - олий. Ахьмад-Хьаьжа ванне а вацара гуш кхол-ладеллачу хьолана не1алташ кхайкхош, ладоьг1уш 1ийр волчех. Цул т1аьхьа цо эр ду: «Вай кхеташ я ца кхеташ, амма вайх х1ораннан бакъо ю харжамна: дуьненан зовкхех марзо а оьцуш, 1индаг1 сан¬на  текхна шершина  чекхвала,  я аттачух-дорахчух lexa ца луш, йочанина йоькханина къар ца луш, къизаллина к1ел ца соцуш хьалхахьа эха. Хьалхара некъ, шеко йоцуш, атта бу, амма мел сийлахь букх шолг1а некъ, мел очакхе и белахь а!»

Ахьмад-Хьаьжас лехнарг шена атта, шена пайде некъ бацара, бакъдолуш и шолг1а некъ, очакхе а, дахарна, шен доьзалшна, гергарчарна кхераме а, амма Далла гергахь Сийлахь некъ бара.

Нохчийн къам оцу киртига к1елхьара схьадаккхар хилла ца lapa Ахьмад-Хьаьжин 1алашо, дукха гена хьалхахьа хьоьжура и. Цу хьокъехь, цо т1аьхьо эр ду: «... Дан а дац, хила йиш а яц адам шен кхолламан да а, шен историкхоллархо а хилла д1ах1оттарал коьрта декхар!». Бакъдолуш, оцу 1алашоне вай кхачо араваьлла а вара Ахьмад-Хьаьжа. И декхар юкъараллина хьалха лаьтташ хил¬ла ца 1аш, xlopa стагана а хьалха лаьтташ дуй хууш а, нохчийн къам оцу хьолехь кхио лууш а вара иза.

Дерриг диканиг дахьаш веанера вайна Ахьмад-Хьаьжа, б1еннаш шерашкахь нохчийн къомо лайначу баланашна Кхоьллинчу Дала диканца бекхам беш, каппаратна вайна велла вара иза. Амма дукха ваха кхоьллина ца хиллера, хьал¬ха ша везаш т1елацар доцучара а, цкъа а къобалвийр вац моьттучара а, къобалвина т1еэцначул т1аьхьа, массарна а везавеллачул т1аьхьа, г1ийлачийн, мискачийн дегнашна ца йоьрзу йолу чов еш, дуьненчуь¬ра д1авахара вайн къоман баьчча Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

«Къонах вича, лаьмнашкахь борз ехкина, къонах кхелхича, лаьмнаш, г1айг1ане хилла, техкина»,  олуш ду вайн. Ахьмад-Хьаьжа кхелхича, Кавказан лаьм¬наш, г1айг1ане хилла, техкира, бакъдолуш, моттаделира х1инцца яьккхина парг1ато хьаьшна д1аели, цхьана ханна б1аьргашна дуьхьал бода беара, моссо а хьере вара, хиндерг бодане дара.

    Шари1ат дезаш волуш,т1арикъатан некъ безаш волуш, берриге эвлаяаш даггара къобал-беш, устазан Киши Хьаьжин бакъ-волумурдволуш, бакъдергд1аалар нийят долуш, мостаМех кхерар Дала даг т1ера д1адаьккхина, вуьз-зина бусалба а волуш, къонах вара Ахьмад-Хьаьжа.
.... И санна волчу стеган кхечу кепара дахар хуьлийла а дацара, и санна волчу къонахчун кхечу ке¬пара кхалхар хуьлийла а дацара. Дег1 эла хилла ца 1аш, са а эла дара цуьнан, шен накъостел дукха лекха вара иза. Хеталора, хир вуй те и санна нохчийн къомана хьалхава¬ла, нохчийн къомах доглозуш, Де¬лах кхоьруш волуш къонах вайна?

... Иза волуш хиллера. Къинхетамечу Дала, г1ийлачу нохчийн къо¬мах къа а хетта, Ахьмад-Хьаьжин метта цуьнан к1ант Рамзан велира вайна. Хьалхарчу дийнахь дуьйна цунна уллохь вара жима Рам¬зан  шен ден тешаме, хьекъале накъост, цуьнан г1оьнча. Ахьмад-Хьаьжас мел йоккху г1улч гуш вол¬чу Рамзанна евзира пачхьалкхан куьйгаллин белхан къайленаш, башхаллаш, хиира адамашца х1ун мотт бийца беза.
Схьагарехь, России Президент В.В. Путин а вара и дерриге гуш. Ца хиллехь, Ахьмад-Хьаьжа кхелхинчул т1аьхьа, хан ца йолуьйтуш, республикин куьйгалле х1оттор ва¬цара иза.

Ирс долуш к1ант ву Рамзан: куьй¬галлин мукъ каракхаьчначу хьал¬харчу дийнахь дуьйна цо хаийтира ша политик вуй, мехкан дола дан ша ox1ла вуй.

Майрра ала йиш ю вайн: Ахматовича шен меттиг д1алаьцна историн аг1онашкахь, адамийн иэсехь гутаренна а виса хьакъ волуш, даккхий г1уллакхаш дина а, х1окху сохьта халкъана шен дахар д1аделла а ву. Цо мел дина а, деш долу а г1уллакхаш дийцина вер вац, амма хууш цхьаъ ду: Рамзанна шен ирс карийна шен дас Ахьмад-Хьаьжас долийна г1уллакхаш д1адахьарехь, нохчийн къомана г1уллакх дан шен аьтто хиларца.

Уггар хьалха лакхарчу даржехь шен болх д1аболош Рамзана вайн эвлаяийн зиярташ тодайтира, ярташкахь маьждигаш дог1ийтира, доьхнарш  тодайтира. Иза сих-сиха хуьлу зиярташкахь, эвлаяийн т1аьхьенашца уллера гергарло леладо. Вайна хууш долуш, цуьнан уллера гергарло дара Эвтарарчу эвлаяан 1овдин т1аьхьенах волчу Мохьмадца.

Рамзан xlopa ша йокхучу г1улчаца х1инца а дагаволу шен дех Ахьмад-Хьаьжех, иза цунна хала а дац - ойла д1а ма кховддий, ден амат хьалха х1утту, цун¬на хаьа ден лаам муха бу, ткъа цуьнан лаам кхочушбар  иза шен халкъан лаам кхочушбар ду, Кхоь¬ллинчу Далла вацар ду, Далла кхин а герга кхачар ду, ткъа иза уг¬гар коьртаниг ду.

Деза денош лерина, вайн махка веанчу России Пачхьалкхан лаккхарчу даржехь волчу, оьрсийн къомах волчу инарло, Ахьмад-Хьаьжин коша т1ехь, цуьнан чурта т1е куьг а хьаькхна элира: «Эхартахь парг1ат хир ду Ахьмад-Хьаьжин са, цуьнан г1уллакхаш д1акхоьхьуш цуьнан к1ант Рамзан ву,  аьлла. Хаза а, бакъонца а дешнаш ду уьш, вайна, бусалба нахана, хууш дерг а ду.

Вайна дагадог1у Ахьмад-Хьаьжин ц1арах маьждиг схьадоьллуш, имамо хут1ба доьшучу хенахь Рамза¬нах кхетта шовкъан хьал  дукха веха вилхира и, цунна дуьхьал лаьтташ вара шен да Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан лаам бара, цо берриг ницкъаш т1ебахийтина, йоццачу хенахь, Европехь а тоьллачех долу шен ден сийнна, дина а далийтина, х1инцца схьа-диллина коьрта маьждиг. Ахьмад-Хьаьжа схьавелахьара дукха хир дара дийца шен дега оцу турпалчу к1ентан...

Дела а, Элча а, вайн устаз Киши-Хьаьжа а реза хуьлда хьуна, со реза ву хьуна, сан к1ант, эр дара дас.

   Ма к1езиг ду, дада, ас хьан дуь-хьа динарг, - эр дара к1анта шен дега, - шен хьалхахьа д1аг1ертачу ойлане ладоьг1на.

   Цунна дуьхьал лаьтта шен ден васт, цуьнан б1аьргаш чу хьоьжу иза, цо мел дийцинарг, цо мел лелийнарг, хезаша, гуш а ду цунна, ша аганара г1аьттичахьана, Ахьмад-Хьаьжа д1акхелха т1аьххьара де т1ех1отталц, дахаран дерриг не¬къаш хьалхахула чекхдуьйлу к1антана... Х1инца цунна хезаш дац имаман хут1ба, гуш бац гонахара накъостий, цкъа а ца хилла¬чу кепара гергахь ву иза шен дена Ахьмад-Хьаьжина.
...Иза цуьнца къамел деш ву. Кхид1а а шен ден дуьхьа нохчийн къомана хьалхара ваца, Дела реза веш, дан дезаш долу г1уллакхаш ду цунна дуьхьал х1уьттуш, цунна хьалха лаьтташ.

Иштта к1ант а, шен ц1арах саг1адаларан фонд схьа а йиллина, моссо метте куьг кхочуш, бу¬салба нахе caг1a кхачош йолу Аймани а йолуш, эхарта вахана волу Ахьмад-Хьаьжа, эхартан даржехь де мел дели, кхин а лакхарчу дар¬жехь хир ву, Цуьнан 1амалийн тептар д1акъевлина дац...

М. Заурбеков

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Американскую учительницу уволили за троллинг учащихся в TwitterАмериканскую учительницу уволили за троллинг учащихся в Twitter
В мире
Всемирный день снега отметят на курорте «Архыз»Всемирный день снега отметят на курорте «Архыз»
В России
Р. Кадыров провел совещание по вопросам развития Гудермесского районаР. Кадыров провел совещание по вопросам развития Гудермесского района
Власть и политика
Проводить много времени в интернете для детей – вредноПроводить много времени в интернете для детей – вредно
Спорт и здоровье
Потерявшиеся в лесах Чечни сборщики черемши найдены живыми и невредимымиПотерявшиеся в лесах Чечни сборщики черемши найдены живыми и невредимыми
Происшествия
Эксперты составили список самых неблагонадежных паролейЭксперты составили список самых неблагонадежных паролей
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: