доллар    56.51 $
евро 63.2 €
28 мая, 17:31
Погода в Грозном +24 в Грозном

Мароккохь ислам динан конференци

25 ноября в 11:25 (2009 г.)
Июль беттан 10-12-чу де¬ношкахь Марокко пачхьалкхан Маракеш олучу шахьарахь д1аяьхьира «Бусалба динехь-суфизм» ц1е йолу дуьненаюкъа¬ра конференци. 43 пачхьалкхера 1500 векал вара оцу мехалчу форумехь дакъалоцуш. И фо¬рум лерина яра эвлаяан Сиди Шикрин хьурматна, и дагалоцуш, цуьнан сийдеш, т1арикъатан некь хьоьхуш муридаш кхиорехь, уьш Далла герга кхачорехь цо дина некъаш дуьненна а довзийтаран 1алашонца. Оцу форуме кхайкхинера Росси пачхьалкхан тоба, коьртехь вевзаш волу 1елимстаг Кадыров Хож-Ахьмад-хьаьжа а волуш. Хож-Ахьмад-хьаьжига кхайкхар даийтинера Марок¬ко пачхьалкхан паччахьа Мухьаммад Садин ц1арах. Делегаци юкъахь вара НР-н муфтин хьалхара заместитель Куруев Валит а.

Эвлаяъ Сиди Шикра, Делера салам-маршалла хуьдда цунна, Делан Элча Мухьаммад пайхамар волчу заманахь вина а, кхиъна а хилла. И бусалба дин кхайкхо волавелча, цунна т1екхаьчна а, цуьнца ирс эцна а хилла. Цул т1аьхьа йолчу заманахь дуккха а эвлаяаш кхиъна хилла оцу мах¬кахь, т1арикъатан некь хьоьхуш. Конференции хьалхарчу дийнахь Маракеш олучу шахьарахь догму эвлаяийн Сиди Абуль-1аббасан а, Абу 1абдуллах1 Мухьаммадан Джадулин а зиярташка бахара конференции берриге а декъашхой. Зиярте баьхкинчара ч1ог1ачу макъамехь Къуръанан аяташ доьшура, тобанашца гуллуш. Оцу эвлаяийн т1арикъатан некь хиллера иза. Вайн махкахоша ве¬шан эвлаяийн санна лерам беш хиллера оцу махкарчу бусалба нехан, цхьатера дара зиярте баьхкинчара дарбанна лерина хималар а, цул сов, xlopa зиярте х1отинчу дешначу аятийн мел оцу эвлаяана д1абелла ваьлча араволуш леррина х1оттийначу шуьна чохь хурманаш а, стаканаш чохь шура а яра. Xlopa а чувеана бусалба стаг, зиярт дина араволуш, оцу caг1ex кхетара.

Делкъал т1аьхьа леррина кечйинчу зал чохь д1аболийра конференцино болх. Гулбеллачу  хьешашна   юкъахь дуккха а бусалба пачхьалкхийн векалш бара, Кадыров Хож-Ахьмад-хьаьжа вевзаш а, цуьнга бистхила лууш берш а. Царах вара Сенегалера веана Мухьаммад-Эмин к1ант Шайхуна Амбаку. Масех бутт хьалха вайн махкахо хиллера оцу пачхьалкхехь, ткъа цхьа шо хьалха иза ша а вара вайн махкахь хилла. Кхузахь гергарлонан з1енаш кхин а ч1аг1ъелира. Конференции белхан шолг1ачу дийнахь Сиди Шифин зиярте бахара берриге а хьеший. Вайн махкахь къадарин т1арикъатан некъехь болчу муридаша дечу кепара мелла а дог1уш долуш зуькарш дира зиярта чохь марокьхоша а, хьешаша а. Цигара девлча конференцино шен болх д1абаьхьира. Вайн махкахочунна Кадыров Хож-Ахьмад-хьаьжина дош ала къаьсттина бакъо елира. Вайн махкахь долчу т1арикъатах, вайн эвлаяийн дахарх, цара вайн махкахь бу¬салба дин даржорах лаьцна дий-цира Хож-Ахьмад-хьаьжас. Кхаа дийнахь д1аяьхьначу конферен¬ции балхахь къамелаш дира Ма¬рокко пачхьалкхан динан дайша, форуман декъашхоша.

Гулбеллачеран дог-ойла самайоккхуш, оцу махкахь т1арикъат даржорах, кхечу пач-хьалкхийн динан дайшца шайн тасаделла гергарлонаш довзуьйтуш дара конференцехь къа-мелаш.

Къаьсттина чулацаме а, Ма¬рокко пачхьалкхехь т1арикъатан некь д1аболабаларх, оцу мехкан динан дайша, эвлаяаша, адамийн синош Далла герга кха¬чорехь дина Муллакхаш довзуьйтуш а дара оцу пачхьалкхан министран даржехь волчу устазан Ахьмад Товфикъан къамел.
Гуш дара Ахьмад Товфикъ бусалба динан т1арикъатан некь дика бевзаш хилар. Делан Элчанна Tlepa (Делера салам-маршалла хуьцца цунна) таханлерачу дийне кхаччалц шайн мах¬кахь болчу эвлаяийн, динан дайн, т1арикъатан некь бийцира цо. Довзийтира цара дина некъаш.

Гуш кхин цхьа aг1o яра оцу ораторан: шен сица ийманехь стаг вара иза, Делан гергара нах  эвлаяаш буьйцуш, шовкъан асар кхетта, шен велхаэккхар лачкъа ца делира цуьнга. Махкахоша боккъал а лоруш стаг хиллера иза, цуьнгара дарж бахьана хилла ца 1аш -эхь-иман долуш, дин шегахь долуш хиларца.

    Гулбеллачара сих-сиха т1араш детташ, юкъахвохуш, пайдехь а, кхетаме а къамелдира Страсбургски Университетан профессора, бусалба дин т1еэцна волчу Эрик Жиоффровс. Дерриг дуьненан 1илманаш бусалба динан бух болуш хилар дуьйцуш, чула¬цаме къамел дира цо. Конфе¬ренци чекхьяьлча, хьешийн, шаьш д1асабахале, вовшашца уьйраш кхид1а а ч1аг1ъялийта, вовшашца къаьсттина цхьаь-накхетарш хилира, барт бира вовшашца з1е ца хадо, гергар¬лонаш ч1аг1дан.

Заурбеков Maclyd

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет