Раби1атан к1ант 1утбат Маккахь а лоруш болчу нахах хилла. Цхьана дийнахь цо аьпла: «Х1ай кьурайшийн тоба, Мухьаммад волчу ваха пурба лойша суна, цуьнца къамел дан, цуьнга цхьадолу пуллакхаш хьахо, царах цо къобалдинарг цунна д1а а делла, цуьнга вай 1адда дитийта!» Цара цуьнга: «Хьайна бакъахьа хеттарг де», аьлла. Т1аккха Аплах1ан Элча волчу вахара иза. Элча маьждигехь ламаз деш вара. Цо эпира Мухьаммаде: «Х1ай сан вешин к1ант (сан ваша бохург санна ду иза), хьо тхох ма ву, тхуна юккъера уггар дикачу нахах, дикачу доьзалера схьаваьлла. Ма доккха х1ума ду ахь хьайн кьоме х1оттийнарг. Нах шина декье бекъна-кх ахь. Уьш, кхетам боцуш,1овдал леринакх ахь. Церан депий а, церан дин а сийсаздинакх ахь. Церан белла дай а Делах цатешарш бинакх ахь. ЛадоМахьа соьга, ас цхьацца х1уманаш хьахор ду хьоьга. Ладог1ий, ойла а яй, х1ума дехьа. Ас дог доху ахь царах цхьа-дерг къобалдаре».

Элчано (Саплаллах1у 1алайх1и ва саллама) аьпла: «Дийцал т1аккха, х1ай Абул-Вапид». Цо аьлла: «Х1ай сан вешин к1ант (сан ваша), ахь xlapa г1уллакх хьал-бахам безаш долийнехь, оха иза вовшахтухур бу хьуна, хьо тхол массарал хьал долуш хилийта. Хьо массарал сийлахь хила лууш велахь, тхан зла вийр ву-кха оха хьох, хьох дагадевплий бен, цхьа а г1уллакх ца деш. Хьо паччахьалла дезаш велахь, тхайна т1ехь паччахь вийр ву оха хьох. Хьуна т1ехь ерг жинийн хьу елахь, д1аяккха хьан хьайн ницкъ ца кхочуш, оха дарба лохур ду хьуна. Хьуна г1оли хиллалц, оцу дарбанна харж а йийр ю оха».

Муст1афас (Делера кьинхетам, маршо хуьлда цунна) аьлла: «Велин хьо, х1ай Абул-Валид?» Абул-Валида: «Х1аъ», - аьлла. Элчано элира т1аккха: «Ладог1ал соьга». Делера салават, салам хиларо «Фуссылат» бо-хучу суратан   хьалхара аяташ дийшира:
«Бисмиллах1ир-рохьманиррохьийм. Хьа-мим (жайна) охьадоссар (ду xlapa), кьин¬хетам дукха болуш волчуьнгара. Жайна (ду xlapa), шен аяташ (Пайхамарийн дий-царшца а, хьехамашца а, шар1ан хьук-манашца а) къастийна долу, 1аьрбийн (маттахь) дешар а долуш, кхеташ долчу кьоман (кхеташ болчу нахана лерина а долуш, 1аьрбийн мотт хуушверг бен цуьнан къайленна т1е а кхуьур воцуш). (Муъма нахана) кхаъ бахьарг а, (цатешачарна) кхерамча а (ду xlapa Къуръан), царах (Делаца накъостий лаьцначарах) дукхахберш д1абирзира. Шайна ца хезаш (и къобап ца деш). Цара элира: «Тхан дегнаш къевлина ду ахь тхо шега кхойкхучух, тхан лергаш чохь кьоралла ю, тхуна юкъахь а, хьуна юкьахь а кирхьа ду. Хьайн 1амал е, оха тхайн 1амал йийр ю». Ахь ала (цаьрга, х1ай Мухьаммад): «Боккьал а, сом адам ду, шу санна, соьга вахьюнца (Делера болчу хаамца) хаийтина, шун Дела цхьа Дела вуй. Т1едерза Цунна (ийманца а, муьт1ахь хиларца а), Цуьнга (шайна) гечдар деха (х1инццалц шаьш летийначу къиношна). Бала бу-кх (1азап дукха) Делаца накъостий лоьцучарна. Шаьш закат ца луш болчу, эхартах (гЬвтторах а, хьесабах а, бекхамах а) ца тешаш бу уьш. Боккьал а, имадиллинарш а, дика 1амалш йинарш а царна хедар йоцуш ял ю (хедар доцу ялсаманин ни1маташду)»(Къуръан,41 сурат, 1 -8аят). Кхин ма дешахьара аьлла, дехар дира 1утбата Пайхамаре (Саллаплах1у 1алайх1и ва саллама). Т1аккха, иза юхавирзича, цара хаттар дира. Цо жоп делира: «Валлах1и, х1инццалц цкъа а цахезнарг ма хези суна. Валлах1и, я байташ ма яцара уьш, я х1ума хууш бу бохучеран хабар а, я жиналла а ма дацара иза. Х1ай кьурайшийн тоба, ас бо¬хург дейша, и стаг а, цуьнца дерг а дитийша, пе тохийша цунна. Валлах1и, суна хез-на долчу цуьнан къамелан йоккха т1аьхье хир ма ю. Нагахь 1аьрбий цул толахь, цара шу цунах к1елхьардохур ма ду, нагахь иза.

Муртазаев С.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2