Деган доттагI шайтIа ду цуьнан

25 ноября в 11:41 (2009 г.) 2890
Бисмиллах1ир-рахьманиррахьим Шайт1анан а бу шен эвлаяаш (деган доттаг1ий). Царах бу къаьркъанций, кхийолчуьнций бахош берш. Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен хьадисехь аьлла: «Вахош долу х1ума дерриге е чаг1ар ду». Лекха волчу Дала аьлла: «Чаг1ар мийлар шайт1анан балхех йолу боьха 1амал ю, генадовлалаш цун¬на». Дала шен Сийлахь дол¬чу Къуръанехь генадовлалаш ларамза аьлла дац. Генадов¬лалаш бохучо цунах боьзна болу белхаш  даккхар, дохкар, эцар, доттар, молуш волчунна юург х1оттор а  берриге а хьарам бина. Делан не1алт хиларо, иблисо, хьоьца цхьаьна вуьжуш верг мила ву аьлла шега хаьттича, мал арча ву аь¬лла.  Шайт1анца вуьжуш верг и шайт1а дерриг ву. Боьха а, вон а верг, иза ву Делан а, нехан а мостаг1. Ямартло цуьнгахь ю, харцлуьйш верг иза ву, и ший а билгало стаг динах воккхуш а ю. Къола цо до, зина а цуьнгахь ду, даккхийчу къиношха и шиъ шийаду. Да нана холчу х1иттадо цо, х1усамнанна, доьзалшна бохам бо. Некъахьовзам, авареш, баларш и бахьана долуш хуьлу. Эхь-ийман дац цуьн¬гахь, хьайбанах д1атарло иза. Хьайбанан-м бехк бац, цун¬на т1ехь декхарш я къа а дац. Оцу къаьркъано элах дин, оьздангалла   д1айоккхий   лай во. Бусалбанах муртад, керста во. Цхьаволчо ша я хьеший, я хьаькамаш баьхкича цхьа наггахь бен, цхьа к1еззиг бен ца молу олу. Шайн дуьхьа Дала хьарам динарг хьанал деш хилча, уьш ма ч1ог1а хьеший хила беза. Дала цамагийнарг церан дуьхьа магош хил¬ча уьш ма баккхий хьаькамаш хила беза.

Малархочунна там бархьама делах муха хедар ву? Цхьа къурд бен ца бича а, и д1овш шовзткъа дийнахь кийрара д1адолуш ца хилча, «И Дела шу ц1андан лууш ву, чот йоцу Шен ни1маташ шуна т1ехь кхочушдархьама», бохуш долчу Делан дашна х1ун дан деза?! Самавала, х1ай бусалба ваша, тоба дай, Далла т1еверза, дуьненан х1уманах 1ехалой, айхьа хьуо х1аллак ма ве, хьай¬на гонаха болчарна зен ма де. Аллах1-Дела ч1ир эцар сиха до¬луш ву хьуна. Ахь даггара до-хковаьлла тоба дахь, тоба къобалдеш, гечдеш ву хьуна. Далла т1евирзинарг сийсаз хир ма вац, Делаца ийМинаргсийлахьхир ма вац. Эхартан даржаш даккхий а, дукха а ду, ялсаманин ни1маташ Лекхаволчо Шех кхоьруш бол¬чарна кечдина ду. Дала малархочун декъах вай лардойла. Вайх ц1ена, дика бусалбанаш дойла. Ва саллаллах1у та1ала ва салла¬ма 1ала расулих1и Мухьмаддин ва 1ала алих1и ва сахьбих1и ва саллама. Амийн Вальхьамду лиллах1и Раббиль1аламийн.

Муртазаев С.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Американскую учительницу уволили за троллинг учащихся в TwitterАмериканскую учительницу уволили за троллинг учащихся в Twitter
В мире
Всемирный день снега отметят на курорте «Архыз»Всемирный день снега отметят на курорте «Архыз»
В России
Р. Кадыров провел совещание по вопросам развития Гудермесского районаР. Кадыров провел совещание по вопросам развития Гудермесского района
Власть и политика
Проводить много времени в интернете для детей – вредноПроводить много времени в интернете для детей – вредно
Спорт и здоровье
Потерявшиеся в лесах Чечни сборщики черемши найдены живыми и невредимымиПотерявшиеся в лесах Чечни сборщики черемши найдены живыми и невредимыми
Происшествия
Эксперты составили список самых неблагонадежных паролейЭксперты составили список самых неблагонадежных паролей
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: