доллар    56.45 $
евро 63.13 €
29 мая, 16:30
Погода в Грозном +-18 в Грозном

Селхана, тахана.

25 ноября в 11:44 (2009 г.)

Ламанан исбаьхьчу Шуьйта к1ошта чуйог1уш ю Хьала-Кела. Цу юьрта чувале дуьйна а гуш ду кхузаманан хаза, куьцехь маьждиг. Амма юьртан коьрта ис баьхьалла шира маьждиг ду, шена чохь хьалха д1абаханчу дайша Далла 1ибадат дина долу. Маьждиган пенаш т1ехь диллина терахь ду-1857 шо. Ша деш махиллара кху замане схьадеана и маьждиг. Юьртан къаноша маьждиг даран хьокъехь тамашийна х1ума дийцира. Пенаш хьа ладоьттина девлча, тIеш т1едахкале царна к1елхула таса стомма гул безаш хилла, ткъе итт аьрша беха. ГIаттин-Кхаьллара цхьа т1ах-аьлла къонах хьуьнха  вахана цунна оьшу хен лаха. Масех де даьлла цунах хилларг х1ун ду ца хууш юьртахоша дог диллинахилла шайн хьуьнар долчу к1антах, могаш-маьрша иза юхагург хиларх. "ТIаьххьар а хаза кхаъ кхаьчна юьрта:оьшуш йолу дечиг лехна караярал сов, и охьа а тоьхна, цуьнан г1ад нисдеш шардина а хилла оцу кайолчу к1анта, гул схьабеъчахьана болуш. Юьртахоша и онда, стомма попан гул шаьш карахь ц1а беана хиллера, Б1аг1ал ц1е и хилла цу жимчу стеган цунна т1е а хаийна! Кхо тонна сов хир болу и гул х1инца а ша х1етахь т1е мабиллара бу.

Мустаев Рамзан

диллинахилла шайн хьуьнар долчу к1антах, могаш-маьрша иза юхагург хиларх. "ТIаьххьар а хаза кхаъ кхаьчна юьрта:оьшуш йолу дечиг лехна караярал сов, и охьа а тоьхна, цуьнан г1ад нисдеш шардина а хилла оцу кайолчу к1анта, гул схьабеъчахьана болуш. Юьртахоша и онда, стом¬ма попан гул шаьш карахь ц1а беана хиллера, Б1аг1ал ц1е и хилла цу жимчу сте¬ган цунна т1е а хаийна! Кхо тонна сов хир болу и гул х1инца а ша х1етахь т1е мабиллара бу.

Мустаев Рамзан

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет