КIезиг бац тахана республикан лаккхарчу ишколехь кхиамца гIуллакх деш болу нохчийн Iилманчаш. Уьш коьртачу декъана гуманитареш бу. Дукха хан йоццуш церан могIарш тIедуьзна кхин а цхьана докторо – бакъду, хIинца Нохчийчоьнан исторехь дуьххьара технически декъехь. Нохчийн зударшна юкъахь дуьххьара технически Iилманийн докторан сийлахь цIе лело бакъо яьккхина академикан М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГІалин пачхьалкхан мехкадаьттан институтан нефтетехнологически факультетан декана Махмудова Любовь Ширваниевнас. И лаккхара цIе тиллира цунна дукха хан йоццуш Уфимски пачхьалкхан нефтан технически университетехь йолчу докторийн а,Вайн махкахочо кечйинчу диссертацин тема иштта яра: «Нохчийн Республикан мехкадаьттанах гIуллакхдаран а, мехкадаьттан-химически а промышленность меттахIотторхьама мехкадаьттанах гIуллакх даран санехь схемаш».

– Сан Iилманан консультант вара Iилманан дуьненахь гIараваьлла вевзаш волу Iилманча, химически Iилманийн доктор Мовсум-заде Эльдар кандидатийн а цIерш тахкарехула йолчу Iилманан кхеташонехь.

Мирсамедович, – дуьйцу къоначу доктора. – Оха тхайна хьалха Iалашо хIоттийнера нефтах гIуллакхдаран комплексаш экономически санехь кхиоран дуьненан а, российски а коьртачу тенденцешна анализ яран буха тIехь Нохчийн Республикан мехкадаьттанах гIуллакхдаран комплекс меттахIотторан а, кхиоран а вовшахтохараллин-экономически декхарш кхочушдаран механизмаш а, гIирсаш а хьалхахIиттор. Оццу хенахь республикан мехкадаьттанах гIуллакхдаран комплекс меттахIотторан а, кхиоран а некъашкахула, Къилбаседа Кавказан регион экономически кхиоран  Iаламат мехала дакъа иза хиларе терра, вайн мехкадаьттанах гIуллакхдаран комплексан санехь йолу технологически структура кечйина-хIотторехула долу бух хIоттийна магораш кечдан а гIоьртира тхо.

Махмудован диссертацехь дуьххьара йина ала мегар ду Нохчийн Республикан мехкадаьттан а, мехкадаьттанах гIуллакхдаран а декъан когахIоттаран, кхиаран, кхузаманахьлерчу хьолан исторически а, вовшахтохараллин-экономически а анализ. Билгалдаьккхина 1994-чу шарахь дуьйна дIайолаеллачу экономически кризисан хьелашкахь мехкадаьттанах гIуллакхдаран, маьхкадаьттан-химически дакъаош меттахIиттор юха а теттина, коьрта тидам Нохчийн Республикан мехкадаьттан даккхаран дакъа меттахIотторна тIебахийтина хилар. Цул совнаха дуьххьара дустаран анализ йина республикан мехкадаьттан комплекс хIаллакьяр бахьанехь мехкадаьттан сурсаташца кхачоярехь Нохчийн Республикехь а, ЮФО-хь кхолладелла хиллачу хьолана. Республикана шен ягорган-хьакхаран материалашца кхачоярхьама Нохчийчохь шех гIуллакх дан дезачу мехкадаьттан барамаш билгал а баьхна, диссертацин автора вайн  кхузахь мехкадаьттан сурсаташ кхачояр вовшахтохаран кхо некъ гойту.

Шен Iилманан балха тIехь Л.Махмудовас Нохчийчоьнан мехкадаьттан комплекс мехкадаьттан сурсатийн Къилба-Россин региональни рынкана юкъаяха тарлуш хиларан некъаш гайтина ца Iаш, амма иштта бух хIоттийна  республикан мехкадаьттан гIуллакхдаран комплекс меттахIотторан вовшахтохараллин а, технически а, экономически а некъашна. Ша аьлча, лаккхарчу дикаллин ягоргаш оьшшучу барамехь а, ассортиментехь а арахецархьама мехкадаьттан гIуллакхдаран а, мехкадаьттан-химин а кхузаманахьлерчу технологех пайда а оьцуш, Нохчийчохь мехкадаьттан гIуллакхдар меттахIотторан коьртачу некъашна цхьана комплексехь бух хIоттийна. Шина муьрана декъна цо вайн мехкадаьттанах гIуллакхдаран комплекс меттахIоттор, иза йилларан меттиг Соьлжа-ГIалахь билгал а йоккхуш, цигахь хиллачу заводашкахь дийна йисинчу коммуникацех, цIандаран гIишлойх пайда а оьцуш, оьшуш болу ремонтан а, меттахIитторан а белхаш кхочуш а беш.
Европейски дикаллина жоп луш йолу моторийн лаккхарчу дикаллин ягоргаш яхархьама цо хьалхахIоттадо Соьлжа-ГIаларчу НПЗ-н схемехь мехкадаьттанах гIуллакхдар кIаргдеш а, арахоьцуш йолчу моторни ягоргийн дикалла лакхайоккхуш а йолу процессаш юкъаялор. Автора шен Iилманан балха тIехь иштта билггал предложенеш ялийна вайн республикехь доккхуш долчу мехкадаьттанца цхьаьна хьалайолуш йолчу Iаламан газах моторийн ягоргаш а, мехкадаьттан-химически декъан продукци а яккхарехь санехь пайдаэцаран декъехь а.
Iилманчашна хетарехь, Л.Махмудован Iилманан белхан практически мехалла йоллу дIабаьхьначу талламийн, промышленни зерийн, гIуллакхдаран технологешна а, схемашна а анализ яран, процессийн хьесапаш даран буха тIехь Нохчийн Республикан мехкадаьттанах гIуллакхдаран промышленность меттахIотторан комплексни программина а, ягорган-энергетически комплекс кхиоран концепцина а юкъаяхийтина йолу мехкадаьттанах гIуллакхдаран а, мехкадаьттан-химически а промышленность меттахIотторан а, кхиоран а стратеги цо хьалхахIоттош хиларехь. Дуьйцийла йоццуш, Iилманан хилла ца Iаш, иштта практически а доккха маьIна долуш болх бу автора бинарг.

С.ГАДАЕВ.  

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2