(«Вайнах» ансамблан историга бIаьрг тохар!) Вайн халкъан культуран дахарехь мехала меттиг дIалоцу хелхаран «Вайнах» ансамбло. Тахана оцу коллективан 70 шо кхачаран юбилейца доьзна тхуна лиира вайн газетдешархойн иэсехь цуьнан истори карлаяккха. Иллин, хелхаран ансамбль санна кхоьллира Пачхьалкхан «Вайнах» ансамбль 1939-чу шарахь. Коллективо бинчу некъан уггар хьалхара мур дагалоцучохь ца хьахо йиш яц ерриг Кавказехь бевзаш хиллачу хелхарчийн Садыков Андарбекан, Дакашев Вахин, Юсупов Геланин цIерш. Нохчийн халкъан хелхаран сий-ларам айбинарш бу уьш.
Халкъана бохаме деанчу 1944-чу шарахь шен 5 шо а кхачаза йолу ансамбль юьйхира. I3 шарахь сецна лаьттира цуьнан болх, хIунда аьлча къам дийна хилар гойтуш йолу культура, мотт кхиорхьама ца хьовсийнера вайнах Сибрех.

Харцо а даима ца лаьтта. 1956-чу шарахь вайн республика меттахIотторна беш кечам бара. Алма-Атахь леррина конкурс а кхайкхийна, вовшахтуьйхира иллиалархой, хелхарчаш. Уггар хьалха Даймахка юхаберза бакъо еллачарна юкъахь бара уьш.

ТIаьхьуо Нохч-ГIалгIайн АССР-н иллин, хелхаран ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо хIоттийра Н.Халебский, ткъа балетмейстеран даржехь чIагIвира вевзаш волу хелхарча Юсупов Гелани. Цара жигараллица вовшахтуьйхира кхоллараллин болх. Хье ца луш, кечйира чулацаме концертни программа. 1957-чу шеран май баттахь Соьлжа-ГIалахь кхиамца гайтира хьалхара концерт.

Ансамбль юхакогахIотторехь а, кхоллараллин агIор иза кхиорехь жигара дакъалецира Мунджишвили Отарис, Дзыба Георгийс. Вайн къоман ерриг хелхаран искусствона дика тIеIаткъам бина цара. Масала, абазинец волчу Г.Дзыбас (иза похIма долу хелхарча а, говза балетмейстер а вара) нохчийн халкъан бартан кхоллараллин бухехь кечйира хореографин башха говзарш. Оцу балхо вайн халкъан культуран тIегIа айбарехь дика гIо дира. Георгийс цу хенахь кечйина хилла «Вайнехан стигал кIел» («Под небом вайнахов») цIе йолу хореографин композици ансамблан программин тоьллачех цхьа дакъа ду тахана а.

Педагогикан похIма шеца долуш хилла О.Мунджишвили: цуьнан ницкъ кхечира Нохч-ГIалгIайчоьнна беркате хинболу дика хелхарчаш, балетмейстерш, культуран, искусствон гIуллакххой кхио.

1969-чу шарахь дуьйна 1994-гIа шо кхаччалц ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо лаьттира дика вовшахтохархо, куьйгалхо, хореографин дуккха а говзарийн автор Нохч-ГIалгIайн АССР-н, Россин Федерацин халкъан артист Элимбаев Тапа. Оцу муьрехь коллективехь гучубевлира похIме кегийрхой: К.Раисов, Т.Синявская, М.Дидигов, М.Худаев, А.Мухаммедов, И.Асхабов, С.Идрисов.

«Вайнах» ансамбло кхиийна, цуьнан «куьркахь беттинчех» бу искусствохь шуьйра бевзаш болу гIуллакххой: гоьваьлла вевзаш волу хелхарча, СССР-н халкъан артист, Социалистически къинхьегаман Турпалхо Эсамбаев Махьмуд, илланча, Россин Федерацин халкъан артист Дагаев Валид, эшаршлакхархо, РСФСР-н хьакъйолу артист Айдамирова Марем, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артисташ Димаев Iумар, Сардалова Зулай, Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу артист Мухаммедов Iабдулла.

Церан хьуьнарша кхин а лакхадаьккхира ансамблан сий. Шен гастролашца коллектив хилира Аргентинехь, Мексикехь, Перухь, Сан-Сальвадорехь, Коста-Рикехь, Панамехь, Португалехь, Германехь, Чехословакехь, Кенехь, Сирехь, Иорданехь, Турцехь, и. дI. кх. Вайн къоман векалш бехачу мехкашкахь Iаламат дукха хьовсархой богIура концерташка. Шайн пачхьалкхан уггар лакхара совгIат делира «Вайнах» ансамблана Иорданин куьйгалло. Уггар баккхийчу кхиамашка кхечира коллектив шен  исбаьхьаллин куьйгалхо Т.Элимбаев волчу муьрехь. Тайп-тайпанчу шерашкахь ансамблана куьйгалла дина Ахмадов Рамзана, Межидов Iадлана.

«Вайнах» ансамблан кхиамашна юккъехь мехала дакъа ду композиторан Чергизбиев Зайндин, Асхабова Асетан, Дидигова Тамарин, Музакаев Дикалун, Мальцагов Доккин, Айдамирова Лидин, Ахмадов Рамзанан, Мамадаев Адашан, Макаев Мохьмадан, Гантимиров Аптин, Абазов Рамзанан, Хасимиков Туркон, Темирхажиев ГIапуран, Идрисов Вахин, Алимгожиев Iийсан, Исламов Сулумбекан, Музакаева Мадинин, Коева Маликин и. дI. дуккха а кх. Вайнехан хелхарш гайтарал совнаха, коллективо шен репертуарана юкъадалийра Кавказерчу кхечу къаьмнийн, ткъа иштта оьрсийн, украинхойн, гIезалойн, ногIийн, и. дI. кх. къаьмнийн хелхарш.

Нохчийчохь тIемаш хилла шераш къаьсттина хала даьхкира ансамблан артисташна. Оцу муьрехь цара шайн болх дIацатасар къаьсттина мехала дара: коллектив ларъелира, корматаллех, говзаллех ца хедаш бисира коллективан декъашхой. ХIетте а I999-чу шеран сентябрь баттахь шайн болх сацо дийзира артистийн а, церан куьйгалхойн а. ДIабоьдуш къиза тIом хиларна коллективан кхоллараллин болх сецна лаьттира 2001-чу шеран февраль бутт кхаччалц. Амма Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, Россин Федерацин, Нохчийн Республикан культуран министерствийн куьйгалхоша а дика гIо лацар бахьанехь 2001-чу шарахь Нальчикерчу «Нарт» пансионатехь шен болх юхаметтахIоттийра «Вайнах» ансамбло. Оцу шарахь ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо чIагIвира Музакаев Дикалу. Къоман дог-ойла, амал, сатийсамаш гайта аьтто бу хелхаршца, ерриг культурица. Цундела Кадыров Ахьмад-Хьаьжас оьшшучу барамехь харжаш а еш, артистийн дог а оьцуш, церан дахаран-Iеран гIайгIа а беш, дIаболабайтира коллективан болх.

Iедало дина дола эрна ца дайра.  Ансамблан декъашхоша кхиамца дакъалоцура тайп-тайпанчу тIегIанашкарчу конкурсашкахь, фестивалашкахь. Коллективо 70 шеран муьрехь мел баьхна кхиамаш, цунна делла совгIаташ дийцина а вер вац, амма царех цхьадерш хьахор ду вай. Шен хенахь ансамбль хилира Ерригсоюзан, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Пачхьалкхан а, Ленински комсомолан а совгIатийн лауреат.

Кхоллараллехь кхиамашка кхачарх йола а йоьлла, культуран тIегIа лакхара долу хьовсархой а шайн башхачу хелхаршца, хореографин композицешца цецбохуш схьайогIу тахана а пачхьалкхан «Вайнах» ансамбль.

А.ЛУЛУЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2