Нохчийн халкъан культурехь йоккха лар йитина сийлахь артист ву Дидигов Мохьмад. Дуьххьара сцени тIе шен ворхI шо долуш ваьлла иза. Иза дуккха а шераш хьалха Алма-Атахь пионерийн цIа чохь  хилла хIума ду. ХIетахь дуьйна хелхарца чIогIа уьйр тесна, шен дахарехь цунна йоккха меттиг дIаелла ву Мохьмад. Цуьнан 15 шо долуш, йоккхачу конкурсах чекхваьлча, Нохч-ГIалгIайн республикан пачхьалкхан эшаран а, хелхаран а ансамбле дIаоьцу иза, ткъа кхин а масех шо даьлча, «Вайнах» ансамблан солист хуьлу цунах. Цул тIаьхьа Къилбаседа-ХIирийн пачхьалкхан «Алан» ансамбле балха кхойкху цуьнга. Пхеа шарахь, цу коллективан хьалхара солист а хуьлий, болх бо цо.Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан филармонехь «Седа» эстрадни ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхочун а, филармонин директоран заместителан а, директоран а белхаш бо Мохьмада.

Московски пачхьалкхан культуран а, искусствон а университетехь «Нахи» цIе йолу студи кхуллуш дакъалецира цо. Оцу студехь доьшуш Нохчийн Республикера студенташ бара. Халачу муьрехь церан хьехархо а, накъост а хилла чекхвелира иза.

Тахана а хьуьнаре а, хIайт-аьлла а ву Дидигов Мохьмад. Нохчийн Республикан Нурадилов Ханпашин цIарахчу пачхьалкхан драматически театран директоран заместитель ву иза. Театрехь белхан декхарш кхиамца кхочушдина ца Iаш, гIараяьллачу «Вайнахан» массо а ветеранашца юкъаметтигаш латтайо цо.

Iедало лаккхара мах хадийна Дидигов Мохьмадан корматаллин – иза Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист а, ГIебартойн-Балкхаройн АССР-н хьакъволу артист а, ГIалгIайн Республикан хьакъволу артист а ву.

Шен дахарх а, балхах а лаьцна Мохьмада дуьйцу:

– Вайнехан халкъ цIера даьккхинчул тIаьхьа дуьнен чу даьлла ду тхан чкъор. Халачу, мецачу хенахь дIаяхна тхан бералла. Делахь а вайн дайша-наноша халкъе болу безам тхоьгахь кхиош,  цуьнан гIиллакхаш, ламасташ Iалашдойтуш, цуьнан исбаьхьа хазна – халкъан барта кхолларалла – тхуна йовзуьйтуш схьадалийна тхо. Ткъа тIаьхьа оха, тхайх  артисташ хиллачара, халкъан сий, яхь, хазалла сцени тIехь гайтина.

Баккхийчара тхайна схьаделла дезаниг, сийлахьниг таханлера де тIекхаччалц Iалашдан ницкъ кхаьчна тхан.

Сан кхоллараллин некъ Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшаран а, хелхаран а ансамблехь болабелла. Цхьана шарахь болх бинчул тIаьхьа сох ансамблан солист хилира. Уьш дицлур доцуш, хала а, ирсе а шераш дара.

Сан дуьххьарлера хьехархо хилла доккха похIма долу артист Яшуркаев Сайд-Эми. Корматаллин сцени тIехь болх бан со волалуш, суна доккха гIо дина ву Сайд-Эми. ХIинца воцуш ву иза – тIом болчу хенахь Соьлжа-ГIалахь кхалхар нисделла цуьнан. Дала гечдойла цунна а, дIабаханчу сан берриг а доттагIашна а, белхан накъосташна а!

Дукха хан йоццуш вайн республикан Президента Кадыров Рамзана дIакхайкхира тхо, «Вайнах» ансамблан ветеранаш. Тхан белхан лаккхара мах а хадийна, тхуна баркалла а аьлла, тхан хьашташ кхочушдеш доккха гIо-накъосталла дира цо. Тахана а тхо оьшуш хилар а, махкана пайден хилар а хаийтира цо. Оха Президентана дош делира, оьшучу хенахь Даймехкан дуьхьа муьлххачу меттехь къахьега тхаьш кийча ду аьлла.

Нохчийн Республикан культуран министра Музакаев Дикалус а кест-кеста дIакхойкху тхо, ветеранаш, вайн бахархошца кхетош-кхиоран болх бар тхуна тIе а дуьллуш. Тхан ду дIагайта хIума, доккха зеделларг а, хаарш а долуш нах бу тхуна юкъахь. Дуккха а меттигашкахь гастролашкахь хилла тхан ансамбль – Европехь, Африкехь, Iаьрбийн Эмираташкахь, Къилба-Малхбале Азехь, Китайхь, Вьетнамехь, СССР-н дуккха а регионашкахь. Оха деш долу хелхарш дара – вайнехан, дагестанхойн, гIебартойн, балкхаройн, гуьржийн, хIирийн, адыгейцийн.
Масех дош сайн доьзалх ала луур дара суна. Тахана «Вайнах» ансамблехь болх беш ю ши йоI – Мадина а, Милана а. Суна чIогIа хазахета сайн новкъа яьлла и шиъ хилар – суна санна, хелхарш дезаш а, искусствехь къахьега лууш а и шиъ йолуш. КIант Тамерлан, Московски юридически академи чекх а яьккхина, аспирант ву. Нагахь сан бераш а, берийн бераш а махкана пайден хилахь, сайн дахар эрна дIадахна аьлла хетар дац суна.

Шех а, шен кхоллараллин некъах а кIеззиг дуьйцу Дидигов Мохьмада. Амма вайна хаьа алаза, дийцаза диснарг мел дукха ду. Мохьмада а, цуьнан накъосташа а дуьнен чохь довзийтина вайнехан сий а, оьздангалла а. Вайн халкъан культуран баххаш тIехь шаьш кхиъна хиларе терра, царна хиъна цу халкъан доьналла а, комаьршалла а, яхь а дуьненан массо а меттахь йовзийта.

А.МУСАЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2