доллар    0 $
евро 0 €
19 октября, 01:18
Погода в Грозном +11 в Грозном

«Вайнах» ансамблан мехкарий…

26 ноября в 16:32 (2009 г.)
Дуьненахь а гIараяьллачу Вайнах» ансамблан  70 шо кхочу хIокху  деношкахь. Муха еха тахана хелхаран коллектив, муьлха масалшца схьабогIу уьш, стенна тIехь бо цара тахана болх? Оцу хаттаршна жоьпаш а луш, къамел дира тхан коррепондентаца ансамблан солисташа Дидигова Миланас а, Магомедова Иринас а, ансамблан декъашхоша Алиева Марьяма а, Хайтаева Седас а. – Ансамблан репертуарехь шира а, таханлерчу дийно кхоьллина а постановкаш ю, билгал доккху Дидигова Миланас. – «Вайнехан махкахь» хореографин постановкин чулацам хIумма  а ширбелла ца хета тхуна а, тхан хьовсархошна а.   Нохчийн хелхар а, цуьнан исбаьхьалла а гайтарал совнаха, нохчийн йоIа коьртара даьккхинчу йовлакхца  божарийн дов сацоран маьIна ду оцу постановкехь коьртаниг. И тайпа гIиллакх, тахана а дуьненахь цхьана а къомехь дуй-те аьлла, шира ду, вайнаха эзарнаш шерашкахь диц ца деш схьадеана.

– Иштта «Вайнахан» хьалхалерачех постановка ю «Шовдана йистехь» нохчийн Iадат а, гIиллакх а дуьйцуш, йоьIан – кIентан юкъаметтиг цхьана заманахь муха лелла а, тахана муха лела еза а гойтуш, амма и дерриг а хелхаран маттахь дуьйцуш, – тIетуху Магомедова Иринас,  ансамблан  солист а, хореограф а, НР-н хьакъ йолу артист а йолчу.

Ансамблан репертуар йовзуьйтуш, кхечу постановкийн цIерш йоху цо: «Кегийрхойн хелхар», «ГIалгIайн хелхар», «Нийсархо»  хелхарш.  
– Москвахь а, Санкт-Петербургехь а, вайн мехкан дозанал арахьа а «Вайнахо» кхочушдо оьрсийн, Испанин, Латински Американ, кхечу халкъийн хелхарш. Цхьаьна болх бар а нисло дукха хьолахь. Масала И. Моисеевн коллективца, Годенкон эшарийн-хелхарийн коллективца, «Березка» артистийн коллективца цхьаьнакхетарш хуьлу тхан, – дуьйцу Иринас.

«Вайнах» ансамблан репертуарехь деккъа хелхарш хилла ца Iа: лирически а, ладугIу а эшарш, философски маьIна долу номерш хиларо хIокху коллективан концерташ нахана оьшуш а, езаш а хуьлуьйту.

Царех ю сан къамелахоша цIерш яьхна  «Шеран заманаш» постановка,  «Лаьмнийн мукъамаш» композици,   дечигпондарца, кехатпондарца, вотанца йолу номерш.

– Ансамблан солисташна дукха хьолахь ерриг а сольни (ша цхьамма дIахьош), массара а цхьаьна хIоттош йолу а (массови) партеш хаа езаш ю, - дуьйцу Дидигова Миланас. –  Цуьнан бахьана хIокху чолхечу заманца доьзна ду: ансамблан муьлхха а артист вукхуьнан метта дIахIотта кийча хила веза.

Цул совнаха, ансамблан куьйгалхочун тIедиллар а ду, хIора артисто шен говзалла а, похIма а талла деза тайп-тайпана тIегIанехь, сценически амплуахь, даима цхьана ролехь ца Iаш.

Ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо ву Нохчийн Республикан культуран министр Музакаев Дикалу, цо хІиттийна ю ансамбло кхочушъеш йолу композицеш а, хореографически постановкаш а. «Вайнах» ансамблан  дуккха а хенахь исбаьхьаллин куьйгалхо лаьттина а, ткъа тахана республикан культуран министр а волчу цунна дика хаьа дуьненна а, Россин халкъашна а вайн культурех лаьцна гайта дезарг.

Ансамблан декъашхоша дийцарехь, «Вайнах» ансамблан постановщик хила хьакъ волуш кхин говзанча вац Нохчийн Республикехь.

– ХIунда аьлча, хелхаран постановка, я йоккха хореографехула йолу композици Iаламат лерина, хелхаран хIора ког а, эшаран мукъам а, гIирсийн бекар а цхьаьна догIуш нисдина хила дезаш ду, – чIагIдо Дидигова Миланас.

Алиева Марем ансамбле еана ялх шо гергга хан ю, амма  массо а постановкашкахь дакъа лоцуш ю иза.

– Со даима а яра нохчийн культура а, хелхарш а хаза хеташ, йоккхайе со нохчийн къомах хиларна а, – боху Марема. – Къаьсттина тхуна тхаьшна а, хьовсархошна а хазахеташ ду зударийн лирически хелхар «БIаьсте», «Шовданехь», «Кура ког», божарийн хелхар «Тхан юьртахь дезде».

Иштта Хайтаева Седас а «Вайнахехь» болх бен ялх шо ду.

– Жима йолуш дуьйна хелхар дезаш, нохчийн культураца долу хIума дезаш яра со – дуьйцу Седас. – Ишколехь йолуш дуьйна а кружокашкахь
дакъалоцуш а яра.

Дидигова Миланас мелла а йовзуьйту шен мехкарийн коллектив:

– ХIара Седа шен майрачуьнца, ансамблан солистаца  Дачаев Вахица болх беш ю. Иза ансамблехь волу а пхи шо сов зама ю. Иштта шайн говзаллица къаьсташ бу тхан мехкарий Хасуева Заира, Чупалаева Румиса – Нохчийн Республикан  хъакъйолу артист ю иза.
Ткъа муьлш бу-те кхеран масал хилла лаьттарш, тахана кхарна шайн говзалла а, похIма а шайца  нисдан лиъна цIе яххана искусствон пхьераш? Оцу хаттарна а таса ца луш жоп ло «Вайнахан» мехкарша:

– Тхуна даима а масал хилла лаьтташ ю ша саннарг хир юй-те аьлла йолу халкъан артист Сардалова Зулай (Дала гечдойла цунна), Асхабова Асет, Дидигова Тамара.

Царна юкъабогIу Миланин да Дидигов Мохьмад а, Х.Нурадиловн цIарах йолчу нохчийн драматически театран директоран заместитель, йоьIан  нана Дидигова Кхокха а. 

Масех де даьлча, ноябран 29-чу дийнахь «Вайнах» ансамблан 70 шо кхачар даздийр ду. Дуьненахь а гIараяьллачу хелхаран а, эшаран а, нохчийн культуран а векал лаьттинчу коллективо юха а хелхарийн басаршца, эшарийн зевнечу декарца, нохчийн ша тайпа  исбаьхьаллица къагор ю Соьлжа-ГIалин театрально-концертни залан сцена. Ткъа вайн юха а таро хир ю ансамблан ветеранашца цхьаьнакхета,  хIинцалерчу коллективан кхиамех марзо эца…

А.КАТАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет