доллар    57.5 $
евро 67.76 €
20 октября, 20:47
Погода в Грозном +13 в Грозном

«Вайнах» – сан дахаран туьйра

26 ноября в 16:33 (2009 г.)
Ша хелхарийн дуьнена вар иштта дагалоьцу Хасимиков Туркос: – Жима волуш чубаьхкинчара хьовзавора со хелхавала олий, 4–5 шо дара сан хІетахь, со хелхаволура. ТІаккха цара хастийча, дог-ойла айлой, сайх бІо булура сан. Иштта марзделира суна вайнехан хелхарш.
Хасимиков Турко 1952-чу шарахь Казахстанан Талды-Кургански областан Тешли гІалахь вина. Вайнах Даймахка цІабирзича Соьлжа-ГІалахь баха сецна церан доьзал. Шен 11 шо долуш Соьлжа-ГІаларчу «Пионерийн цІийнехь» хелхаран кружоке эха волавелира иза. Массарна гуш дара Турко хелхаран похІма долуш хилар. Ишколехь 8 класс чекхъяккхалц ихира иза кружоке. Кхуьнгахь мелла а хелхаран говзалла сов хилар хааделлачу куьйгалхочо Саркисян Константина гІо а деш, культпросвет училище хелхаран отделене деша вахара Турко. Кхиамца иза чекхъяьккхинчул тІаьхьа 1970-чу шарахь дуьйна «Вайнах» ансамблехь а ву. Хан-зама яларца цуьнан тоьллачу хелхарчех цхьаъ хилла дІахІоьттира и похІме артист.

1988-чу шарахь Нохч-ГІалгІайн Республикан хьакъволу артистан цІе елира цунна, ткъа 2001-чу шарахь Нохчийн Республикан халкъан артистан а. 2005-чу шарахь Туркона совгІат дира «За трудовое отличие» мидалца а, 2007-чу шарахь Российски Федерацин культуран министран баркаллин кехатца а.

Карарчу хенахь «Вайнах» ансамблан балетмейстер ву Турко.

– «Вайнах» ансамблехь со уггар а воккхавеш дерг гастролашка даханчуьра даима а юьхь-кІай цІадерзар ду. ХІора стеган а хуьлу шен дахарехь даима дагахь лаьтташ, къаьсттина самукъане даьхкина денош. Сан дахарехь а ишттачех дара дуьххьара кхечу пачхьалкхе – Чехословаке гостролашка а дахар. 1971-чу шарахь дара иза. Цигара Сийлаллин грамоташца а, ткъа иштта мехала совгІаташца а тхаьш цІадирзира тхо. «Вайнах» сан дахаран шатайпа туьйра ду-кха.

Олуш ма-хиллара, хелхар къоман юьхь ю. Тахана «Вайнах» ансамбле богІучу кегийрхошка дехар дара сан, вайн къоман хелхар цаталхор, шаьш лелачохь, шаьш хьанах схьадевлла а, муьлш ду а хууш оьздангаллица чекхдовлар.

Р.МУСИПОВ.
 

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет