доллар    56.45 $
евро 63.13 €
29 мая, 22:17
Погода в Грозном +16 в Грозном

ГІалгІазакхийн йоІ – «Вайнахан» солист

26 ноября в 16:35 (2009 г.)
«Вайнах».. ХІинца санна кест-кеста ца хуьлура хьалха нохчийн хелхарш телевизор чохь ган аьтто. ДагадогІий шуна, вайн цІахь а, мел генарчу Іамеркерчу бахархоша а дезаш тІеоьцуш долу «Вайнах» боху хелхар? Духар, шаьлтанаш, чехка цІий, Кавказан а, нохчийн къоман а шатайпа амал, гІиллакх... Дукха дара оцу цхьана хелхарца гайтина! ЙоІа девна юкъа йовлакх кхоьссича соцура мел къаьхьа къап-къарс!
Мила яра иза 70-чу шерашкахь коьрта солист хилларг? Аьлча тешна ца валлал ду жоп. Иза дера яра оьрсийн къоман йоІ Павликова Лидия.
Цул тІаьхьа Лида евзара Айдамирова Лида аьлча. ТІом бахьанехь луларчу Краснодарехь ехаш ю иза, амма доккхачу хазахетарца еана «Вайнахана» лерина кестта дІахьон долчу даздаршка. «Даймохк» газетан редакцин хьаша яра Лида 23-чу ноябрехь.

Нохч-ГІалгІайн АССР-н хьакъйолчу артиста дагалоьцура «Вайнахо» дина некъаш, яхана хан, цхьаьна белхаш бина шен хьоме накъостий.
Гребенскера гІалгІазакхи ю иза. Цуьнан да-нана кхузахь дина. Ткъа гІалгІазакхийн гІиллакхаш, ламасташ дукхахьолахь нохчийнчех тера ду. Старогладовская станицера ишкол яьккхина, 1968-чу шарахь Соьлжа-ГІала еана йоІ. Деша хІоьттина культуран-серлонан училищен хореографин отделене.

1971-чу шарахь «Вайнахе» балха кхойкху иза. ХІетахь цунах «Нохч-ГІалгІайн АССР-н хелхаран, эшаран пачхьалкхан ансамбль» олура. Цуьнан куьйгалхо Элимбаев Тапа вара. Культуран министр Татаев Ваха вара. 

«Хаъал хилчахьана хелха йолуш яра со. «Лезгинка» дукха езара. Иза суна гІалгІазкхийн хелхар ду моьттура. Сайн хьалхара совгІат 5 шо долуш даьккхира ас.

Сан ненанана шен 93 шо долуш елира, цо суна а, сан шичошна а Іамадора: «Божарийн некъ хадор эхь ду, марехь йолчу зудчо, несо коьртаІуьйра шен мардена гайтар эхь ду». Лида гІали юккъехула йолаелча, иза нохчи ю мотталой цуьнца къамеле бовлура баккхий нах, амма цунна нохчий уллера 1968-чу шарахь ша Соьлжа-ГІала деша еача бен ца гира. «Хьалха гастролаш еха хуьлура. ДагадогІу, уггар хьалха «Вайнахан» гастролаш 1971-чу шарахь Чехословакехь хилира. Ткъа уггар еха гастролаш (4 баттахь) 1978-чу шарахь Іамеркехь хилира...».
Цигахь шаьш елла концерташ, хьовсархоша шаьш тІелацар бІаьргаш серладуьйлуш дагалоьцура Лидас. «Божарийн кІайн, Іаьржа духар, зудаберийн амалш, васташ. Ломара чухьаьдда чухчари санна мукъам болалора, стелахаьштиган тІом болийча санна сцени тІехь гучубовлура хелхарчаш. Зал, куьйгаш тухуш, гІоттура.

ХІетахь «Вайнахехь» болх беш яра Нохч-ГІалгІайн АССР-н дуьххьара хилла халкъан артист Бухарова Галина. Тоьлла солисташ Синявская Тамара. Оьрсийн кІант Петров Саша вара тхоьца. Іаламат дика хелхарча вара иза. Жимчохь юкъавеана, ша пенсе ваххалц «Вайнахехь» болх бира цо». Айдамирова – Павликова Лидас 1971-чу шарера 1992-гІа шо кхаччалц болх бира «Вайнахехь». «Вайнахан» ветеран а, пенсионер а ю иза.

Оцу хелхаран тобанах лаьцна йолчу альбома тІехь къона Лида ю «Вайнах» хелхаран солист. Цуьнца цхьаьна берш бу хІинцалера культуран министран заместитель волу Ахмадов Рамзан, карарчу хенахь къоначарна хелхарш Іамош волу Тимирхаджиев ГІапур. Лида шен махка цІаерза лууш ю, къоначарна шен зеделларг дІадала. Лидин йоІ Лиана «Грозный» телерадиокомпанин хаамийн отделан редактор ю, ткъа кІант Рустам Краснодарехь Іаш ву. Оха даггара декъалйо Лида «Вайнахан» юбилейца.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет