Кху тІаьхьарчу хенахь Нохчийчохь КВН-хула болу къийсамаш жигарбевлла. Иттех шо хьалха и иштта хир ду аьлча, цхьа а тешар вацара. Вайна ма-хаъара, «Нохчийн лар» боху тоба яра цу тайпана къийсамашкахь дуьххьара дакъалаьцнарг. Иза Россин премьер-лигехь а левзина ю. Цул тІаьхьа нохчийн квншикаш алсамбовлуш лаьтта. КВН Нохчийчохь йолу дукха хан яцахь а, де-дийне мел долу, кхуьуш йоьду. Нохчийн Республикан студенташна юккъехь а хуьлу КВН-хула болу къийсамаш. ХІокху ноябрь баттахь Нохчийн пачхьалкхан университетан кхоалгІачу корпусан актови зала чохь дІадаьхьира цара шайн ловзар. Ловза йисина командаш итт яра, уьш Ѕ финале бовла къийсалуш бара.Командаш дукха хиларна шина дийнахь дІадаьхьира цара шайн къийсадаларш. Дешархоша цигахь гайтина номерш студентийн дахарх а, экзаменех а, университетан хехойх, студентийн духарх а лаьцна яра. Къийсамийн чаккхенехь шайн Іалашоне кхечира филологин, юристийн, биолого-химически, пачхьалкхан урхаллин, математически, агрономически, финансово-экономически факультетийн командаш.

КВН-х ловзуш дакъалаьцначу Хасанов Темирбулата  дийцарехь, оцу къийсамашкахь толам баьккхинчеран Къилбаседа Кавказехь хинйолчу КВН-хь дакъалаца аьтто хир бу.

АБДУЛАЕВ Адам.     

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2