Культуран векалшна – мехала совгIаташ

26 ноября в 16:43 (2009 г.) 5031
Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан шен гIалал арахьа йолчу резиденцехь цхьаьнакхийтира культуран а, искусствон а декъехь 35 шарахь сов белхаш бинчу къинхьегаман ветаранашца. Царна юккъехь вара республикехь а, цул арахьа а дика вевзаш волу Дагаев Валид, Омаев Дагун, Дудаев Муса, Усманов Iимран, цхьамогIа кхиберш. Цхьаьнакхетаран юьххьехь Кадыров Рамзана царна массарна а баркалла элира нохчийн къоман культура, гIиллакхаш, Iадаташ довзийтарна, дезийтарна юккъе, мах хадийна ца валлал, йоккха хазна йилларна. Нохчийн юкъараллин тоьлла векалш ду шу. Аш вайн къоман культура, гIиллакхаш, оьздангалла,  эхь-бехк, яхь-юьхь гойту тайп-тайпанчу театрийн  сценаш тIехь, Россехь санна, дерриг дуьненахь, – бохура вайн Президента. – Сан дехар ду шуьга: къона говзанчаш кхиабе, шайл тIаьхьа хьакъ йоллу тIаьхье кхиае. Царна дIадовзийта шайн хаарш, зеделларг, Iилма.

Цул тIаьхьа, ламасте дирзина ма-хиллара, Р.Кадыровс дIадолийра республикан культуран векалшна, ветеранашна совгIаташ далар. Нохчийн Республикан дуьхьа даккхий хьуьнарш гайтарна Кадыровн орденца совгIат дира Дагаев Валидан а, Омаев Дагунна а. Цу шинна иштта дIаделира «Тойота-Камри» машенийн догIанаш.

Тидамза ца бисира культуран кхиболу гIуллакххой а. «Нохчийн Республикан сийлахь гражданин» еза цIе тиллира Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драматически театран актерана Дудаев Мусана. Нохчийчоьнан Президента цул сов «Тойота-Камри» машенан догIанаш делира цунна. «Нохчийн Республикан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а, «Тойота-Камри» машенца а совгIат дира республикан пачхьалкхан филармонин солистана-вокалистана Усманов Iимранна.

«Нохчийн Республикан культуран хьакъволу белхахо» цIе тиллира Тахаев Мохьмадна, Вахаев Лоьмина, Рагамирзоева Заремина, Тарамова Маликина, Тихомирова Маликина, Мизаева Яхитина, Товсултанова Шарипатна.

Цул сов, дуккха а шерашкахь культуран декъехь хьанала къахьегарна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо «Тойота-Камри» машенашца совгIаташ дира Адаев Султанна, Халилов Аликна, Яскаев Сайд-Эмина, Эльмурзаев Бекина, Довлетмурзаев МутIелипна, Азаев Хьамидна, Исраилов Хож-Баудина, Хакишев Русланна.

Кхуззахь къастийна цхьалхадаьккхира хIусамийн хьелаш тодар лоьхучу культуран белхахойн гIуллакхаш. Кхаанна керлачу хIусамийн догIанаш а, кехаташ а дIаделира. Цхьаьнакхетаре баьхкинчу культуран берриг а белхахошна ахчанца совгIаташ дира.

Д.АНАДЕВ.



{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
В Вашингтоне началась инаугурация 45-го президента США Дональда ТрампаВ Вашингтоне началась инаугурация 45-го президента США Дональда Трампа
В мире
«Шерлока» в сеть слил сотрудник «Первого канала»«Шерлока» в сеть слил сотрудник «Первого канала»
В России
Р. Кадыров поздравил С. Аксенова с Днем образования КрымаР. Кадыров поздравил С. Аксенова с Днем образования Крыма
Власть и политика
Совет депутатов Грозного обсудил вопросы популяризации спорта среди молодежиСовет депутатов Грозного обсудил вопросы популяризации спорта среди молодежи
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
Что несет нам Трамп…Что несет нам Трамп…
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: