доллар    57.48 $
евро 67.76 €
22 октября, 20:24
+12 в Грозном

Вониг дарх ларло

1 декабря в 11:57 (2009 г.)
Хьехам. Бисмилла1иррохьма-ниррохьийм. Альхьамду    лиллах1ираббиль1аламийн вассалату вассаламу 1ала расулиллах1. Дала боху Шен Сий-лахь долчу Къуръан чохь: (Аста1ийзубиллах1) «Х1ай имадиллина нах, аша ларде шайн дог1маш, шайн доьзалш (Далла муьт1ахь хиларга уьш буьгуш) жоьжахатин ц1арах, Ша т1улгах а, кериста нахах а латийначу цунна т1е х1иттийна маликаш ду, буьрса а, ч1ог1а а ду уьш, Аллах1ана leca хуьлуш а дац уьш». Далла хастам бу Шена а, Шен лайшна а юкъахь зулам хьарам дина вол¬ну: «Х1ай сан лайш, зу¬лам дар хьарам дина Ша, Шена а, шуна юкъахь а. Аша вовшийн зулам ма дойла» - боху Дала. Пайхамара (Делера са-лам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Бусалба стаг мила ву, и дера ву бусалба нах маьрша битинарг, шен маттах а, шен куьйгах а...». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боху: «XIай имадиллина   нах,   Делах кхера шу, шух цхьамма а муъма стага зулам дийр ма дац Къемат-дийнахь Дала цуьнгара ч1ир оьцуш бен». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен асхьабашка аьлла: «Шуна хаьий, ша-шена зулам динарг мила ву?» Асхьабаша жоп де¬лира: «Зен хилларг тхуна гергахь шен долахь пайда эца шен шай доцург ву-кх». Элчано элира: «Шен умматах волуш зен хилларг вог1ур ву Къемат-дийнахь ламазций, мархийций, закатций, цхьанна лийна (муьлххачу стагана) йоцу ц1е а тиллина, нехан даьхни шена а диъна (хьарам), ц1ий 1анийна. "т1аккха д1алур ду (шена зулам хиллачунна) оцу зу¬лам динчуьнан диканаш,, къинойх ц1анлур ву и, зу¬лам динчуьнан къинош алсамдевр ду, т1аккха иза кхуссур ву жоьжахатин ц1ерга».

Дала боху Къуръан чохь: «Шу кхера питанах (зуламах, leca хилар дитарца). Шух зулам диначаьрга зу¬лам къаьсттина кхочур ма дац, зулам ца диначаьрга а, массаьрга а кхочур ма ДУ и».

«Шуна хоийла Аллах1 1азап ч1ог1а долуш хилар Ша бохучунна дуьхьал волчунна».

(Анфаль сурат, 25 аят) Зулам дар кхаа декъе декъна:   1).  Ширк дар ца. Х1ажара вакхорца Делаца накъост лацар ду. «Делаца накъост винарг и милла велахь а ялса мани хьарам йина цунна, и воьрзу меттиг жоьжахати хир ю, цигахь цунна г1оьнчий хир бац». 2). Де¬лан лено, ша-шена зулам дар ду, leca хиларца, хьа¬рам дерг дарца, шен дег1 1азапана гучудаьккхина. Дала боху: «Tlex зуламе мила ву? Цхьа вац шен Делан аяташ девзинчул т1аьхьа, т1аккха царна букъ тоьхна д1авирзинчул а,   баккъалла  а  къинош диначаьргара ч1ир оьцур ма ю».
3). Делан лено нахана зулам дар ду. Пайхамара (Делера салам-маршал¬ла хуьлда цунна) боху: «Массо бусалба стаг, бу¬салба стагана хьарам ву: цуьнан ц1ий 1анор, цуьнан даьхни шена дерзор, цуьнан сий дайъар. Дала боху Шен Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) : «Хьуна ма моттийла Аллах1 г1опал ву, зуламхоша деш дерг ца хууш. Баккъалла а Цо уьш т1аьхьатоьттуш бу 1азап ца луш т1аьхьарчу денна. Б1аьргаш къаьрзар болуш де ду шена чохь ( и де ду иза).

«Вовшийн г1o де аша дикачу х1уманна т1ехь (шайга де бохург деш, дита бохург дуьтуш). Аша вовшийн г1o ма де (leca хиларца) Делан дозанал т1ех а довлий. Делах кхералаш баккъалла а 1азап ч1ог1а долуш ма ву Иза, Шена leca хиллачунна». (Маидат сурат)

Дала лардойла вай leca хиларх.
Вальхьамдулиллах1и раббиль-1аламийн.

Хьехам бинарг
Абдурахманов М.
Зорбане кечбинарг
Даудов Г.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет