Марха билггал муьлхачу дийнахь лоцур ду я достур ду хьалххе хаа йиш яц цхьанне 1елимстеган, мел ч1ог1а 1илма 1амийна и велахь а. Х1унда? Де¬лан Элчанан (Деле¬ра салам-маршалла хуьлда цунна) дешан дуьхьа.    Цо    аьлла: «Марха и (бутт) гарца лаца, и гарца даста а даста, нагахь дуьхьал марха еана шуна иза гойла дацахь, Ша1бан беттан ткъе итт де дузийта». (Бухарий, Муслим) Молланашна хьалххе х1унда ца хаьа бохург, уьш Делан къайленна т1е х1унда ца кхуьу бохург санна нисло т1аккха. Вукху хьадисехь ма аьлла Делан салам хиларо: «Шайна (бутт) галлалц ма кхаба, цул т1аьхьа галлалц кхаба...». Иштта цо аьлла, Де¬лера салам хуьлда цунна, «Бутт ткъе исс де долуш хуьлу».
Центральни телевидинин журналисташна а хуург ца хаьа боху молланашна. Журналисташка а, яздархошка а, поэташка а хоттур дац Къематдийнахь шай¬га деллачу 1илманца Делан а, Цуьнан Эл¬чанан а дош х1унда ца лардира аша аьлла, цундела цара дукха атта кхайкхадо иза. Бакъду, шайна цахуург дийцарна бехке хила мега уьш. Вай марха долуш телевизорчохь Москвахь а, Са1удехь а достуш гича низамах боха сихло цхьаберш. Царна ца хаьа бутт гаран хьукмангахь баккхийчу имамийн ойланаш шина де¬къе екъаелла хилар.

Цхьаболчара аьлла: цхьана меттехь бутт гинехь,    дуьненан массо маь11ехь марха лаца деза. Вукхара аьлла: Xlopa махкара бусалба нах шай¬на бутт гарца марха лаца декхар бу. Х1окху шина а декъан а, Эл¬чанан (1алайх1иссалам) хьадисашкара далилаш (тешалла) ду.

Цхьаболчара цхьа хьадис г1оле лерина, вукхара важа лерина. Цхьаболчара «Гича лаца, гича даста» бохург дуьненна а ду аьл¬ла, вукхара цхьана мах-кана ду аьлла. Вайна лаахь а, ца лаахь а х1окху г1уллакхехь 1елимнах шина мазх1абе (некъе) бекъабелла. "Т1акха вайн имам волчу Шафи1ийн мазх1абехь тергалдинарг шен махкахь   бутт   гар   ду!

«Мapxa и (бутт) гарца лаца, и гарца даста а дас¬та, нагахь дуьхьал мар¬ха еана шуна иза гойла дацахь, Ша1бан беттан ткье итт де дузийта».

«Манх1аж» жайнахь ду, Дамаск, Аллеппо, Химс цхьана пачхьалкхан Сирин г1аланаш масала цхьана мехкан хьукма долуш ю. Вовшийн гена йолу г1аланаш, масала: Макка, Каир, Дамаск цхьана мехкан хьукманнца яц. Маккахь бутт гича Каирехь берш марха лаца декхар бац, Каирехь гича Дамаскехь берш декхар бац, - аьлла. Иштта Москвахь болчара даьстинера бохуш цхьа карзахвийла оьшуш дац. Вай Дагестанехь дагадевлча а, уьш вайх дагабевлча а мегар долуш ду.

Жайнахь яздина ду цхьаболу нах даьржинчу (мутный) хи чохь бен 1алуш бац аьлла, даима питана лоьхуш бу бохург ду иза. Я хенал хьалха лоцуш, я хьал¬ха достуш, нах тиларчу буьгу цара, уьш бу бусалбанийн барт бохош берш. Цхьаммо а юьртан моллин мохь шена т1еийза ца безара, юьртан молланаш муфтин г1уллакхна юккъе г1ерта ца безара, xlopa а шен балхах жоп дала дезаш ву. Вайна ца тоьаш дерг вовшах дашар а, низам лардар а ду. Гина бутт боцуш я Ша1бан беттан ткъе итт де дуьзна а доцуш, и даима марха лоцуш къуьйсуш долу де, шарийтан     жайнашкахь «йавмуш-шакки» - аьлла дийцина ма ду, шеконан де бо¬хург ду иза. Дийцарал сов кхаба хьарам ду аьлла ма ду. Делан салам хиларо аьлла:

«Нах шек болчу дий¬нахь марха кхаьбнарг, Абуль-Къасиман leca хилла». (Абу-Давуд, Тирми-зий) Абуль-Къасим Элчанах олуш хилла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цун-на). Xlapa «Иршадус-сарий фи 1ибадатиль-Барий» жайни чохь дерг-м ц1енна вайна, нохчашна, дийцинчух тера ду: Цхьанна а, я цхьанне тобанна а мегаш дац, марха лацарца я дастарца луларчу шахьарехь бутт гинера аьлла шайн шахьарехь болчу на¬хах д1акъаста, и болх бинарг я бинарш къи¬нош летош бу, шаьш умматна дуьхьал бевлла, Дала Шен лайшна х1оттийна долчу шар1ан хьукма дохош, нах шина декъе боькъуш бу. Элча¬но ма аьлла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Мархадастар наха достучу дийнахь ду, г1урбадер наха дуьйчу дийнахь ду». Иштта Делера салам хиларо аьл¬ла: «Шун марха, аша кхобучу дийнахь ду, шун г1урба аша дуьй¬чу дийнахь ду». Марха лацар, дастар бусалбанийн цхьаалла гучуйоккхуш 1амалш ю. Бусалба нах тахана тайп-тайпанарчу мехкашкахь бу, xlopa махкахь шен низам долуш. Цхьана махкахь, шахьарехь берш марха бахьана долуш бекъабалар маггане а мегаш дац. Дала бусалбанийн барт бойла.

Муртазаев С.

{mosloadposition user9}

При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2