Котамийн бун д1а а къовла, бежанаша хи молий а хьовса, т1аккха шайн х1ума кхалла чехка чу а дерзал! Садовш ду вайна. Буьйса Дала садаI а елла. Хьалххе д1а а дийшина, 1уьйрре г1овттуш хилча бакъахьа ду..., - лаьттах Мортийна, буйна лаьцна laca а йолуш, paгоly к1елахь лохачу г1антахь хиина 1ачу нанас тхо, шендоьзал, иштта т1егулбеш  йог1ура суьйренаш. 1уьйре а, суьире а токхе яра, керт юьззина, дог дуьззина яра цхьа зама... Х1етахь, малх д1абуьзча а, къегина, сирла дара даг чохь. «Тахана-м хоттур ду, таханам эр ду», - олий, масане хуьлура, хан мел ели а ненах дагайийла т1ех1уьтту меттигаш.Хаттаза а дуьсу шуна, алаза а дуьсу шуна... зама, даг т1ера чиркх охьа а тухуш, д1аяхача...

Ненан марзо - хьуна цкъа гича, юха кхин шолг1а ган йиш йоцу туьйра хиллера. Хазахетаран дакъа а ах бен дац х1инца, халахетар а ца дог1у вайх цхьа а къонвеш.

Жимчохь, эцца, кховдош болу и хударан кад хьаъа белча а х1ун башхалла яра?.. Х1инца оьшуракх нана.

...«Эх1, дависа хьан, дуьне! Х1окху хийрачу махка а еана, хьо декъаза диса язделла хиллакх суна» - аьлла, больницин корехула арахьаьжна, хи дийхира меттахь йолчу на¬нас (Оха Нанаъ олура тхешан ненах).

Делахь а, цуьнан шатайпа, 1аламан басахь болчу б1аьргашка хьаьжча, уьш ийманан нур кхолаза богуш гича, мелла а са парг1ат дара.
Юкъа цхьа к1езиг миноташ йовлале, хаддаза хи деха долийра цо. Куршка схьалаьцна долу ненан куьг иэго долийча, цхьа даг т1е йис юьллуш, лере хьаьвдира ц1ахь хийлаза хезначу назманийн узамаш. Хьалха шена мала дезна хи кхин шега мала ца делча схьахийцира шен буйнара куршка. Цунах а г1уллакх ца хила доьлча, 1айгаца малийра. Xlopa минотехь дахар догуш д1адовра. Цхьа ши сахьт далале хи малар берийн шишан т1е даьлча, не¬нан къонахчу б1аьргех йиш йоьхнахиш хьаьвдира. Шена т1екховдочу сан куьйгийн аматийн терго еш, лерина хьожура нана.

«Ла илах1а иллаллах!, Мухьаммадан Расулуллах!» - аьлла дара нанас доггах, хьалхалера г1opa-ницкъ схьабеача санна, къаьсташ далийна шах1адат. Иза цуьнан т1аьххьара дешнаш, цуьнан  т1аьххьара даьлла аз хиллера. Торпазан махкарчу больницехь цхьаьна нисбеллачу нохчаша Ясин дийшира. Аганан техкар, назманийн узам, т1едоьлхучу дерзан серсар - доллу х1ума сецира, ненан б1аьргаш чохь дуьне сецча.
Хийлаза дуьйцуш хезна долу ийманца долу собар х1инца къаьсттина сайна оьшу киртиг т1ех1оьттира суна. «Дала ялсаманехь боьллийлакх хьан ши б1аьрг, тхан г1ийла, тхан дика нана...», - олуш айса т1екъевлинчу цуьнан б1аьргийн шелделла нур сайн къоман xlopa оьздачу ненан б1аьрахь лоьху ас х1инца.

Дуьненан марзонаш, зарзделла к1ади санна, хиэда йоьлча, бахарехь а доцуш, xlapa дуьне дош доций дика хаьа х1инца. Дуьне эхартехьа керчаш хаало нана д1аяьллачу дийнахь дуьйна.

Яхана зама а, хьалхалера адамаш а сан кхолламан жовх1арш хилла диси дагалеца.

Ненан г1иллакх, цуьнан оьздангалла - эхартан юьхьк1ам.

Сонталла ца езара тхан нанна я боьршачу стагехь а, я зудчуьнгахь а. Комаьршалла коьрта лорура цо. ДагайоМу тхаьш исс йиша-ваша кегий долу хан. 1уьйрана Моттий г1уллакхаш д1асалиста х!уттура нана. «Бабин бераш, «Бабин бе¬раш!» - олий хьостура цо тхан з1акардаьхни: котамийн, москалийн к1орнеш. Шела базарахь юург юхкуш яра иза. Цхьацца ведар хи доьду боккха ши яй схьаоьций чорпа ян х1уттура. Цхьа яй «тхан» бара, ткъа шолг1а яй саг1ина лерина бара. Шелахь суьдан г1ишлонна уллехь долчу тхан кет1ахь дехьа-сехьарчу ярташкара адам лаьттара, шайн гергарчийн дов хоттуш сагатдеш. Царна юкъахь хаза баккхий нах а хуьлура. Нохчийн къоман духарш, холхазан куйнаш, кога юьйхина к1едачу т1аьрсигах йина маьхьсеш лепаш хуьлу¬ра церан, ткъа буйна лаьцна - варкъаш даьхна зоьртала 1асанаш.

Ша балха д1айоьдуш цо олура: «Делкъа-хенахь даха а Мой, суьда хьалхара бак¬кхий нахчубалабелаш. Царна ламаз дан меттиг кечъелаш. Зайнап, ахь подвал чуьра помидорийн а, варенийн а банканаш схьаэций, х1ума кхаллийталаш цаьрга. И нах д!абоьлхуш царна т1аьхьа кет1а довлалаш. «Дала масла1ат дойла шуна юккъе алалаш», - олий, т1екаренаш юьтий, д1айоьдура.

Иштта цхьана дийнахь, шайн ламазаш а дина, тхан сискал caгla а йина кех арабовлучу нахах цхьана воккхачу стага: «Х1ай бераш, да-нана дуй шун? Уьш ма ца гира тхуна?» - хаьттира. «Балха бахана уьш», - элира воккхахволчу вашас.

-    Тхуна шун XIOTTO шайна лиънера шуна? - юха а хоьт-тура къаночо.

-    Х1ан-х1а, тхан нанас аьлле-ра тхоьга, - элира оха. Шен буйнара 1асанах тевжина, лаьттан б1аьра а хьоьжуш, корта а лестош, ойлане ваьллачу къаночун б1аьргех хи делира. Х1инца, дукха зама яьлча, хаьа б1аьргех хастаман хиш хьовдийттал хаза хилларг тхан нанас лелийна вайн къоман хаза г1иллакх хиллий.

Тахана доьзал ийманехь кхетош-кхио беза аьл-ча дагадог1у цо тхаьшна 1амийнарг. Дийца даккхийчех дацахь а, ишттачу кегийчу х1уманех вовшахкхетий хуь¬лу даккхий х1уманаш. Нанас ша, муха хила деза гойтуш, 1амадора тхуна вайн оьзда г1иллакхаш. Цкъа делахь, генара баьхкина нах чукхайкхар хаза ду, цаьрга ламазаш дайтар - мелехь, царна си¬скал ялар - caгla ду, ткъа хьешашна т1аьхьадевлла, церан нохчийн г1иллакхехь 1одикаяр - нохчийн мотт бовзар ду.

Дас-нанас еттарх кхуьур вац доьзалхо муьт1ахь. Беро дозалла дал г1иллакхаш гойтуш хила деза да-нана. Лаккха шайн деца-ненаца эхь-бехк лардеш кхуьу доьзал.

Нанас нохчийн мотт буьйцучу хенахь даг Tlepa пиллигаш меттахъхьеш санна хетара. Кицанца, дустарца, забарца дара цуьнан хабар. Дагадог1у, баккхийчу вежарша шайна суьйрана Шеларчу клубе баха ахча доьхура. Иза нене деха т1ейохуьйтург со хуьлура. «Юкъалуьйчо хабар дуьйцу ала!» - олий юхахьажайора со. Сайгара царна яппарш ян ца яьхьачу ас цхьа доггах олура: «Шуьга нанас юкъалуьйчо хабар дуьйцу боху, кхин цхьа х1ума а боху!» - олий, вежаршна нанас эриг цхьа доьхнарг ду моьттуш самукъадолура сан. (Царна ч1ог1а муьт1ахь яра нана). Тхаьш даккхий хилча бен ойла а ца йира ас и «юкъалуьйш ерг» со хиларан. Я ас дуьйцург ша реза йоцу х1 ума хилча: «Ире я1 къорачун!» -олий, сацайора.

Бахамаш гулбан ницкъ ца кхечира тхан ден-ненан, я и 1алашо а яцара церан. Амма, тхуна мерза пхьор латтийна ца 1аш, х1усамехь нохчийн кхерч латтийра тхан нанас. Вайн заманахь наггахь бен х1усам яц шена чохь юург-мерг еш, сонехь нохчийн пеш йолуш!

Ша больнице яххалц цу чохь хьокхамаш доттуш, шен берийн бераш гуонаха гулдой lapa иза. Тхан боккхачу доь-зална а, лулахошна а 20-25 хьокхам бора цо! Шен к1ентан бераш хелхадохура. Иза це¬ран «Спокойной ночи» яра. «Нанас шу хелха муха доху-ра?» - наггахь хотту ас вешин берашка. Moгla бина, сера т1е хевшина 1ен ч1ег1ардигаш санна, паднаран йистехь хевшина 1ачу бераша къийса а луш карлайоху уьш: «Бак¬кхийчу наха хьо яккха боху, кегийчу наха хаза йолу боху И дерриг дуьне хьоь хьоьжуш 1аш ду. Хьалаг1аттал, 1айшат, цхьаьна далий вайшиъ!»... Хьалха, сан бераллехь хуьлуш долу 1а, ч1ог1а даккхий лайш дохкуш дог1ура, я жимчохь иштта хеталуш хиллехь а.

1уьйрана набарха къаста хала хуьлу 1ай. Нах Сибрехара ц1а бирзича дина, буьйдачу кибарчигийн ц1енош ду вайн кет1ахьа дерш. Шалха рама-наш йолу кораш доьМнера дадас царна.

"т1едог1уш Керла шо долу хан яра иза. Со 3-чу клас-сехь ю. 1уьйрана ши б1аьрг схьабоьллушехь дуьхьал долу сурт хаза г1ан хуьлий д1ах1уттура. Нанас, тхо дийшийна долуш, xlopa коран жима б1аьрг схьа а оьцуш, корийн яккъаш кечйина хил¬лера, тхан самукъадалийта. Юайчу бамбех лайн мижаргаш а дина, т1аккха царна T1e ц1азамах а, х1индийн чайнан пачкех даьккхинчу къегаш долчу даш-кехатах, тукарца хедош, хаза сурташ даь¬хна, уьш «лайн мижаргашна» т1ехьоьрсуш яьллинера. Нохчийн доцу х1ума къобал ца деш йолчу нанас Керлачу шарна тхуна кечдина совг1ат ч1ог1а даккхийдерца т1еийцира оха.

Цхьа мур бара ишколашкахь «вечер» олу синкъерамаш хуьлуш, ткъа цигахь нохчийн 1адаташна хийра долу «вальс» хелхарш дан лууш хуьлура кегийрхой. Цундела Нанас аьттехьа а ца дохуьйтура тхо иштачу меттигашка.

Нана йоцчу муьлххачу а х1уманах къахеташ хуьлура иза. Нохчийн халкъан илланчас Эльмурзаев Бекас ненах лаьцна даьккхина илли хезча йоьлхура иза. Баккхий вежарий Россин цхьацца г1аланашкахь эскарехь болуш йоьлхура иза. Уьш цигахь а болуш т1ом баларна кхоьруш хуьлура даим а. Тхан урамехула телефонийн кабель йилла саьнгар йоккхуш Шелара салтий балийнера белхаш байта. Paгly к1ел ехха, йоккха шиъ стол а х1оттийна чукхайкхира цо салтий. Цаьрга бийца оьрсийн мотт а ца хаьара. «Дома тебя мать ждет. Ку¬шать надо. Срок уйдет, домой поедешь, синок», - бохуш хьошалла дора цо царна. «Нанина биса сайнаш... Х1ун юуш, мичахь лела техьа?» -аьлла, елхаозийра къайлаха. Нанас хеттийтинарг дош хе¬тара, цунна деззнарг тхуна а дезара.

- Лулахой беза буьйцу къематдийнахь. Варийлаш, шайгара ледара х1ума ма далийталаш, - олуш 1едал дара цуьнан. Тхан уьйт1а веанарг цо тхо цуьнан г1уллакхе ца хьожуьйтуш д1а а ца воху-ьйтура. Ша т1аьххьара боль-ницера телефон тоьхча а: «Шайн дега хьовсалаш. Эрна арахь дитинакх ас шу!», -бохуш ц1а сагатдора нанас. «Къанделла» долу тхо эрна арахь кегий бераш хетара цунна. Сибрехахь хилар бен кхин Нохчийчуьра гена ца яьллачу нанна ч1ог1а гена мохк хетта Торпазг1ала. Дера, х1инца цхьа х1ума дика хаьа. Хьайн цхьа шо бен дацахь а, нана д1аяьлча воккха хуьлу хьо, амма хьан кхузткъа шо делахь а, нана еллачу шолг1ачу дийнахь бен воккха ца хуьлу хьо...

Дений-нанний муьт1ахь йо1, йиша-вешина беркате йиша, доьзална дика нана хилла яхана тхан нана Далла дуьхьал.

Ненан барам кехбоккхуш хилла ойла «Ма миска вукх да-нана делхош верг», - аьлла яра. Да-нана доккха дош хеташ яра со, сайга кхин дак¬кхий х1уманаш ца даделлехь а. Х1етте а, мор буьззина дагахьбалламаш бисина.

Оцу деношкахь кхин цхьа¬на х1уманан а ойла йира ас: «Тхан нана яларал сов, хьалха хало а ловш, г1иллакх-г1уллакх а лардеш схьабаьхкинчу оьздачу зударийн т1аьххьара мог1анаш ду д1адовлуш», - аьлла.

«Тхо мацдаларна кхоьруш, тхо шелдаларна кхоьруш, тхо дийшича бен дуьйшуш ва до¬цуш, тхуна сагатдеш, тхо лар¬деш, тхо 1алашдеш, къинхетаме б1аьрг тхоьга хьежабеш, жималлехь-бераллехь тхо шайн кара-мара хьерчадеш хьистина дай-наной, шу ма д1ахедаш лаьтта»...
Ишколехь дешна яцара, луларчу юьрта яхар доцург дуьне гина яцара, тхуна хьанал рицкъ латтош, марзахой, лулахой, юьртахой лийрина, нахана ша езийта хиъна яхара Далла дуьхьал. Яларна саозийча а оьздангаллех ца юхуш, больницин лоьраш, керста нах а цецбуьйлуш, ша дуьнен чохь оьзда маяххара, оьзда яла а елира. Бахам дуьнен чохь буьсуш берг бац - Далла дуьхьал хьош берг бу.

Хьайн оьзда г1иллакхаш ялсаманин деза совг1ат хилла карадойла хьуна, тхан нана! Дала сийлахь леринчу нанойн тобанах йойла хьо!
Хьуна мел везнарг даг т1ехула волий д1авоьду, нана... Ахь мааллара, хила а хилла дуьне - эрна аре...

Эльдарханова Зайнап
Ийманехь кхетош-
кхиоран Центр

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна