25 шарахь цуьнан исбаьхьаллин куьйгалхо хиллачу Элимбаев Тапина 1945-чу шарахь Карагандан областана юкъайогIучу Асакаровкехь нохчичун Элимбаев Хьамидан доьзалехь пхоьалгIа бер дуьнен тIе делира. Тапа тиллира цунна цIе. Оцу хенахь цхьанне а дагадогIур дацара, оцу кIантах хореографин гIараваьлла пхьар хир ву а, и бахьанехь цо Нохчийчоь дерриг дуьненна йовзуьйтур ю а бохург. Бакъду, оцу доьзалехь долу «хIо-марха» жимачу Тапина кхоллараллин агIор кхиа аьтто беш-м дара. Халкъ махках даккхале дуьйна а Хьамидан юххера гергарло дара республикехь шуьйра бевзаш болчу Мусаев Хьаьлимаца, Дакашев Вахица, Хамидов Iабдуллица, Садыков Андарбекаца, Гайрбеков Муслимаца, Димаев Iумарца, и.дI.кх. И беркате зIенаш ца хийдира кхеран доьзалКазахстане кхаьчча а. Делахь а Элимбаев Хьамидан I0 берах цхьана Тапас бен ца хаьржира хореографица йоьзна корматалла.

Шен беран хенахь кIанта лорий тидам беш хилла хьаша-да веъча а, ловзаршкахь а деш хиллачу хелхарийн. Ишкол чехъяьккхича культуран-серлонан училище деша вахара Т.Элимбаев. Корматаллин дешаран декъахь вовшахтоьхна хиллачу иллин, хелхаран ансамблан солист хуьлу цунах тIаккха. 1960–1964-чуй шерашкахь, дуьххьарлера шен хелхарш а хIиттош, оцу коллективан куьйгалхочун даржехь къахьоьгу Тапас.

Театран искусствийн пачхьалкхан институт (ГИТИС) чекхъяккхархо волу Элимбаев шен хаарш зен Германе хьажаво. Вайн махкахочо кхиамца къахьоьгу Берлинерчу хореографин училищехь хьехархо а, балетмейстер а волуш.

1969-чу шарахь Даймахка вухавирзинчу шен 24 шо бен доцчу Элимбаевга кховдадо Нохч-ГIалгIайн АССР-н иллин, хелхаран пачхьалкхан ансамблан куьйгалхочун дарж.

И болх тIелоцучу хенахьчул шозза воккха вара Тапа 1994-чу шарахь ша и декхарш охьадохкучу хенахь. Хечу кепара аьлча, боккхачу муьрехь – ткъе пхеа шарахь хьуьнаре куьйгалла а деш, баккхийчу кхиамашка кхачийра цо «Вайнахан» коллектив. 1970-чу шарахь ансамблана и цIе тиллар а Элимбаевн дIадолорца хилира.
«Вайнахехь» къеггина дIадолладелира Тапехь балетмейстеран похIма. ХIиттош долу хелхарш къаьстара фольклоран бухехь хиларца. Кхеран концерте хьажа луучунна билет атта кхача а ца кхочуш, луларчу республикашкара хIара санначу коллективашкара артисташ а «Вайнахана» юкъабахка лууш хуьлуш, Тапас куьйгалла дечу шерашкахь коллектив ца кхочуш меттиг СССР-хь йисина а яц ала мегар ду, цул сов дуьненан 60 сов пачхьалкхехь хилла вайн мехкан хелхарчаш.
Хьовсархошна кIорда ца йойтуш, заманан лехамашка хьожжий даима карлайоккхура Элимбаевс ансамблан программа. Цу юкъахь нахана уггар чIогIа дагахь лаьттинчех  ю ала мегар ду шайн цIерш «Вайнехан стигал кIел», «ЖаIуьнийн хелхар», «Ламанан шира дийцар», «Дошлойн хелхар», «Синкъерам», и. дI. дуккха а кхийолу хореографин хIоттамаш. Коллективо дакъалаьцначу фестивалийн цIерш яха а езар ю дуккха а хан. Царех яра, масала, «Оьрсийн Iа» («Русская зима»), «Майн седарчий» («Майские звезды»), «КIайн буьйсанаш» («Белые ночи»), «Къилбаседан лепар» («Северное сияние»)…

1985-чу шарахь Японехь хилира «Экспо-85» цIе йолу ламасталлин дуьненаюкъара гайтам. Билгалдаккха догIу, цигахь СССР-н культуран программин куьйгалхо Элимбаев Тапа хилла хилар.

Телефонехула тхан шеца хиллачу къамелехь (З.Бажаевн цIарахчу берийн хореографин ансамблана куьйгалла деш ву иза тахана Москвахь) Тапас элира:

– Халонаш кIезиг ца хилла оха бечу балха тIехь. Луларчу республикашкара обкомийн куьйгалхой (цаьргахь дара хIетахь Iедал) дика хьовсура шайн ансамблийн хьашташка. Тхан лазамаш тхуна тхаьшна буьсура. Iедалан гIуллакххоша дан дезарг суна сайна дуьсура, бакъдерг ма-дарра аьлча. Вайн республикехь хIетахь вайн къоман культурах баккъал а доглозурш ца хаалора ала мегар ду…

Тапина мелла а алсам цIерш яха лаьара ша къахьегначу «Вайнахан» коллективехь шайн кхолларалло зазадаьккхинчу артистийн Асхабова Асетан, Дукалаев Ахьмадан, Ахмадов Рамзанан, Мальцагов Доккин, Тахаев Мохьмадан, Музакаев Дикалун, Алиев Яхьсанан, Дидигов Мохьмадан, Дамильханова Мареман, Кукишвили Джульеттин, Докаев Сайпин, Расуев Iарбин, Цакаева Заринин, Алиева Элинин, Котиева Луизин, дуккха а, дуккха а кхечеран а. Хаалуш дара, царах дукхахболчаьрца Тапас тахана лелош мерза гергарло хилар.

Вайн мехкан мукъамийн, хелхарийн искусство махкана, дерриг дуьненна йовзийтархо хилла лаьттира «Вайнах» ансамбль Элимбаевс куьйгалла дечу шерашкахь. Цуьнан кхиаме къинхегам билгалбаьккхина дуккха а совгIаташца. Хореографин пхьерана, масала, «Сий-лараман хьаьрк» («Знак Почета») цIе йолу орден елла а дуккха хан ю. Элимбаевх лаьцна Iаламат дукха яздина вайн махкарчу а, дозанал арахьарчу а зорбано.

Нохчийчохь хиллачу къизачу тIеман зен кхаьчна Элимбаев Тапина шена а: чохь мел хиллачу хIуманца даьгна цуьнан цIа. Амма и бахьанехь леткъамаш бар а ца хааделира тхуна цуьнгахь. Халкъана а, цхьаболчу шакъаьсттинчу доьзалшна хилларш шайн барамехь тIех даккхий хIуманаш ду.

Нохч-ГIалгIайн АССР-н, Россин Федерацин халкъан артист, Пачхьалкхан совгIатийн лауреат, хореографин говза пхьар Элимбаев Тапа даггара декъалво вай «Вайнахан» 70 шо кхачарца. Лаьа, могаш-маьрша Дала дуккха а шерашкахь иза вахавойла!

А. ЛУЛУЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2