Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан декъалдар Хьомсара доттагIий! Ас даггара декъалйо пачхьалкхан «Вайнах» ансамбль шен 70 шо кхачарца. «Вайнах» ансамбль бакъонца легенда хилла дIахIоьттина. Коллективан хелхарша массо а заманашкахь бIаьрла дIагайтина нохчийн къоман оьзда гIиллакхаш, Iадаташ, башха амалш, хьуьнар, доьналла, эхь-бехк, яхь-юьхь. Цундела, шу миччахь а концерт луш хиларх – Москвахь, Амманехь, Парижехь я Прагехь – нохчийн хелхарш, ира а хIуьттий, дехха тIараш детташ, «бис» бохуш маьхьарш детташ, доггаха тIеоьцу хьовсархоша. Уьш чIогIа дезало царна. Шайн кхоллараллица аш кхочушдо вайн культура, гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ довзийтаран, марздаран вуно мехала декхарш. Гастролаш яран болх аш жигара дIабахьарбахьана долуш дерриг а дуьненахь долчу адамашна евза нохчийн культура, вайн къоман гIиллакхийн хазалла, исбаьхьалла, доккха маьIна, чулацам.

Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а олура культуран мехаллаш кхиоро, уьш юкъараллина марзъяро чIагIдо вайн халкъан ийман, эхь-бехк. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара, шен хенахь дерриг дуьненахь а евзаш хилла йолу «Вайнах» ансамбль вовшахтоха, когаирахIотто гIо динарг. Цо оцу ансамблах «республикан юьхь ю» олура. 2001-чу шеран февралехь юха дIаболийра шен болх ансамбло. Ткъа 2003-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас тIедилларца, ансамбль кхоллаелчахьана хилла йоцу, шен сцена елира «Вайнахана».

Билгал ца доккхийла дац дуккха а шерийн дохаллехь «Вайнах» ансамбль халкъан фольклоран культура йовзийтархо, Iалашъярхо хилла лаьтташ хилар. «Вайнах» ансамблан ишколах чекхваьлла вара дерриг а дуьненахь цIе яхна, ХХ-чу бIешеран дуьненан хореографин легенда хилла волу, сийлахь-воккха хелхарча Эсамбаев Махьмуд.

Со тешна ву, тIейогIучу хенахь а, хелхаран говзалла, техника кхин а тоярца, духарш карладахарца, мукъамаш хазбеш-тобарца аш керла кхиамаш бохург хиларх. Ткъа иза ансамблан оьмар еха а, ирсе а хирг хиларан закъалт хирг хиларх. ХIокху дезчу дийнахь шун коллективана дуккха а довха дешнаш хезар ду. Со хазахетарца тIетевр ву шун кхоллараллин коллективана дан долчу декъалдаршна а, дикачу лаамашна а. Ас кхин цкъа а ансамблан коллектив даггара декъалйо 70 шо кхачарца! Лаьа вайн халкъан зовкхан дуьхьа кхидIа а кхоллараллин кхиамаш шун хуьлийла.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна