Цунах тешо мегар ду муьлхха гIуллакх Нохчийчохь хиллачу къизчу шина тIамо йохийна вайн гIаланаш, ярташ хазъелла дIахIуьттур ю бохучух теша хала дара масех шо хьалха. Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан коьртехь волуш, вайн мехкан куьйгалхоша республика меттахIотторехьа хьегначу а, хьоьгучу а къинан жамI лара мегар ду вайна тахана схьагуш долу сурт. Ерриг а ярташкахь, гIаланашкахь доьгIна маьждигаш, хьуьжарш, тойина а, тоеш а ю ишколаш, дешаран кхийолу учрежденеш, больницаш. Йоьхнарш то а еш, йоцчохь керла хIусамаш еш ю нахана. Вайн кегийрхой могаш а, онда а хилийтархьама а, уьш наркотикашна а, кхидолчу Дала хьарам динчу хIуманашна а тIе ца кхийдитархьама, царна лерина еш спортзалаш ю.Вайн адамийн могашалла таза хилийтаран Iалашонца нехан массо а агIор аьттонаш беш схьавогIуш ву республикан куьйгалхо.          
Нохчийн мохк меттахIотторехь жигара дакъалоцуш схьабогIучу куьйгалхойх цхьаъ ву «Спецстрой» урхаллин хьаькам Сакказов Iела.  
Цо дийцира:

  – Шайна чохь эзарнаш хІусамаш йолу бIеннаш цIенош тодина оха. Соьлжера а, Гермачигара а, Мескер-Эвлара а, иштта кхечу ярташкара а ишколаш хенал хьалха дIаяла аьтто белира тхан. И тIелацамаш кхочушбеш тхан гIо лаьцнарш бу «Спецстройн» Генеральни директор хилла волу Юсупов Бувайсар а, гIишлошъяран министерство а. Амма и белхаш чехкачу боларца дIабахар вайн паччахьо дика доладар, цуо хьаькамашка луьра жоп дехар а дара. И дерриг бахьанехь оьшуш йолу гIишлойн коьчалш схьакхочура шен хеннахь, эрна хан а ца йовш. Дела реза хуьлда цунна! Вайн мохк хIора дийнахь хазлуш, денлуш, кхуьуш хилар бахьанехь дог доккхадедо вайн массеран!

Кху урхаллина юкъабогIу белхалой шайн болх дика бевзаш а, безаш а бу. Шайн балхаца доьзна долу массо а хIума хууш, дика говзанчаш бу уьш. Оха бечу балха тIехь тхан кхиамаш хилар а, белхийн дикалла лакхара хилар а, вай лакхахь ма-аллара, уггар хьалха вайн республикан куьйгалхочо бечу беркатечу Iаткъамах доьзна ду. Ткъа тхан дика гIо лоцучу хьаькамашна юккъехь суна билгалбаха лаьа министран заместительш. Балха тIехь оьшург хилийтарца вуно доккха гIо-накъосталла дина цара тхуна…

Сакказов Iелига ладоьгIча ойла кхоллалора, иза жоьпалле а волуш, шех тешийначу муьлххачу гIуллакхана хьанал а, цIена а хир волуш белхахо ву, ткъа иштта доьналла долуш стаг ву а, аьлла. Мила мила ву (хабаро а ца гойтуш) дика схьагойту цуьнан гIуллакхаша. Масала, Гуьмсера шайн белхаш кхиамца чекхбехира Iелас а, урхаллин белхалоша а. Ша цигахь болх бечу хенахь Гуьмсан кIоштан куьйгалхошка а шен цIе дикачу агIор бен ца яьккхийтира Iелас.

Шех лаьцна кIезиг дуьйцуш, шайна гIо-накъосталла динарш алсам хьахабо Сакказовс. Иштта цо билгалдаьккхира: «Оха цигахь (Гуьмсехь) болх бечу хенахь, кхачам боллуш гIишлойн коьчалш латтайойтура тхуна Гуьмса кIоштан куьйгалхо волчу В.Насухановс.

Сакказов Iела (со тешна ву) ша а ву тешаме волуш, шен болх дика а бевзаш, шен белхан декхарш кхочуш а деш схьавеана а, схьавогIуш а волу говзанча.
Ишттачу нахах тешо а мегар ду мел хала а, жоьпалле а гIуллакх.

Дала аьтто бойла хьанала а, цIеначу даггара а къахьоьгуш схьавогIучу массо стеган!  

УСУМОВ Яхьъя,
тхан штатехь воцу корреспондент.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна