©
Похожие материалы
Кадыров Рамзана лехира гIишлошъяран белхийн дикалла хилийтар
12:13, 07 декабря 2009г.
Просмотров: 2798
И.Эдиловс хаам бира тахана республикан Iалашонан программица еш могашалла Iалашъяран 24 объект хиларан хьокъехь. Царах итт дIаяла кечъеш ю. ТIаьххьара белхаш бу царна тIехь чекхбохуш.
– Билгалдаккха луур дара ялх объект эксплуатаце дIаяла кийча хилар, – элира Дирекцин куьйгалхочо, – вуьйш хIара шо чекхдалале кийча хир ю. Цул совнаха меттахIитторан программина юкъаяхийтинера кхин а 21 объект. Царна тIехь жигара дIахьош бу меттахIитторан белхаш. ХIинцале а гIуллакх дан дIайолаялийтина фельдшерско-акушерски шиъ пункт, кийча ю медицински колледжан гIишло.
Цо иштта билгалдаьккхира Шелара коьрта больница ярехь цхьацца новкъарлонаш Iиттаелла хилла хилар. Амма республикан Президентан тIедиллар кхочуш а деш, цхьамогIа гIуллакхаш къастийна цхьалхадахар бахьанехь хIинца оцу объектехь белхаш цхьанаэшшара дIахьош бу.
Дирекцин куьйгалхочо дийцарехь, иштта кхиамца дIахьош бу Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу, 30 эзар меттигна леринчу спортан комплексехь беш болу белхаш а. Спорт езархойн тIедогIучу шарахь таро хир ю оцу гIишлон барамийн хьакъ боллу мах хадо.
Кадыров Рамзана цунна тIедиллира спортан комплекс эксплуатаце дIаяларан график хIоттор а, иза дIаса ца таьIIаш кхочушъяр а.
Л.Омаев.
НР-н Президентан а, Правительствон а пресс-службин хаамашкахула.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также