Масех де хьалха Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Россин федеральни налогови службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочуьнца Вазарханов Исламца. Цхьаьнакхетаран юьххьехь республикан куьйгалхочо И.Вазарханов декъалвира Россин Федерацин налогийн органийн белхахойн дезчу денца. «Сан цІарах даггара декъалбе налогийн органийн берриг а белхахой шайн корматаллин дезчу денца, баркалла ала вайн республикан зовкхан дуьхьа цара хьанала болх барна», – элира Кадыров Рамзана. Цо иштта билгалдаьккхира республикан куьйгалло налогийн органийн белхахошна болх барна оьшу хьелаш кхолларна къаьсттина тидам тІебохуьйтуш хилар. Масала, шайн корматаллин дезде тІекхочучу деношкахькерлачу гІишло чу дІакхелхина Россин Федеральни налогови службин районашна юкъарчу Гуьмсерчу инспекцин белхахой. ХІинца вуно дика хьелаш ду церан шайн белхан декхарш хьакъ ма-дду кхочушдан. Тоьллачех компьютерш а, йийбар а, кхиболу гІирсаш а бу.

Россин федеральни налогови службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочо Вазарханов Ислама даггара баркалла элира Нохчийчоьнан Президентана Кадыров Рамзанна, цо налогийн органашкахь къахьоьгуш болчеран терго ярна, церан хьашт-дезарш кхочушдарна. «Гуьмсера тхан белхан накъостий чукхелхинарг Іаламат хаза, пхи гІатт долу гІишло ю. Болх бан хьелаш хилла ца Іаш, налогаштакхархошца болх бан а, церан хьашташка хьовса а вуно хаза, аьхна зал ю. ХІинца кхин а дика болх бойла ду-кх налоговикийн. Бакъдерг дийцича, цу отделенин белхахоша даима а боху балхахь дика кхиамаш», – бохура И.Вазархановс.

Цо дийцарехь, кху шеран исс баттахь республикан налогийн органаша, гул а йина, Россин Федерацин бюджете дІахьовсийна 9 миллиард 876 миллион сом налогаш. И болх тахана а дІахьош бу, пайдаэцаза йисина тІаьхьалонаш юкъа а ялош. Ткъа тІаьхьалонаш И.Вазархановс дийцарехь, йолуш ю. Вуьшта аьлча, налогаш буьззинчу барамехь схьа ца луш йолу предприятеш а, организацеш а ю. Цаьрца долу гІуллакх къастийна цхьалхадаккхарна тІехьажийна беш болх бу. Масала, Нохчийчоьнан прокуратуре хьажийна транспортехула налоган декхар тІехь долчу 12 эзар стеган хьокъехь долу гІуллакх. Цул сов, лаьтта тІера налог яккхар а дац хила дезачу тІегІанехь. Делахь-хІета налогаш лахьоран гайтам лакхабаккха тІаьхьалонаш йолуш ю.

Вазарханов Ислама чІагІдеш ма-хиллара, таханлерчу дийнахь а Къилба-Федеральни округехь тоьллачех цхьаъ лоруш ю Нохчийчуьра налогови хьукмат. Амма цунах тоам бина бац уьш. Лакхахь хьахийна ма-хиллара, шайн белхан гайтамаш лакхабакхархьама керла тІаьхьалонаш лоьхуш а, уьш гІуллакхана юкъаялош а бу республикан налоговикаш.

Цхьаьнакхетар дерзош Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана дІахаийтира Нохчийчоьнан налогийн хьукматан балхахь керла кхиамаш хирг хиларх ша тешна хилар, цу тІехь церан аьтто хуьлийла шена лууш хилар. Цу хьокъехь хаамаш бира республикан Президентан а, Правительствон а
пресс-службера.

С.ХУСЕЙНОВ.   

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна