Иштта дIахьедар дира Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана Хууш ма-хиллара, дукха хан йоццуш Санкт-Петербургехь дIабаьхьира Ерригроссин «Единая Россия» партин XI-гIа гулам. Цуьнан дакъалацархоша Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан юха а хаьржина партин Лаккхарчу советан декъашхо. Цуьнца доьзна вайн республикан куьйгалхочо «Единая Россия» ВПП-н декъашхошна баркалла элира шолгIа а шена иштта боккха тешам баларна. «Ас баркалла боху тхайн партин декъашхошна сайна тешам баларна. И тешам бойур бац ас. Дуьненан экономикан кризис йолчу чолхечу муьрехь «Единая Россия» партис гайтира ша баккъал а халкъан парти хилар а, ша социальни тIехьажам болу парти хилар а. Партис тIеэцна болу сацамаш тIехьовсийна бу мискачуроссихойн хьашт-дезарш кхочушдарна, пенсионерашна,  хала бохкучу бахархошна гIо-накъосталла дарна, тоьллачу, санехьчу экономике кхачарна. Иштта йолчу партин ницкъ кхочур бу уггар а яккхий планаш къочушъярна Росси ир-кара хIотто. Со кийча ву партис хьалхахIиттийна декхарш кхочушдан, – дIахьедира Кадыров Рамзана.

Дагадаийта лаьа, Санкт-Петербургехь дIабаьхьначу «Единая Россия» ВПП-н гуламехь партин Лаккхарчу совете 64 кандидатура чIагIйина хилар. Оццу хенахь Лаккхарчу советан бюрохь хьалха хилла декъашхой чIагIбина. Бюро юккъехь 20 стаг ву. Лаккхарчу советан председатела Грызлов Бориса ма-аллара, Лаккхарчу советан декъашхой диъ шо хьалха, 2005-чу шарахь, хаьржина бара, уставца нийса а догIуш, Лаккхарчу советан декъашхойн юкъара барам хьалхалерчу тIегIанехь бисина – 70 стаг. Царна юккъехь ву Москван мэр Лужков Юрий, ГIезалойчоьнан Президент Шаймиев Минтимер, МЧС-н куьйгалхо Шойгу Сергей, Башкирин Президент Рахимов Муртаза, Россин Федерацин Правительствон аппаратан куьйгалхо Собянин Сергей, Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан, цхьамогIа кхиберш, бохуш хаамбо Нохчийчоьнан Президентан, Правительствон пресс-службо.

Д.ПАШАЕВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2