Кху деношкахь цIайирзина Пенза гIалара №5 йолчу набахтехь (ИК-5)  маьждиг схьаделларна леринчу даздаршкахь дакъалаьцна Нохчийн Республикан делегаци. Делегацина юкъабогIура Нохчийн Республикан «Ийманехь кхетош-кхиоран центран» пачхьалкхан учрежденин директор Хашханов Ваха-Хьаьжа, Нохчийн Республикан муфтин заместитель Хирахматов Хьамзат, динан а, юкъараллин а организацешца йолчу юкъаметтигийн Департаментан динан секторан куьйгалхо Одаев ТIахIир, Россин Федерацин Госдумин депутат Делимханов Адаман гIоьнча Шауханов ИбрахIим. Историн декъехь а маьIна долчу оцу хиламах лаьцна дуьйцуш «Грозный-информ» агентствон телестудехь Хашханов Ваха-Хьаьжас пресс-конференци елира 17-чу ноябрехь.Иза дIахьош вара «Некъ» телекомпанин директор Исмаилов Казбек..

Журналисташна уггар хьалха хаа лиънарг дара Пенза гIалахь маьждиг дайтар муха нисделла бохург.

Хашханов Ваха-Хьаьжас дийцира: «Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана кхо бутт хьалха Пензе хьажийнера со, оцу гIалахь хенаш токхуш болчу нехан дехарна дуьхьал жоп эцна ваха веза, аьлла. Цу наха шайна маьждиг деш гIо-накъосталла дехнера вайн Президенте. Цигара хьал-де шега дIадийцича, Кадыров Рамзана тIедиллира маьждиган оьшу харжаш къастор. Пензехь бехачу бусалба нехан имам Шабанов Рафик веанера вайн махка. Цо оцу нехан сатийсамаш, лаамаш бовзийтинера вайн Президентана, ишттачу мелехь, сийлахь долчу гIуллакхийн цо гIо лоцийла хууш. Ерриг а 10 колони яра  цигахь. Номер 5 йолчу колонехь 300 сов бусалба стаг ву хан токхуш, царна юкъахь 6 вайн махкахо а ву. Тхоьца веана «Грозный» ГТРК-н оператор а вара. Цигарчу УФСИН-н куьйгалло оха даьхьначу гIуллакхна дуьхьал гIиллакх лецира. Набахтин кертахь цхьана а кепара гIишло ян мегаш доцийла шайна хуъушехь, цара аьтто бира маьждиг дайта бакъо а, латта а билгалдоккхуш. И дерриг а Пенза гIалин а, УФСИН-н куьйгалло вайн Президентан Кадыров Рамзанан лерам беш дира. Цкъа дIахIоьттича, 150 стага ламаз дан аьтто болуш ду и маьждиг. Ткъа маьждиган ша гар чIогIа товш, куц долуш, хьайна гуонаха гуш ерг набахтин керт хилар дицдолуьйтуш дара. Вайна ма-хаъара, набахте кхочу нах я шайн бехкана, я шайн дакъазаллина кхочу цига. Цигарчу низамах, церан гIиллакхех воьлла стаг арахьарчу дахарехь шен меттиг ца къасталуш юхавоьрзу. Цундела маьIне, мелехь дара и маьждиг Делан дашна тIехь нисбала луучарна хилар.

– Бусалба динехь мел ял, мел бу маьждиг дайтарна?

– Маьждигаш дугIу Дела цхьаъ веш, къематан де догIур дуйла хууш, закат луш бехачу наха. Вайн Президента ша вуьззина бусалба стаг хилар кхин цкъа а тIечIагIдира Пензехь йолчу колонехь маьждиг дайтарна тIехь. Цуьнан комаьрша куьг Нохчийн махкахь сецна ца Iаш Россин Федерацехь болчу вайнахана оьшучу метте а кхочуш ду.

Набахтин куьйгаллехь болу нах, ас лакхахь ма-аллара, тешаш бара маьждиг чохь дечу ламазах, цигахь хуьлучу хьехамах хьалха лелийначу харц некъах дохкобохуш, цигарчу кегийчу нахана дикачу агIор тIеIаткъам хирг хиларх.

Оцу историн хиламан масех а дика агIо яра. Масала: «Хьажахьа, хIара бусалба нах вовшашна гIо дарна тIехь хаза гIиллакх долуш бу-кх» – алийтар а дара яхь бохучу кхетамна уллера. Шайн гIалахь бусалба нехан маьждиг хилар чIогIа боккха кхаъ бу бохура цигарчу бахархоша.
– Кхечу колонешкахь маьждигаш дайта дагахь дуй?

– Тхайна №4 йолчу колонехь нохчийн кегийнах буйла ма-хиънехь, цига дахара тхо. Цигахь 11 нохчи вара. Пенаш хьала а доьттина, кхидIа белхаш чекхбаха ницкъ ца кхочуш, йисина карийра маьждигна лерина гIишло. Иза а чекхдаккха хьожур волуш ву вайн Президент.

Кхузахь ала деза, цхьамма а бехк ца баьккхира, аш хIунда дугIу набахтин кертахь маьждиг, аьлла. Вайн Президент шен махкахой безаш, царех доглозуш, бусалба нехан гIайгIа кхочуш хилар чIогIа къобалдеш тIеийцира Пенза гIалин администрацин куьйгалло. ХIинца тхо цигахь шозза хилла. Цигарчу нохчийн хаамашца дикачу агIор  хийцаелла нохчашка йолу ойла, церан лерам баран агIо а. Маьждиган цIе Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дайх волчу Илесан цIе тиллина. Тутмакхашна юкъара цхьа таджик а, цхьа гIезало а Къуръан деша хууш вара. Царех гIезало верг маьждиган имам хIоттийра. Цул сов маьждиг чухула хаздаран болх а цунна тIебиллира. «Чухула хаздар» бохург дара 5 ламазана нах алсам вовшахкхетар а, ийманехь кхетош-кхиоран декъехула болу белхаш совбахар а.

– Нохчийн а, кхечу къаьмнийн а юкъаметтигаш муха хийтира шуна?

– Бакъду тIеман муьрехь ледара хиллачух тера дара цигахь бехачу вайнехан а, кхечу къамнех болчу нехан а юкъаметтиг. Карарчу хенахь тоделла догIу иза. Вайнах дуккха меттигашкахь дикачу белхашка, даржашка нисбелла. Вайх дерг, цIахь болчу хийцамех дерг кIезиг хаьара царна. Схьахетарехь,  вуониг санна сиха дIа ца доьду диканиг. «Спутникан телевидени схьайилличхьана шайна дуккха хиъна Нохчийн Республиках лаьцна керланиг» – бохура наха. Тхо тхайн мурдийн духаршца гIали юккъехула дIасадовлучу хенахь «Мы рады Вас видеть», «Мы поддерживаем Вас. У Вас хороший Президент. Он молодец! Надо брать с него пример и учиться у чеченского народа», – бохуш тIебогIура тхуна гIалин бахархой.

– Вайн адамийн синош, дог-ойла муьлхачу хьолехь хета хьуна?

– Хаттар нийса ду. Вай дукхахьолахь вуонаш дуьйцу, ткъа даима а ца волу  вуонаш дийцина. Вай даха дезаш ду.  Вай мел динчунна Дала бийр бу бекхам. Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан бахьана хIуттуш, вайн махкахь хуьлу хийцамаш гуш ду вай.

Вайн дукха кегийрхой бу хьекъал долуш,  шайна оьшург хIун ду хууш. Диканиг царна а го. Масала, ворданахь волчу заьIапхочун гIо деш гича, и хазахетар шайца юкъахь доькъуш, боьлхуш хуьлу вайнах. Тахана хаамийн гIирсийн боккха ницкъ бу. Цара диканиг а, вуониг а ойу. Юкъараллин, вайн адамийн дог-ойла кхоллар коьртачу декъана церан карахь а ду. Вайна вешан бIаьргашна хьалха хуьлу хийцамаш ца го, ткъа хьо юьстах а ваьлла, хан яьккхина цIавеача, йоккха башхалла хаало. Вайн ярташкахь, гIалахь дукха гIишлош,  больницаш, ишколаш, паркаш, некъаш дехкина. Цкъа а хир а яц моьттина йолу таможни а схьайилли, Делан пурбанца.

Нохчийн халкъан исторехь дуьххьара Соьлжа-ГIалин аэропортера ХьаьжцIа баха вайн махкахой. Тахана тхан «Ийманехь кхетош-кхиоран центро» болх бо хьехамийн дискаш дIасадоькъуш, тIаьхьарчу хенахь тхан центран накъостий хилла дIахIиттина мурдаш а бу. Уьш 40 стаг ву, царех 10 жима стаг «Рамзан» патриотийн клубан декъашхо а ву. Уьш хьехамаш беш, вайн яртийн урамашкахь болчу кегийчу нахаца къамеле бовлуш, ийманехь кхетош-кхиоран болх дIахьош бу. Шайца цхьа а телевидени, камера йоцуш, иштта хецна къамел дар дезалуш а хьаьвза кегийрхой.

Дика хийцамаш бу. Кхул тIаьхьа вуонаш ца гуш, Дала цхьабарт бина дахадойла вайн халкъ. Дала тIаьхье беркате йойла.

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап.
Р.Истамуловн сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна