доллар    57.41 $
евро 67.54 €
24 октября, 14:31
+11 в Грозном

Хьомсара Наной!

7 декабря в 12:25 (2009 г.)
Нохчийн Республикан юьртан бахаман коллективо а, ас а даггара декъалдо шу уггар а мерзачу дезчу денца – Россин Ненан денца. Кху дийнахь къаьсттина лаьа шуьга, тхан хьомсара наной, довха, кIеда-мерза, лараме дешнаш ала. Бер дуьненчу даьллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна нанас иза кхиорна, Iалашдарна тIехьажабо шен берриг а ницкъ, хаарш, иза шен доьзалан а, халкъан а дозалла, сий хилла дIахIуттийла лууш. Ур-аттал, вайн халкъ махках даьккхина дIадахийтинчу халчу шерашкахь а шун ницкъ кхечира, Юккъерчу Азин гIум-аренашкахь дуьненчу девллачу шайн берашкахь нана-ДегIастане безам кхолла. Ткъа вайн республикехь тIемаш болчу хенахь дуккха а наной шайн бераш дайна, кхелхина бисина. Аш, тхан наной, доккхачу ийманца лайра и бала-гIайгIа, сингаттам. Дала гечдойла массарна а! Дала декъалбойла уьш.

Далла бу хастам. ХIинца маьрша ду Нохчийчохь. ХIинца юха а наной, мехкарий гIевттира халкъан бахам меттахIотто. Божаршка терра, наггахь царал гIолехь белхаш бора аш. Шайн беркатечу куьйгашца вайн гIаланаш а, ярташ а къагийна дIахIиттийна аш. Ур-аттал, советийн заманахь а яцара уьш тахана санна куьцехь, хаза. Шун куьйгаша, шун къинхьегамо кхоьллина ю и исбаьхьалла, тхан хьомсара наной!

Юьртан бахамехь – хуьлийла иза зIакардохнан фабрика, я даьхнилелоран комплекс, я шекаран завод, я баьпган завод, я буракашлелоран, я ялташ кхиоран майда – шун куьг дIаIоттаделлачохь массанхьа а бIаьрла кхиамаш хуьлу!

Со тешна ву, шуьца цхьаьна, тхан хьомсара Наной вай Нохчийн Республика Россин уггар а зазадоккхуш йолчу регионех цхьаъ йийриг хиларх. Лаьа шун бераш а, вай дерриг а маьрша, бертахь дехийла, шун исбаьхьа бIаьргаш даима а ирсах лиэпийла.
Маьрша, ирсе, беркате, токхе хуьлда шун дахар. Дала могаш латтадойла шу! Дала дукха дахадойла!


Р.С-ХЬ.ЭДЕЛЬГЕРИЕВ,
Нохчийн Республикан Правительствон Председателан заместитель – юьртан бахаман министр.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет