Нохчийн Республикан халкъан артист, А-Хь.Кадыровн орденан кавалер Айдамирова Аймани похIме эшаршлакхархо хилла ца Iаш, говза хьехархо а ю.
Тхан жимах йолу йиша яра чIогIа эшарш лакха Iама лууш. КIорда ца деш хьоьжура иза нохчийн эшарийн концерташка. Амма тхуна ца хаьара эшарш лакха Iаморхьама иза мичхьа дIаяла еза. Сан накъостех цхьамма хьийхира Айдамирова Айманина иза гайтар. ПохIме бераш лоьхуш ма хуьлу иза, бохура цо. ЧIогIа хала, ийзалуш, яхара со Аймани йолчу. Гоьяьлла артист, юкъараллин гIуллакххо. Хан хир юй те цуьнан соьга ладегIа бохург дара дагахь. ДIакхаьчча, со цецйоккхуш, оьзда, гIиллакхе тIеийцира тхо Айманис. Лерина  ладуьйгIира тхан йише, цуьнца ехха къамеле елира, цхьацца тIедахкарш дина, ши кIира даьлча,юхайола элира. ХIетахь дуьйна цуьнца репетицешка лелаш ю тхан йиша.

Айдамирова Аймани вайна массарна а дика евзаш ю, цуьнан эшарш къоман музыкальни искусствон хазна хилла лаьтта. Цкъа а,  шозза а тхайн йишица яхана, цуьнан репетицешкахь хиларо со тешийра иза иштта говза хьехархо а хиларх. Доккхачу собарца, берашка болчу безамца, аьхначу озаца дуьйцура цо берашна эшарш лакхаран говзаллех, церан чулацамех, сцени тIехь лела хаарх, мехкарийн оьздангаллех. «Ирс яI, кхеран, Айманигара урокаш эца йиш йолчу», – ойла кхоллалора. Тхан йиша йоккхачу сцени тIе ер я ца ер ца хаьа, амма со тешна ю, Айдамирова Айманис Iамийначу цунах нохчийн оьзда йоI-м хир ю. Даггара ала лаьа: «Дела реза хуьлда хьуна, Аймани, хьайн диканашна!».

АТАЕВА Луиза.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна