доллар    56.47 $
евро 63.49 €
24 мая, 03:32
Погода в Грозном +14 в Грозном

Экономика

10 декабря в 10:41 (2009 г.)
Кхиамашца совбевлларш Іедалан боккхачу тидамехь бу вайн республикехь налогови органаша беш болу болх. ТIеман хиламаш чекх а бовлале, меттахIотто йолийра налогови система. Кхин йолу министерствош а, ведомствош а санна, чубаха шайн гIишло а йоцуш, болийра налоговикаша шайн болх. Цу хенахь дуьйна оцу декъан куьйгаллехь ву Вазарханов Ислам. Чолхечу хьелашкахь коллектив вовшахтоха йийзира Исламан. Оьшуш берш хаарш а, зеделларг а долуш болу белхалой бара. Ткъа уьш массо а меттера схьагулбан безаш бара. И декхар кхочушдинчул тIаьхьа, Вазарханов Исламан декхар лакхарчу тегIана тIехь болх дIахIоттор дара. Ткъа иза аттачарех дацара, хIунда аьлча церан къинхьегам маьршачу дахарций, кхуьуш йолчу экономикиций боьзна бара. Чекхбовлаза болчу тIеман хиламаший, аьтта, йохийна йолчу гIаланаший, ярташий,холчахь долчу адамаший – гуттар а базбора налоговикашна шайн болх. Наггахь шеко а кхоллалора, кхунах гIуллакх хир дуй-те олий? Ткъа цунах гIуллакх хилла а ца Iийра. Тахана республикан министерствошна а, ведомствошна а юккъехь дика цIе яккхийтина ца Iаш, ЮФО-н налогови службийн магIаршкахь хьалхарчу меттехь ю иза. ХIора а районехь кхоьллина йолчу инспекцеша, мало а йоцуш болх бо физически а, юридически а яххьашкара ял йоккхуш. Тидамехь ю массо а предприяти, организаци, иштта, жима а, йоккха а бизнес, уггар кегийчу йохка-эцаран ларекашна тIекхаччалц. Ялъялархой низаме балийна дукха хан ю инспекторша. Цунна тоьшалла ду, сберкассашна хьалха ял ло хан тIекхаьчча, гуллуш йолу раьгIнаш. Амма, кхин цхьа хIума а ду. Ял ца яла гIерташ, декхарла бахнарш а бу шортта. Церан терахь, Вазарханов Ислама ма-аллара, 12 эзарне хьаладаьлла. Цхьацца болчарна  арз дина прокуратуре. Ткъа, РФ-н бюджете ерриг республикера хIокху шеран 9 баттахь налоговикаша хьажийнарг 9 млрд. 876 млн. сом ду. Иза боккха пайда хилла ца Iаьш, боккха юьхькIам бу. И дерриг билгал а доккхуш, налоговикийн дезачу денца уьш декъалбира Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана. Иза цхьаьнакхийтира Россин ФНС-н Нохчийчуьрчу Урхаллин куьйгалхочуьнца Вазарханов Исламаца.Церан кхиамашна ша резахилар а хоуьйтуш, билгалъехира  болх кхин а жигарбоккху агIонаш. Ткъа  Вазархановс  ерриг налогови службийн цIарах доккха баркалла элира нохчийн президентана, цо гуттар а шайна дечу гIоьнна. Иштта, хьахийра Гуьмсехь шайна йина керла гIишло. ХIокху заманан оборудовани а, техника а хIоттийна, ялъялархошца болх бан йоккха операционни зал а йолуш, налогови а, бухгалтерски а документаци схьаэца ворхI кор а долуш йинчу пхеа гIатах лаьтта административни корпус чохь къахьега  йолаелла Гуьмсан районан налогови инспекци. И санна гIишлош хIора а районехь хирг хиларх цхьа а шеко яц налоговикийн. Кхин хIумма а ца хилча, Соьлжа-ГIалахь уггар хазчу меттехь ю ФНС-н Урхаллин гIишло. Церан кхиамех а, кхиарех а терра ю вайн куьйгалло царна къахьега билгалъяьккхина меттиг. Вайн Республика меттахIотторан гIуллакх доладелла дукха хан яцахь а, ЮФО-н субъекташна юккъехь нохчийн налогови служба ял лахьорна тIехь уггар а тоьлашха  лерина ю. Уьш шайн кхиамашкахь совбевлла.    

ДУДАЕВА Билкъис.






{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет