доллар    56.51 $
евро 63.2 €
27 мая, 18:45
Погода в Грозном +19 в Грозном

Адамийн бакъонаш ларъяр

10 декабря в 10:43 (2009 г.)
Кхин а цхьана комиссин хьокъехь Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш  ларъяран Векалан дIахьедар 2009-чу шеран 23-чу ноябрехь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбатоьхна Нохчийчухула йолу юкъараллин комисси кхолларан хьокъехь долу дIахьедар. Оцу документана буха, хаам беш ма-хиллара, куьйгаш яздина российски региональни бакъонаш ларъяран организацеша. Тхуна, нохчийн бакъонаш ларъярхошна, хазахета декхар ду аьлла хеталора Нохчийн Республикехь бахархойн бакъонаш ларъярна кхачояран хьокъехь тхайн накъосташа иштта гIайгIа беш хиларна. Бакъонаш ларъяран цхьайолчу российски организацеша Нохчийчухула йолу юкъараллин комисси кхолларан хьокъехь болчу хаамо башха чIогIа хазахетар ца кхуллу тхоьгахь. Цул совнаха, оцу кепара долчу «даккхийчу» дIахьедарша мелхо а цакхетар кхуллу. Хаттар хIутту: хIун ду кхузахь алсамха, даггара цакхетар, кийтарло, даррехь ямартло, я дIахьедарна буха куьйгаш яздинарш кирхьанна тIехьа болчу режиссерийн карахь шайна хууш доллушехь тайнигаш хилла дIахIиттина?

ТIаьххьарнаш кIезиг евзаш йолчу, ма-дарра аьлча, янне а евзаш йоцчу бакъонаш ларъяран организацийн цIершна тIехьа дIалечкъа гIертахь а, цара лелориг сел чIогIа девзаш хиларна, уьш муьлш бу а, Нохчийчохь царна хIун оьшу а хаа гIерта ца оьшу. Нохчийн халкъе болу церан  безам шеконаш кхоллайолуьйтуш а бу, гIеххьа кIорда а бина. Iаламат чолхечу хьелашкахь верхIийтта шарахь дахаро Iамийна тхо даггара дог лазар кийтарлонех атта къасто. Кхин а цхьана бакъдолчух а кхетта тхо – оха сатийса ца оьшу тхешан къастийна цхьалхадахаза долу гIуллакхаш тхайна гуонаха долчу «дикачу» дуьнено къастор ду бохучуьнга. Баккъал аьлча, оха лехам беш хIума а дац. И «нийсонан» дуьне тхуна хIумма а декхарийлахь дац. Тхан къастоза долу гIуллакхаш – уьш тхан гIуллакхаш ду. Делан лаамца уьш оха, дуьйцийла йоццуш, къастор а ду.

Тидам тIебохуьйтуш ду Нохчийчухула йолчу юкъараллин комиссехь бакъонаш ларъяран организацийн векалалла. Масала, цунна юкъаяхана шен цигахь алссамчу барамехь Россин ФСИН-н учрежденеш йолуш йолу, шен цигара къасто дезаш долу гIуллакхаш шайн дукхаллин барамца российски бакъонаш ларъярхошна хьовха, дуьненаюкъарчу бакъонаш ларъяран организацешна а тоьар долуш йолу Коми Республика. Изза ала мегар ду сибирски регионах а. Я схьалоцур вай масална Воронежски область. Иза евзаш ю меттигерчу националистически организацийн расистски гучудийларшца. Делахь-хIета, адамийн бакъонаш ларъярехь къасто дезаш долу гIуллакхаш Нохчийчохьчул дукха дацахь, кIезиг доцуш йолчу Россин регионашкарчу накъосташна гIолехь хир дара аьлла хета, уьш къасторна тидам тIебахийтича. ДоггIучуьра аьлча, оцу регионашкахь кIезиг дац Нохчийн Республикан лаьтта тIехь тIеман зуламаш дина долу адамаш а. Оцу зуламхошца доьзна долчунна бакъонан суьдо толам баккхаре кхача хьовса беза цигара тхан накъостий. Цул совнаха, Россин регионашкахь Iаламат дукха ю нохчийн бакъонаш талхоран меттигаш, пенитенционарни системехь нохчийн къомах болчу Россин гражданашна тIехь латтош дерг ца дийцича а. Тхан накъосташна цигахь бу-кх мел оьшу а бан болх.

ГIиллакх-оьздангаллина тIе а доьгIна, Нохчийчухула йолу комиссеш кхоллале хьалха российски региональни организацеш нохчийн бакъонаш ларъярхойх дагайовла мукъана а декхарийлахь яра. Иза цара ца дина, цо кхин цкъа а гойту Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъярна тIехьажийна цара лелош дерг даггара цахилар. Ткъа Нохчийчохь кхоьллинчу керлачу юкъараллин комиссин гIуллакхаш рогIера пиар-кампани хилла доьрзур ду. Баккъал аьлча, и комисси кхоьллина Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран хьолах болчу «Кавказски узел», «Мемориал», МХГ, «Граждански гIоьналла», оццу «легионера» кхиерш санна йолчу организацийн хаамашна тIе а доьгIна. Оьшуш яра керла рупор, изза хаамаш керлачу кепара кечбина бовзийтархьама. Цунах йоллу шен ерриг бутафорски «цхьаьнатоьхна мобильни тобанашца» Нохчийчухула йолу юкъараллин комисси кхолларан башха йоккха йоцу къайле. Ткъа оцу комиссина хаамийн хьоста дуьсур ду, хьалха а санна, «шаьш бовзийта ца лиина болу НР-н НПО-н векалш».

Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран организацеш хиларан бакъдерг тIе ца лаца гIерта лакхахь цIерш яьхна организацеш. Цуьнан бахьана нохчийн бакъонаш ларъярхоша церан белхан кепаш къобалъеш цахиларх а доллу. Дуккхазза а Iожалла шайна тIехIиттина болчу нохчийн бакъонаш ларъярхошна царначул дика хаьа нохчийн халкъана гIо деш дерг а, зулам деш дерг а хIун ду. Шаьш гIарабаха а ца гIерташ, таьIIина шайн гIуллакх до цара. ДуьххьалдIа тIаьхьарчу хенахь, нохчийн бакъонаш ларъярхой юкъагIортар бахьанехь, паргIатваьккхина бакъо йоцуш сацийна хилла ялх гражданин. Правительственни йоцу бакъонаш ларъяран организацийн векалш Нохчийн Республикан Президентаца Кадыров Рамзанаца цхьаьнакхетаран жамI хилира билггалчу гражданашна компенсацеш дIадалар, билггалчу юьртан бахархошна шайн долахь цIенош дарна лаьттан дакъош къастор, дуккха а гIатташ долчу цIеношна ремонт яр. Нохчийн бакъонаш ларъярхой бахьана долуш хенал хьалха паргIатваьккхина РФ-н УФСИН-н Нохчийн Республикехула йолчу учрежденешкахь шайна тоьхна хенаш йохуш хилла 300 сов стаг. Ткъа оцу учрежденешкахь Россехь тоьлашха долу хьелаш кхоьллина. ТаIзарш динарш Россин кхечу регионийн дукхах йолчу учрежденешкахь йоцуш йолчу производствехь гIуллакх деш бу. Иштта бакъдерш дуккха а дало йиш ю. Ткъа Нохчийн Республикан бахархойх чубоьхкинчарах маса стаг хенал хьалха паргIатваьккхина, Нохчийчухула йолчу юкъараллин комиссина юкъа дIаязбеллачу бакъонаш ларъярхоша гIо а деш?
Нохчийн бакъонашларъярхойн ницкъ кхечира Iедалшца, ша аьлча,

бакъонашларъяран органашца цхьаьнагIуллакхаш дар вовшахтоха. ТIаьххьарчаьрца барташ а бина цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь. Iедалшна дуьхьал а ца бовлуш, ткъа цаьрца цхьаьнагIуллакхаш даран некъах пайдаэцар бахьанехь церан ницкъ кхаьчна республикан бIеннаш бахархошна гIо дан. Нагахь цхьаннан цунна тIе тидам баханехь, цунах дерг довза ерриг таронаш йолуш ю. Нагахь Россин регионашкарчу тхан накъосташна Нохчийчохь адамийн бакъонашца долу хьал баккъал а довза лаахь, данне а оьшуш дац республике дахкархьама «цхьаьнатоьхна мобильни тобанаш»  вовшахъеттар. Цхьаьнакхета шайна гражданашца, бакъонаш ларъяран организацешца, Iедалан векалшца, я  Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан хIора шеран докладаш тIехь дерг хIун ду мукъана а хьовса. Оцо таро хуьлуьйтур яра Нохчийн Республикехь билггалчу адамашна билггал гIо дарна бакъонаш ларъяран организацийн ницкъаш цхьаьнатоха.

Иза ца дахь, муьлххачу а комиссин хиндерг, лакхахь цIе яькхинчун а тIехь, хьалха дуккха а барамехь Нохчийчухула хиллачу виртуальни комиссешна хилларг ду – хаамийн гIирсашкахь жимма  гIовгIа йинчул тIаьхьа йицъялар.


Н.НУХАЖИЕВ,
Нохчийн Республикехь адамийн
бакъонаш ларъяран Векал. 


{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет