доллар    56.45 $
евро 63.14 €
29 мая, 22:09
Погода в Грозном +16 в Грозном

Р.Кадыров – Россин тоьллачу политикашна юккъехь

10 декабря в 10:49 (2009 г.)
Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан юха а юкъавахана Россин тоьллачу 100 политикан ноябрехь хIоттийначу рейтингана. Оцу политикашна юккъехь, хьалха а санна, коьртехь ву Россин Федерацин премьер-министр Путин Владимир а, Россин Федерацин Президент Медведев Дмитрий а. Нохчийн Республикан Президент Р.Кадыров региональни тхьамданийн сий-лараман рейтингехь шолгIачу меттехь ву. Хьалхарчу меттехь ву Москван мэр Лужков Юрий. Нохчийн Республикан Президентана тIаьхьа ю Санкт-Петербурган куьйгалхо Матвиенко Валентина. Уггар сий-ларамечу политикашна юкъа боьлхуш бу региональни а, федеральни а тIегIанашкара куьйгалхой, бевзаш болу партийни белхахой, ткъа иштта бизнес-элитин векалш. Рейтинг кечйина Политически а, экономически а коммуникацийн агентствос (АПЭК). Экспертни хаттарш дар дIахьо къайлах анкеташ язъяйтаран кепара. Оцу хаттарийн жамIийн буха тIехь кечйо Россин уггар сий-ларамечу 100 политикан рейтинг. Политикийн сий-лараман мах хадабо итт баллан барамца.

Рейтинг хIотторехь дакъалецира 27 эксперта: политологаша, политтехнологаша, медиаэксперташа, политически партийн векалша.

ЖамIан рейтинг 100 политикан сий-лараман Россин экспертни юкъараллин тхьамданаша мах хадор ду. Нохчийн Республикан Президентан цIе боккхачу сий-лараман декъехь йолу дуккха а беттанаш ду.

Нохчийн Республикан Президентан, Правительствон пресс-служба.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет