доллар    57.39 $
евро 67.76 €
22 октября, 00:34
+11 в Грозном

Хьаша везаш тIеоьцу хIусам

10 декабря в 10:52 (2009 г.)
Соьлжа-ГIаларчу «Беркат» цIе йолчу базарахь 15-чу блокан 2-чу гIат тIехь болх беш ю «Алмаз» кафе. Кху чохь еш йолу яахIума чомехь а, механа йорах а хуьлу. Дукха нах богIу кхуза хIума яа – къаьсттина делкъахенахь. Кафе чохь цIена ду, чувала а, охьахаа а паргIат ду – гуш ду хIусамдайша шайн кхерч лерина лелош хилар. Чубаьхкинчу хьешашца гIиллакхе а, ларам болуш а бу уьш. Кафен долахо йолчу Закриева Зайнаа а, цуьнан накъосташа – Цукаева Закията а, Уматгериева Айманис а леррина бо шайн болх.  ХIума яа чувеанарг резавар ю церан коьрта Iалашо. Ткъа цу тIехь кхеран дика аьтто хуьлу – хьешашна чIогIа дика хета ЗайнаагIара кечдеш долу нохчийн даарш:  жижиг-галнаш, чIепалгаш, хингалш, котамаш. Мичча хенахь дика чай а, езачунна кофе а,  цаьрца яа мерза хIума а хуьлу кхузахь.

ДIадевллачу шерашкахь повар болх бина ю Зайнаъ а, Закият а, шайн говзалла Iамош леррина йолу училище чекх а яьккхина.
Лаккхарчу корматаллица бу цара тахана беш болу болх. Цуьнан бIаьрла гайтам бу – хаддаза кафехь хуьлуш долу адамаш.

А.МУСАЕВ.
Р.ИСТАМУЛОВН сурт.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

хусаин
21 декабря в 10:58
Очень жаль,что такое произошло.