Артистан некъан юьхь 1925-чу шарахь со интернатехь доьшуш вара ГIазакхийн-Iалхан-Юьртахь, - дуьйцу Кадыров Махьмуда. Тхан хьехархо Ошаев Халид вара. Цхьана дийнахь ШоIипа, тхан накъост вара иза, шайн ‘вла ГIуларе тхо хьошалгIа кхайкхира. «Зуда ялийна. Ловзар хир ду», – аьлла. алидах дагадевлира. Цо къобалбира тхан лаам. ГIур ду вай. Со а вогIур ву, – элира Халида, – бакъду, хьешашна тIехь дIахIуттуш а, дIадухуш а товш хир дац ловзар. Юьртахой бухахь болуш, тIебоьлхуш бакъахьа хир бу хьеший. Ловзар мел башха, хаза хиларх, ловзаран дайша «гIайракх!» аллалц, юьртахой дIаэха буьйлабаллалц ловзаргахь Iер оьзда дац. Ловзарга вахаран а, ловзаргара дIавахаран а хан хууш хила еза...

Иштта Халида оьздангаллин хьокъехь дечу хьехаре ладоьгIуш тхо меллаша, гIаш дIаоьхура. Оха дешархоша, хьехархочуьнга Халиде вайнехан гIиллакхех, оьздангаллех, Iадатех лаьцна хоьттура. Цо жоьпаш лора. ДIакхечира тхо гIуларе. Ловзар дIахIоьттина карийра. Муш бузуш чуберзийна бара ловзаран гуо. Кегийчу нехан, мехкарийн ши могIа дIасабекъна, юкъаметтехь лаьттачу стоьлана тIехьа Iаш безамехь «инарла» вара, шеца товш ши накъост а волуш. Малхо гIушлакхера тIехьоьжуш къагийна самар (самовар) яра бIаьргаш къехкабеш. Цуьнан стоьлана аьтту агIор кегий нах а, аьрру агIор мехкарий а бара. МогIанан коьртехь ши тхьамда – стаг а, зуда а. Инарлин дош хезехь, уллехь пондарчий, вотанчий.

Оьзда гIодаяккъаш дешиций, детиций кхелинчу доьхкарша йолчул а гатйинчу мехкарша ловзаран гIиллакх-къепе муха ларйо хьоьжуш, нисъеш Iара тхьамда. Шифонан тIам дуьхьал лоций, бIаьца йора, я лохха йистхуьлура иза.

Шен агIор кегийчу нехан тхьамда а вара кхелинчу шаьлтанашций, доьхкаршций догIмаш дуьйлина, бухаройн холхазийн куйнаш техкина, яйчу маьхьсешца когаш къевлинчу кIенташна тIехь тидам латтош. Цо само йора ловзаран инарлас бехк боккху болу ледарло цаьргара ца ялийта. Ловзаргахь ши жуг1арг ма вара ледара дерг оцу сохьта кхайкхо, нахала даккха лохуш, «дечиган-дой» раз-пурх хоьхкуш. Церан «дой» мехкаршна хьалха алсамха хьийзара туьтмIаьжгашца уьш «кхерош», белош.

Ловзаран юкъалелархо инарлиг дIавистхилира: «Хьеший», – аьлла.

Инарлина Халид вевзира. Цо делла салам оьцуш, инарла гIаьттира. Дерриг ловзар а гIаьттира, шайн ловзаран инарлин а, тIедогIучу тхан а сий деш:

– Марша догIийла шу, хьеший! – элира инарлас. – Ма бакъ даьхки шу.

– Маршалла хуьлда! – элира Халида, – Нус декъалйойла! Барт цхьаъ бойла.

– Амин! Дела реза хуьлда! – элира инарлас. – Халид, хIара меттиг шун ю. Схьадуьйла. Схьадуьйла.

Инарлас куьг хьажош, гайтинчу коьртерчу меттиге тхо дIатардира. Инарла тоам хилла вара. Оццул доккха ловзар шен куьйгаллица хаза дIахIоттор гора цунна. Иза воккхавера. Сакъералора цуьнан шен юьртахошна-гIуларошна хьешийн лерам бан, гIиллакх лело хаарна.

Тхо тхайн хьомечу хьехархочуьнца хьошалгIа кхайкхина гIулархо ШоIип массарел а сакъералуш вара. Лараме хьехархо а, дешархой а шеца баьхкина, шен хIусаме биссина хьеший хиларо юьхькIаййинера цуьнан. Тхо тапъаьлла Iара, Халида хьоьхучу хенахь класса чохь ма-Iерра. Муха Iен деза, нехан цигахь, хьошалгIахь, Халида новкъахь хьехнера, ГIуларе догIуш.

Оцу хенахь дош элира ловзаран юкъалелачо, аз айдеш:

– Массара а ладугIур ду вай! Инарла вистхир ву.

Массара а ладуьйгIира. Ловзаран гонна арахьа карахь, уллехь бераш долу зударий, уьш дIатедеш, инарлина тIе бIаьргаш боьг1на лаьттара. Ур-аттал ши жуг1арг а, шаьшшимма мехкаршка ен забарш а совцийна, дIатийра.

Инарла хьала а гIаьттина, кIеда-мерза вистхилира:

– ГIулархой – сан юьртахой! «Къена вахана – къа дисина, хьаша вахана – бехк бисина», олуш ду вайн. Тахана вайна тIе, вайн диканан, хазахетаран кхоэ цхьа хьаша веана ца Iа. Уьш масех ву Халидаца.

Хаза вовшахкхетта вай зуда ялийнчу боле. Ялийначу несан-нускалан а, вешан хьешийн а ваьшха бIаьрг бузуьйтуш, дог лотуьйтуш, оьздачу гIиллакхехь вешан ловзар дIахьур ду вай. Жимачо воккханиг ларар, эхь-бехк лардарца кегийчу наха мехкарийн сий дар – иза коьртаниг ду. Кегийрхойн юкъаметтиган зIе лело а, рогIехь кегийрхой хелхабаха а и лаьтта жима стаг а ву шуна. Хаза вовшахкхетаре терра, мерза вовшах а къаьстар ду вай, шуна кIордадаллац са а къийрина. Реза дуй шу, кегийнах?

– Реза ду, – аьлла масех аз хезира.

Юха гуобаьккхина дIасахьаьжира тхьамда, ша ирахь лаьттачохь.

– Хаза вовшах-м кхетта вай, – элира цо, – амма Маташан Ваха тIеоьшу-кх вайна. Дика хелхарча тIамна турпалхо санна, оьшуш ву ловзарна.
Ваха валийра баханчара. Тачанки тIера воьссина, ма-воддара де дика деш, инарлина хьалха хIоьттира иза.

Инарлина юххехь меттиг билгалйира цунна. Ша цхьаннан а хоийла йохайой техьа, аьлла, эхь-бехк лаьцна дIаса а хьожуш, иза охьахаа воьлча, баккхийнаш дIакхайкхира цуьнга: – Оха пурба ца ло хьуна, Ваха, цкъа хелха а ца волуш охьахаа. БIаьргаш хIиттина тха-м хьо схьакхачаре хьежна...
Къанойн лаам а, кегийрхойн, хьешийн дехарш а кхочушдира Вахас.

Иза хелхавелира. ХIан-хIа, деккъа шен юкъарчу-могIарчу маьIнехь «хелхавелира» аларал сов хийла сурт-кеп яста езар яра Вахин башхачу хелхаран. Амма кхоччуш бIаьргана ма-гарра дIаала дешнаш-м тоьир дацара. Пондарчас аьзнашца дуьйцург, илланчас дешнашца дуьйцург цо хелхаран маттаца кхетадора – гатосуш йоI ялийтарца оьздангалла, шаьшшиъ хьалхахула тIехдуьйлучу нахаций, мехкаршций гойту вошалла, бохь богIарца къанойн ойу сий, тIаьххьара а, шаьшшинна хьегарца тIебогIабеллачу нехан бIаьргаша шаьшшиъ лацарна кхоьруш йоI шен метте кхочучохь сецча, байн бохь бугIуш олу баркалла...

Iаламо шена деллачу шатайпанчу похIманна тIе Вахас шен деган, дегIан, син цIеналла ерзорца хьурмат ца дича, ша деш долчу нохчийн хелхарехь сел инзарвоккхучу тIегIане кхачалур а варий техьа? Вацара. ХIаъ, цундела тухура ловзаран хьовсархоша «Сий ма да хьо кIентан!» олий маьхьарий. ГIулархой баккхийбера шайн юьртахочух, хьеший хьагI йоцуш хьоьгура царах а, цунах а.
Иза дара и, цо ша-шен хадийна ца Iаш, халкъо а мах хадор, сий дар.

Исмайлан Дудига хаьттина боху: «Наха лараре муха кхечира хьо? – Дудас жоп делла олуш ду: «Уггар хьалха доьзало лерира со, цара лерича лулахоша лерира, тIаккха куьпо а, юьрто а лерира» аьлла. Иштта кхузара, ша винчу ГIуларера дIа билгалбелира Дакашев Ваха 1937-чу шарахь, шен 20 шо дузуш, Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIе валийна некъ. Некъ хьовха, иза ша а велира корматаллин гуонна юкъахь билгал, Сахуьлу седа седарчашлахь санна. Кхузахь кхиа а кхиира, гIеметта а хIоьттира.

Дакашев Ваха гуттаренна а висира искусствона тешаме хилла. Даймохк ларбан дуй биъна тIемало герзах санна, цунах возуш вара иза. Цуьнан бакъо яцара цунна хервала. Иза хер а ца велира, ур-аттал «халкъан ден» жахьталлечу оьгIазлоно винчу Кавказах ваьккхича а.

1945-чу шарахь дуьйна Киргизски Пачхьалкхан филармонехь Кавказски ансамблехь солист-хелхарча а, балетмейстер а вара Дакашев Ваха.

Цул тIаьхьа 1947-1950-чуй шерашкахь Вахас «ЦIен Малхбале» цIе йолчу  колхозан Культуран цIа чохь вовшахтуьйхира хелхарийн, эшарийн тоба. ХIетахь колхозхошна юкъахь хелхарийн самодеятельность яржорна Киргизин культуран министерствос «1-чу даржан дипломаца» совгIат дира цунна.

ДагадогIу и ансамбль гастролашкахь лелаш тхаьш долчу Садовое юьрта кхачар. Юьртан клубан йоккхачу зала чу ца тарлуш адамаш гулделира нохчийн, кхарачойн, гIебартойн артисташ юкъахь болчу ансамблан концерте. ДегIах, сих дог диллинчу лазархочо могашаллех санна, шайн къаьмнийн культурах, искусствох дог диллинчу спецпереселенцаша мел боккха кхаъ хилла тIараш деттара Дакашев Ваха а, цуьнан исбаьхьаллин коллектив а сцени тIехь гучуяьлча!
Цундела къаьсттина мехала дара оцу халачу муьрехь харцонан гIело ловш долчу адамашна синхьаам бар, синхьашташ кхочушдар...

Ши меттиг йоцчохь массанхьа а нехан лаам кхочушбеш вара Дакашев Ваха.

– Сан дас олура, – боху цуьнан кIанта Зилас, – стунцахошний, ненахошний цкъа а бохь боьгIна вац со...

Дайн хаза гIиллакхаш дегIан аттонах, соьман санах дорах духкуш хиллехьара-м осалчу стеган барамехь висина хир вара иза, къонахаллин дарже а ца кхочуш. Иза кхечира.

Дакашев Вахин доьзалехь лерина Iалашдо цуьнца доьзна долу массо а хIума: тайп-тайпана газеташ, суьрташ, сийлаллин грамоташ, дипломаш, кехаташ – йоккха архив а, культуран исторически хазна а. Вахин доьзалан ненан – Марусин карара шен деден суьрташ... соьгий, ден вешига Зилигий схьакхийдош, жимахалла деш ву Хьусайнан жима кIант Мохьмад: «ХIа, хьажал, ваша, хIара а, хIара а...»

Зилас, хьажа а, листа а со ца ларорна кхоьруш, сецаво шен дедех дозалла дарца шовкъе вуьйлу Мохьмад: «Собарде...».

Сийлаллин грамотийн, дипломийн чулацам бовзийтаро газетехь алсамо меттиг дIалоцур яра. Цунна жимма бIаьрмецигалла ян езаш хуьлу журналист. Цундела искусствехь 23 шарахь Вахас бинчу некъана тоьшаллаш деш ерш цIершца ягарйо ас: ЦIечу Эскарний, ХIордан-ТIеман Флотаний тIехь верасалла лелоран СССР-н Союзан Халкъан Комиссарийн Советан Искусствийн гIуллакхашкахула йолчу Комитето 1943-чу шарахь елларг, оццу шарахь ЦIечу Эскаран исбаьхьаллин хьашташ башха кхочушдарна НГIАССР-н Лакхарчу Советан Президиумо елларг, Сийлахьчу Октябран 40 шо кхачар даздарехь 1957-чу шарахь РСФСР-н культуран министерствос елларг, Киргизехь делларг, Украинехь елларг...

Ткъа 1958-чу шарахь елла хIара грамота ма-ярра йийца а лаьа. «Нохч-ГIалгIайн АССР-н сийлахьчу артистан Сийлаллин грамота. Накъост Дакашев Ваха Маташевич, советски искусство кхиоран гIуллакхехь къаьсттина кхиамаш бахарна Нохч-ГIалгIайн Автономни Советски Социалистически Республикан Лакхарчу Советан Президиумо Хьуна туьллу Нохч-ГIалгIайн АССР-н сийлахьчу артистан еза цIе...».

Стаг велла вац, олу наха, дийна воллушехь нехан бIаьргашкахь, дегнашкахь велла вацахь. Иза ду цабезамца наха цунна пе а ца тохахь, кхелхинчул тIаьхьа а диканца иза дага а лацахь, шен сийца къонах ваха вуьсу, бохург. Делахь хIета, Ваха вехаш ву-кх иза дуккха а ваха лууш цIе тилличарна ма луъу ваха иза Iожалло ца витинехь а.

1937-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь Дакашев Вахас къоман искусствехь шена хьакъ йолу юьхь йолоран меттиг дIалецира. Дуккха а агIонийн похIма долуш хилар а гайтира. Оццу шарахь нохчийн, гIалгIайн эшаран, хелхаран Пачхьалкхан ансамбль вовшахтоьхча, оцу ансамблана юкъавахара иза. Балетмейстер а хилира цунах хан-зама яьлча. Балетмейстер волуш цо хIиттийра заманца догIуш долу керла хелхарш. Уьш хIитто а, кхочушдан а хаьара Вахина. Цу хелхарийн цIерш шаьш а яра хьовсархой цхьа шашах санна театре дIабоьхуш. Церан бIаьргашна хазахетаро, дегнашна там хиларо къобалдойтура и хелхарш: «ЖаIуьнийн хелхар», «Баккхийчу нехан хелхарш», «Дошлойн хелхар», «Дуккха а нах цхьаьна болуш ден нохчийн, гIалгIайн хелхар», «Колхозан хелхар», «ЙоьIан хелхар», «Эмгарийн хелхар», и. дI.кх.

Дакашев Ваха шен похIман зIийдиг, Ошаев Халид а, цуьнан дешархой а ГIуларехь хиллачу ловзаргахь уьш цецбохуш гучуяьлла йолу, къоман искусствехь кхуьуш, кхиош схьавеара. Цундела вара иза халкъана оьшуш, везаш. Вуьззина къоман стаг-артист, культураний, искусствоний са а, дегI а муьтIахь дина.

Дерзор. Дакашев Вахех дерг, шена гинарг Кадыров Махьмуда, сан доттагIчун дас, дуьйцуш, юха и дийцар Ошаев Халидана тIедоьрзуш, дехха Iийра тхо. Оцу шина а къонахчун хьокъехь дийцар а, яздар а вайн декхар ду. Цхьаъ-м хаза, оьзда хелхавалар хьахаделча, наха олу: «Дера, волу-кха Дакашев Ваха санна-м!». «Санна» бохург чIагIдан хала хир дара дешан дуьззинчу маь1нехь. Х1етте а олу-кха наха. Хьанна хаьа, цIе яккхарца Ваха дагаваийтархьама олуш хила а мега. Ткъа сайх дерг аьлча, шеко а йоцуш, хIинцца долуш санна, сан бIаьргашна хьалха хIуьтту ГIуларехь хилла ловзар а, Вахин шен куьцаца товш хилла оьзда хелхар а, ткъа иштта Ошаев Халид а, цуьнан дешархой а, уьш массо а хьошалгIа кхайкхина ШоIип а.

1917-чу шарахь вина вара Дакашев Ваха Хьалха-Мартан кIоштана чуйогIучу ГIуларехь. Иза кхелхира, къанвала кхиаза – 1960-чу шеран март бутт цIинбелча. Дала гечдойла цунна!


Кагерманов Докка.
Суьрта тIехь: Дакашев Ваха.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2