Гуьмсехь вина а, кхиъна а ву Хажиев Іилман. 2-чу группин заьІапхо ву иза. 1980–1982-чуй шерашкахь иза эскарехь гІуллакх деш волчу хенахь гучуделира цунна аблетирирующий эндортерит (цІий датар) олу цамгар. ХІетахь дуьйна больницехь когийн пІелгаш дохуш, ах ког боккхуш, ткъа 1987-чу шарахь гоьллец цхьа ког дІабаьккхира цуьнан. 1991-чу шарахь шолгІачу когах а велира иза. ХІетахь дуьйна гІелдала доьлла бІаьрса а, хазар а. Делахь а ша заьІап вара аьлла ца Іаш, шен доьзал кхаба гІерташ схьавогІу Іилман. Иза ву деа беран (цхьана кІентан, кхаа йоьІан) да. ХІетахь, операцеш йина ша меттахь Іуьллуш а волуш, карайирзира цунна дечигах суьрташ даран говзалла, ткъа суртдилларан корматалла ишколехь доьшуш волуш дуьйна а хаалуш яра Іилманехь. Дечигах цо до ширачу бІаьвнийн а,дийнатийн, ткъа иштта кхечу хІуманийн суьрташ. Цул сов, стол, гІант, маьнга бан говзалла карайирзина цунна. Цуьнан суьрташлахь къаьсттина тидам шайна тІебоьдуш ду бІаьвна тІехь даьккхина Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сурт а, бІаьвнна дехьий-сехьий нохчийн духарца кІанттий, йоІІий лаьтташ дерг а. Гуш дара, и болх кхочушбан лаккхара говзалла оьшуш хилар. Бакъду, кхуо Іалашо хІиттаяхь а, гайтамашкахь хІинццалц цкъа дакъалаца таро хилла яц Іилманан. Цуьнан бахьана ду, кхунна дІасаваха хала хилар. Шен говзаллех кхечаьрга алссам пайда эцийтархьама а, нехан белхех (суьртех) ша а беркат эцархьама а, тІейогІучу хенахь гайтамашкахь дакъалаца аьтто хиларе сатуьйсу Іилмана.


Р.МУСИПОВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2