«Шайх Мансур» – дахаран зилаш «ПаргIатдаккхаран тIеман гоьваьллачу цхьана баьччанах – цIеяхханчу имам Мансурах лаьцна дийца хьожур ву со. Ма хуьллу цIена дийца»... – аьлла долало Мусаев Iалавдин дийцар, ша арахецначу «Шайх Мансур» аьлла йолчу киншки тIехь. Коьртачех хаттар ду Iалавдис волалушшехь вайна довзийта леринарг: «Муха кхоллало импереш?». Юха, цунна жоп лоьху иштта: «Даккхийчу дитташа синтарийн мутта санна, кегийчу дуккха а тукхамийн дахаран муттанаш, кхолламаш дIа а худуш кхоллало-кх. Цу тIе оцу хьаштана юккъе озийна долу дерриг халкъаш данне а реза ца хуьлу, вуно боккхачу мехкан дегIах дIаэ. Уьш тIаккха, герз карахь цунна дуьхьал гIовттуш меттигаш а йогIу, нуьцкъала импереш, шаьш олалле лаца гIиртинчара бохург дан дезаш а хуьлуш».Шен Iалашонан ойланаш юьххьехь кхидIа а йосту яздечо, вайн само тIаьхьало йоллуш хиларе сатесна а хеташ: «Халкъаш паргIатдахаран къийсаман турпалхойн дуьненахь массо хенахь а мах хадор тайп-тайпана хилла. Уьш аьшнаш бина талорхой, гIаттамхой хилла бохуш, лакхарчара «акхарой» ю бохуш дестош дийцина цара лелийнарг. Уьш емалбина тIех сиха хилла бохуш (шайчара, шайн хьекъал тоьлла аьлла, хетарца болчара – Т.С.), собаре а хилла, дийцарш дарца шайн Iалашоне кхача лууш ца хилла бохуш». Цу тIехь, кхайкхийна йолчу Iалашонехь ма яздарра, гойтуш ду оцу стеган дахар а, цу заманахь цунна гуонаха хIоьттина хилла хьал а. Дуьйцуш ду цухенахьлера оьрсийн самодержавин шатайпана хилла йолчу политикех, цара  Кавказехь нехан мехкаш дIалуьйцуш дIахьош хилла йолу, цу тIеман куьйгаллин белхан методех а, кепех а. И ша дерриг гойтуш ду шуьйрачу, дIадаьллачу тIеххолчу хьесапан барамехь тидамца чулоруш церан хилла йолу тIеман идеологи, арахьарчу политикан цхьамогIа гIирсаш а. Иштта аьлча, яздеш верг лаам болуш ву-кх бакъдолу сурт хIотто, цу, чIогIа чолхечу хьолехь хIоьттина хилла долу сурт Къилбседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь. Иштта хоуьйту яздечо: « Кху киншкин автора шен декхар лору нохчийн Алда юьртахь вина а, кхиъна а, шен мохк паргIатбаккхарехьа болу къийсам кхуззахь дIаболийна а волчу – Ушурмин бакъдолчунна мелла а герга долу васт кхоллар. Оцу къийсамо дерриг дуьненна а вовзийтира иза Къилбаседа Кавказан халкъийн баьчча а, турпалхо а волу имам Мансур санна».

Селхана айхьа хIун дина хьуна ца хиъча, тахана хьайгахь долчун цIе а хьуна къаьсташ яцахь, кхане хьан хир а юй-те? Хьан дахар ма ду иза, ахь хьаьддий-веддий кхобуш долу. Тахана санна кхана а луур ма ду хьуна ваха. Вала ма ца лаьа цхьанна а. Тоьлларг, гIолехь мел дерг ма деза хьанна а. Амма мичара дер ду иза хьуна и дахар дихкина делахь, хьо тешна вацахь, кхана сахилча, Iуьйранна хьо ваха дагахь араваьлча, хьуна я дуьне ца карадахь, хьан хьажаюккъе лаьцна «Iалашо» а хилахь. Хьоьга хIумма а хоьттуш ма ца ваьлла хьо хIокху хене а. Хьуна хьо вехаш хеташ хьуна гушдерг, дIа ладоьгIча – гIан карош. ХIара киншка язйинчо хьо самавоккхур ву хьайн Iехаваларх, хьайна ву моьттург хьо вацарх. Кху киншки тIехь само йолчунна дуккха а пайдехь хабарш карор ду Нохчийчоьнан дIадаханчух, кхул хьалха хьан-хьанна а девзаш хилла доцу. Цара дикка новкъа воккхур ву хьайн халкъан маршонан дуьхьа тIеман баьчча хилла лаьттина стаг мелла а алсам вовзарехь. ТIаккха, шеко йоцуш, хьуо а вевзар ву-кх хьуна, кхечу, дикчу агIор. ХIокху Iалавдина вайга дан хIара дика къамелаш карийна оьрсийн исторически кехаташ тIехь, шаьш Iалашдеш долчу церан архивашкахь. Иштта, дуккха а хьостанашкара тIекхача а, деша а аьтто баьлла хаамаш хиларна.

Газета тIехь дукха дуьйцур дац ахь, тIаккха, и киншка ешар тодеш ас кхидIа а шун тидам сацор бара оцу киншкин гочдарна тIехь. Иза хIинца оьрсийн маттера вайн матте яьккхина хилар кхоаца тIеэцна. Цу тIехь къахьегна ву гочдархо Дадаев Сайд-Хьасан.

Вайн муха ду: иза нохчийн маттахь елахь, цхьа неха хеташ, дIа тIехьажа карх а ца долуш. Амма, хIоккхеран йоза деша чIогIа бIегIийла а ду, маттана говза а ду. Цхьа ша тайпа аттачу хоршехь яздина хIара йоза гочдархочо. Кху киншки тIехь дукха дешнийн кхетамаш бу оьрсийн маттара: социальни, тIеман, политикин, Iер-дахаран; адамийн гергарлонийн, юкъаметтигийн. Уьш, атта хьесап дарца, ойлаярна кхин ницкъ ца хуьлуш, паргIат васт-суьртийн болх дIахьо-кх ахь. Хьалха Европехь, ислам дин довзале, шозза луьйчуш хилла бах нах. Бер да ма динна – цкъа, иза керста динехь хичу таIош; шолгIа – керла доьзал кхуллуш. Цунна а дайна, нохчашлахь хаало шайн дахарехь цкъа я шозза вайн маттара хIума схьаоьций тIехьожуш. Ешар коьрта а дац церан. Хьалха тIехьожу иза, ша нохчи хилар юьхьтIе Iуьттуш хилча; юха, цхьаволчун шолгIа тIехьажар нисло нехан наха и нохчи къам дуьненахь долчарех тоьлла къам ду аьлча, иза а ма ву цу къома цIе лелош; дозаллах дIахьакхавалар ма ду са карзахе хуьлуьйтуш, – кхидIа, ша валлалц, даима а ша нохчи хилар цхьанна хьалха бехке лоруш. Массара лоьхуш долу бахьана, иза, нохчийн маттахь хIума еша гIортар тера ду – китайн маттара иероглифаш йовзарх. Бакъду, хIара киншка еша хьо волавелча   дицлой хуьлу хьо, айхьа йошург нохчийн матте гочйина хилар. Гочдархочо шортта къахьегний тосало хьуна масех могIа дIабешча, васт-сурт хIоттар хьайна  атта карийча. ХIинцца охьаюьуллу ас хIара боххушехь, хьо гена ваьлла патарш доьшуш, карара дIацахецалуш, караво хьуна.  Чулацам цецвоккхуш пайдехь нисбелча муххале а. Суна моттарехь, боккхачу тидамца хIара йоьшур ю историца гIуллакх долчара а, нохчийн маттаца гергарло дезачара а; нохчийн схьабовлар, церан Iер-дахар, къаьсттина вайн, оьрсийн юкъаметтигца бала кхочуш болчара а.

Ас вайн массеран цIарах баркалла эр дара Мусаев Iалавдина, хIоккхул керла хаамийн хьоста вайна довза аьтто бинчу а, вайн дукхавезаш волу вайн къомана юьхькIам болу, Шайх Мансурах бакъдерг схьакхачорна а. Цунна тIаьххье декъалван а лаьара гочдархо Дадаев Сайд-Хьасан, цо кху новкъахь баьккхинчу кхиамца. Кхин цхьа хьоста са дели нохчийн мотт кхиарехь. Юха а, дагадаийта лаьара суна, лаахь сан кхайкхам а бу-кх хIара, вай нохчийн мотт ца бийцарх, цу маттахь киншкаш ца язъярх, я язйинарш ца ешарх вай Далла хьалха къила-м гIур дац, амма Цу АллахIана хьалха а деза ду-кх Цо хьайга белла мотт ларамца тем беш лелабар, Цо хьайга делла токхе латта хама беш леладар, Цо хьайгахь латтош долу хьоста пайденна дерзадар, хьайна а, хьайн къомана а, хьо волчу умматана а. Тахана хьайнаг дезаш хьо вацахь, кхана нехачуьнан а лерам бийр бац ахь. Безам боцчохь, лерам боцчохь АллахI а вац, нагахь санна хьо и дешнаш дош хеташ вацахь. Дешначу наха дуьйцу, Дала аьлла бохуш: - Хьо, сан лай, эхь-бехк хеташ вацахь, ахь хьайна луъург лелон мегар ду хьуна.

ТIОРИКХИН САЛАХЬ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2