ГІулара – хаза цІе ю  Дийцарехь, ГІулара йиллина 1808-чу шарахь. Соьлжа-ГІалина ткъех километр генахь ю иза. Таханлерчу дийнахь кхузахь Іаш 5367 вахархо ву.
Дуккха а хьалха кху юьртахь цхьа гІу хилла, цунна тІебогІуш некъ а хилла. Цу новкъахула, гІу тІе а оьхуш, наха хи кхоьхьуш хиларна, аьлла юьртах – ГІу-лар, юха, эххар а, – ГІулари. Шира гІу хІинца а йолуш ю – цуьнга боккха ларам бу гІуларойн. Кху юьртара схьабевлла нах вайн махкахь шуьйрра бевзаш бу. Царна юккъехь ву, масала, нохчийн гІараваьлла поэт Яричев Іумар. Юьртана дозалла хилла ца Іаш, ерриг а Нохчийчоьнна а дозалла ду иштта похІма долуш стаг вайн хилар. ГІуларера ву Сийлахь-боккхачу Даймехкан тІеман ветеранийн Нохчийчуьрчу декъан председатель волу Устарханов Ахьмад. Дуккха а нехан гІуллакх дина а,церан хьашташна мичча хенахь аравала а кийча хилла ву и лараме стаг.

Ханна жима велахь а – цуьнан 24 шо бен дац – балхаца дика ларош ву кху юьртарчу юккъерчу ишколан директор Дубаев ИсмаьІал. Берийн дешар дика хилийтархьама шен ницкъ кхочург дерриг а деш схьавогІуш ву иза.

Иштта, юьртан хьашташна араваьлла, ша ца кхоош къахьоьгуш ву юьртда Бисултанов Хьусейн. Юьртахь дан дезачу массо а гІуллакхан бала кхочу цуьнан. Дуккха а нахана гІо дина а, деш а ву иза.

Керла дина доккха маьждиг а ду ГІуларехь. Далла гІуллакх деш, нахана хьехамаш беш, оьшучунна гІо деш ву юьртан имам Устарханов Мохьмад.
Нохчийн ширачу яртех цхьаъ ю ГІулари. Шен цІе хаза хилла ца Іаш, ша юрт а, ткъа къаьсттина кхузахь беха нах а бу хаза.

АСАЕВА Макка.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна